Черси. Пьеса на чеченском языке

                Вахит Хаджимурадов
                ЧЕРСИ            
                III декъахь, 18 суьртах лаьтташ драма.
      
                1ашхой-Мартана к1оштан турпалхошна лерина!
                Сайца ишколехь цхьана дешначу Гатаев Черсин сий деш!
 

Дакъалоцурш:

1 – Мажа – Черсин нана.
2 - Черси – полицин подполковник.
3 - Тумиша – Черсин х1усамнана (цхьа актриса – ши Тумиша).
4 - Бесира – лулахо.
5 - Г1айрбек – доттаг1.
6 - Адам – доттаг1.
7 – Гаджиев Гейдар – полковник.
8 - Салти (Витя).
9 – Блокпостах т1ех ца бовлийтанчу нехан (АЬЗНАШ).
10 - Блокпостехь четара чуьра (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
11 - Лулахо Халид (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
12 - Лейтенант Иванов (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
13 - Телефона чуьра (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
14 - Байташ йоьшуш верг (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
15 - Байташ йоьшуш йерг (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
16 – Телефонистка (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).
17 – Ишколан директор (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).

                I дакъа. 1 сурт.

БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).

Маржа йа1, х1ай дуьне! Кавказан лаьмнаш!
Шун кийрахь шаьш кхиъна и нохчийн к1ентий
Шайн мехкан сий лардеш б1ешершкахь лаьтти,
Турпалан йахь йолу, и майра дегнаш!

Турпалхойн къелла вайн ца хилла цкъа а,
Ханпашас…  мартанхойн 1алавдес Францехь
Лардина нохчийн сий,   шек вац-кха цхьа а!
Болатан нохчийн к1ант – вустура ву хьаьнца!

(СПЕКТАКЛЬ ЧЕКХЙАЛЛАЛЦА ЭКРАНА Т1ЕХЬ ЦХЬАНА СОНЕХЬ ХИЙЦАЛО, КАЛЕНДАРАН АГ1ОНАШ САННА, ШЕРИЙН ТЕРАХЬАШ!)

(ЭКРАН 1973 ШО).
 
ЧЕРСИ 1АШ ВОЛУ КЕРТ. ЧЕРСИН НАНА МАЖА КЕВНА УЛЛОХЬ ЛАЬТТАШ ЙУ, ШЕН К1АНТ ЧЕРСИ ИШКОЛЕРА Ц1АВАРЕ ХЬОЬЖУШ.

МАЖА. (ША-ШЕГА) Тахана ма хьенвелла сан Черси. Оцу шен «путболах» ловзуш хир ву, ша и мох санна уьдуш, цхьанге а саца а ца луш! Маца воккха хир ву техьа сан Черси? Чуйахан йеза, кестта ц1авог1учуьра ваьлла и.
БЕСИРА. (ГУЧУЙОЛУ ШАЙН УЬЙТ1АХЬ. ШЕН ЛУЛАХО МАЖА ГО). Мажа, хьо и ков лардина маца йера йу техьа? (ЙЕЛАКЪЕЖА) Йуха а хьайн Черсига хьоьжуш лаьтташ хир йу-кх хьо? 
МАЖА. Деллахьа итт класс чекхйаьккхина волуш ву сан Черси. Дешна ваьлча аьрми г1ура ву, т1аккха милицин ишколе г1ура ву ша боху… Ненан шен к1анте хьежар деха ду-кх!
БЕСИРА. Ненан к1анте хьежар, ша и дахар санна деха ма ду, ва Мажа! Х1ума а дац, кестта ишкола чекхйаьккхина, аьрме а вахана, ц1авеъча, хьайн Черсина зуда а йалийна, кертахь хьийзаш нускал а долуш, хьо йаха хиъчи, иштта хетар дац хьуна. (ЙЕЛАЛО)
МАЖА. Д1айалахь, и ма генара туьйра ду, ахьа дуьйцург! Сан Черси х1инца а жима ма ву!
БЕСИРА. Дагадог1ий хьуна: вайшиннан жималла, хаза б1аьсте!  Э-э, вайшинна жималла а, сан доттаг1, мел сиха йедда-йедда къевла йели… Иштта дахар ду-кх х1ара. Д1аса хьаьжжа а йалале арахь 1973 (эзара исс б1е кхуззат1къай кхоалг1а) шо ду. Вайн берийн дахар а д1аг1ура ду: вай къанлуш, уьш баккхийра хуьлуш!

ГЕНАРА СХЬАХЕЗА ИШКОЛЕРА Ц1АДОГ1УЧУ БЕРИЙН ЗЕВНЕ АЬЗНАШ. ГУЧУВОЛУ ЧЕРСИ, ЦУЬНАН НАКЪОСТИЙ АДАМ А, Г1АЙРБЕК А. 1973 ШАРАХЬ ДЕШАРХОША ЛЕЛИЙНАЧЕХ Т1ОЬРМИГАШ А КАРАХЬ.

Г1АЙРБЕК. Черси, хьо футболах ловзуш ч1ог1а ка йолуш ву. Хьох дика спортсмен хир вара, «Терек» команде д1авала везара хьо. Суна хезна, «Терек» команде буьрканах ловза пох1ма долу бераш д1аоьцу бохуш.
АДАМ. Вуьш долу ловзарш дита дезар ду, хьох футболист хилахь! (ВЕЛАЛО)
ЧЕРСИ. К1ентий, футболист хила т1аьхьа ду суна. 6-7 шо кхаьчна бераш бен д1а ца оьцу оцу берийн команде. 
Г1АЙРБЕК. Вайн кегийра нах ца боьлху-кх футболах ловза а, хоккейх ловза а. Ирча-м хира бацара нохчийн Пеле… Харламов!
АДАМ. Шуна хезний, вайн СССР команда Канадера хоккеисташца ловзура йу бохуш?
ЧЕРСИ. Канада дуьненан а лидер ма йу хоккейх ловзарца! Вайн командин дика тасайала йезар йу цигахь!
АДАМ. Тасабала х1унда безара бу уьш?
ЧЕРСИ. Дера и хьерабевла Канадера хоккеисташ шаберш а марош кегдиний, цергаш кегйиний ма бу. Уьш ловзачулла а дукха вовшаха лета!
Г1АЙРБЕК. Вайнаш а бу летира болуш, цкъа белха буьйлабелча!
ЧЕРСИ. (ШЕГА ХЬОЬЖУШ НАНА А ГОЙ) Кхана гура ду вай, Адам, Г1айрбек!
Г1АЙРБЕК. Маьрша 1ойла! (МАЖА ЙОЛЧУ АГ1ОРА) Де дика хуьлда хьан, деца! Могушалла муха йу хьан?
АДАМ. (БЕСИРИГАХЬА ВОЬРЗУШ) деца, де дика хуьлда шун! (МАЖИГА) деца, могуш 1аш дуй шу?
БЕСИРА. Далла дезийла!
МАЖА. Дукха даха шу а! Далла бу хастам, дика 1аш ду тхо а! Схьачудуьйла чу! 
Г1АЙРБЕК. Дика мел дерш дог1ийла!
АДАМ. Дика мел дерш! Шун пурбанца д1адоьлху тхо!
МАЖА. Г1о т1аккха, шаьш чу ца даг1ахь!
ЧЕРСИ. (БЕСИРИГА) деца, де дика хуьлда хьан!
БЕСИРА. Дукха ваха, Черси, хьо а!
ЧЕРСИ. Нана, де дика дойла хьан а! Хьо соьга хьоьжуш йара! Къинт1ера йала суна! Оцу футболах ловзуш вицвеллера со, хьо соьга хьоьжуш хира йуй! (МАРАЭККХА Г1УРТУ)
МАЖА. Д1авала, Черси, нахана гича а эхь ма ду! Некъа йуккъе а х1иттина вайшиъ маралелхаш латтар, хаза ма дац! (ШЕНА ХАЗАХЕТАР КЪЕВЛАДАККХА НИЦКЪ ЦА КХОЧУШ, ЙОЬЛУ).
ЧЕРСИ. Х1унда ду эхь? К1антана шен нана дукхайезаш хилар, эхь ду ткъа! 
БЕСИРА. Делахь, Мажа, мел дика к1ант ву хьан Черси! Дала дукха вахавойла хьан и!
ЧЕРСИ. (БЕСИРИНА) деца, и Веза Дела реза хуьлда хьуна! Суна-м сайн нана санна хьо а дукхайеза! Со жима волуш дуьйна, нана санна дика хилла хьо соьца! Дагадог1ий хьуна, ахьа суна даима йовхачу сискалца луш хилла т1оберам… сийна хохаш! У-у! Мел мерза хуьлура уьш!
БЕСИРА. Э-э! Ишколехь мацйеллачух тера ду, борз! Тахана хьан нанас кхочийтура вац хьо соьга! Кет1ахь хьо ларвеш и лаьтта дукха хан йу! Цо мерза йуург кечйина хира йу хьуна.
МАЖА. Схьайола чу, цхьана 1ийра ду вай, Бесира!
БЕСИРА. Дика мел дерш дог1ийла! Жимма уьйт1ахь куьйг тухуш йара со.
МАЖА. (ЙЕЛАЛУШ, К1ЕНТАНА БЕЛШАХ КУЬЙГ ТУХУШ). Вало, к1ант, чоьхьа вала. Эхь ца хета хьуна некъа йуккъе а х1оьттина лулахошка «саг1адоьхуш» латта? Аса мел мерза йуъург кечйина хьайна хаъахьара, ведда чуг1ура вара хьо.
ЧЕРСИ. Ч1епалгаш!
МАЖА. Х1аъ!
ЧЕРСИ. (ЦКЪА НАНА МАРАЙОЛЛА Т1Е А ВОДИЙ, ЙУХА ЧУ ВОДУ). Нана! Хьо санна дика, хаза нана х1окху дуьненачохь йац-кх!
ЛУЛАХО ХАЛИД. (АЗ) Мажа, ва Мажа!
МАЖА. (АЗ ДОЛЧУ АГ1ОРА ЙОЛАЛО). Х1ов-вай! Ваша, х1ун боху ахьа? Схьа, чу ца вог1у хьо? Х1ума а кхаьллина г1ура ву хьо!
ЛУЛАХО ХАЛИД (АЗ). Мажа, дика мел дерш дог1ийла! Сиха дохку тхо… дог1а кхоссале бохуш, йалта хьул дан г1ерташ. И шун к1ант чохь вуй?
ЧЕРСИ. (ХАЛИДАН АЗ ХЕЗИЙ СОЦУ)
МАЖА. Ву дера, Черси х1инцца чу кхочуш ву ишколера.
ЛУЛАХО ХАЛИД. (АЗ)  Сиха схьаваийтахьа и… г1о оьшуш г1улкх ду кхузахь. Ваийта таро йуй и?
МАЖА. Йу дера! Х1инца д1авог1у хьуна и!
ЧЕРСИ. (ШЕН КАРАХЬ БОЛЛУ ИШКОЛАН Т1ОЬРМИГ, НЕНЕ Д1А А ЛУШ, Д1АХЬОДУ). Нана, вашина г1о ца дича йиш йац! Со х1инцца схьавог1у хьуна! (Д1АХЬОДУ).
МАЖА. (СЦЕНИ ЙУККЪЕХЬ ЛАТТА ЙУЬСУ) Хьайна сел дукха дезаш долу, ч1епалгаш даъа а ца кхиъи хьо… сан к1ант. Х1умма а дац, лулахошна накъосталла дан деза цкъа хьалха… ч1епалгаш-м аса довха латтора дара сайн к1антана.

БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз)..

Жималла, жималла, х1ай къуона зама,
Мел хаза, мел оьзда йу нохчийн  амал
Ша хин волу и к1анат жима волуш вевза,
Ша хин йолу и йо1 ма жималлехь йевза.

Де, буьйса ца лоруш, к1ант хуьлу кийча
Ша накъост ва хила, де эшча хийла!
Нохчийчохь, Мартанат1ехь, йахь йолу к1ентий,
Шу кхиъа сий долуш эзаршкахь хенахь!

                2-г1а сурт
(ЭКРАН 1973 ШО) 

ЭКРАНА Т1ЕХЬ ИШКОЛАН ХЬАЛХАРА СУРТ.
ИШКОЛАН ХЬАЛХАХЬ ДЕШАРХОЧУН Т1ОЬРМИГ КАРАХЬ А БОЛУШ ЛАЬТТАШ ЙУ ТУМИША, 8-Г1А КЛАССЕРА ДЕШАРХО.

ТУМИША. Х1унда боху наха, к1ант шена везийла хаийта мегар дац йо1ана! Х1унда ца мега к1анте кехатан цуьрг йайзйан! Х1умма а дац, ма магийтахь! Со-м нохчийн г1иллакх дохора долуш йо1 йац. Суна-м оьшуш дац йа к1анте и везийла хаийта а, йа цуьнга кехаташ йаздан а. Суна-м хезина баккхийрачу зударша дуьйцуш: цхьа жимма х1илла хилча тоьура ду, цхьа а кехат ца йаздича а, оцу к1ента корта хьовзабан. (ША-ШЕНА КЪЕЖА). Аса сайца цхьана парти т1ехь 1аш йолчу йо1е Маликига х1окху к1иранах х1ора дийнахь, цхьа башхалла доцуш санна къедийра: «Оцу уьтталг1ачу классера Черси бохуш волчу к1анте ала дезаш цхьа-ши дош ма дара сан», - олуш. Хьалхарчу дийнахь Маликас шена бен д1а ца хета кеп х1оттийра. Шолг1ачу дийнахь хаьттира: «Х1ун ши дош?». Ткъа пхоьалг1ачу а, йалхалг1ачу дийнахь а, оцу Черсина лерга т1е батт а йиллина, цуьнга аса аьлларг дуьйцуш лийлира. Ткъа тахана… шу кхетта хир ду-кх, Черси сайна т1е валлалца хьоьжуш лаьтташ йу-кх со. (ЕЛАКЪЕЖА, БЕТА Т1Е КУЬЙГ А ДУЬЛЛУШ, ЭХЬ ХЕТАР ГОЙТУШ). Делахьа, хьоьжуш-м йара со… Веъна и к1ант схьакхаьчча со йоьхна хилар д1а ма гахьара цунна… Эх1! Вог1уш ву хьуна… Со йада йеза! Т1аьхьа ду… Улло йаьккхина Малика а йу… Х1умма а дац… И уллохь хилча, суна атта хир ду.
Эх1! Малика д1айахара, со ма гиннехьа… Эхь хетта хира ду цунна… (БУКЪБЕРЗАБО).
ЧЕРСИ. (САМУКЪАНЕ ОЛУ ТУМИШИГА) Хьо йо1 йу боху соьга цхьаъ ала луъуш… Бакъ дуй и…
ТУМИША. (СХЬАЙОЬРЗУ. ЭХЬ ХЕТАШ, Б1АЬРГАШ ОХЬАДОХИЙТУШ) Де дика хуьлда хьан!
ЧЕРСИ. (ТУМИША ГИЧА САМУКЪАДАЛАР ХИЙЦАЛО. ЙО1 ХАЗАХЕТАР ГУШ ДУ) Далла йезийла…
ТУМИША. Малика… нийса кхетта хир йац хьуна… Аса иштта ца аьллера и…
ЧЕРСИ. Тумиша… Тумиша йуй хьан ц1е? Ц1е-м хазаниг ма йу хьан! Хьо суна ишколехь хьалха а ма гина. Барх1алг1а классера йуй хьо?
ТУМИША. Йу, со барх1алг1а классехь доьшуш йу. Хьо-м кестта итталг1а класс чекхйоккхуш ву, х1окху б1аьста. Ирс долуш стаг ву хьо.
ЧЕРСИ. Ирс долуш х1унда ву со?
ТУМИША. Ишкола чекхъйаьккхина хьо д1аг1ура ву… Со ишколехь йуьсура йу…
ЧЕРСИ. (Х1ИНЦА Т1АЬХЬАКХУЬУШ ВУ) Хьо х1инца а жима ма йу! Кхин шина шарахь деша ма деза хьан ишколехь!
ТУМИША. Со-м йац жима… Ши шо к1антана а, йо1ана йуккъехь дукха дац олуш хезина суна тхан нанас… К1ант мелла а воккха хилан веза…
ЧЕРСИ. Т1аккха делахь со-м хьо йоккха хиллалца хьоьжура ву! Тумиша, мегар дуй хьоьга хьежа?
ТУМИША. Ши шо-м сиха д1адера ду… (ЭХЬ ХЕТИЙ) Со-м сиха йоккхахила хьожур йу… Со-м дика доьшуш йу…
ЧЕРСИ. Со ишкола чекхъйаьккхина ваьлча аьрме ваха дагахь ву. Аьрмера ц1а веъча, кхин шина шарахь милицин ишколе г1ура ву. Оцу хенахь хьо дешна а йер йу… Хьоьжура йуй хьо соьга?
ТУМИША. (ХАЗАХЕТАР КЪЕВЛАДАККХА Г1ЕРТАШ) Хьоьжура… Хьоьжура йу со… йу…
ЧЕРСИ. Дош лой ахьа, «Хьоьжура йу» - аьлла?
ТУМИША. (ЭХЬ ХЕТИЙ БУКЪБЕРЗАБО)
ЧЕРСИ. Дош лой ахьа Тумиша…?
ТУМИША. Ло… Аса дош ло… Хьоьжура йу, аьлла… Черси.
ЧЕРСИ. Ткъа, со аьрме вахача, кехаташ йаздийра дуй ахьа?
ТУМИША. Йаздийра ду.
ЧЕРСИ. Х1ора дийнахь йаздийра дуй ахьа?
ТУМИША. Х1ора дийнахь-м йаздийра дац!
ЧЕРСИ. Х1унда?
ТУМИША. Хьо кура вер ву, х1ора дийнахь хьайга кехаташ йаздича. (ЙЕЛАКЪЕЖА).
ЧЕРСИ. Вера вац со кура. Со иштта а ма ву, хьо а йевзина кура. Йало, аса ц1а д1акхетийра йу хьо. Шен хеннахь ц1а ца йаг1ахь, хьан нанас дов дийра ду хьуна! (ВЕЛАКЪЕЖА).
ТУМИША. Дов цхьажимма бен дийра дац суна нанас. Сан нана мел дика йу хаъий хьуна!
ЧЕРСИ. Вайн наной шаберш а бу дика! Цаьрга кхочуш х1ума дац х1окху доккхачу дуьненахь!
ТУМИША. И бакъ ду!
ЧЕРСИ. Йало, йало! Хьо дика доьшуш йу бохуш йацара хьо? Урокаш 1амон йеза. Дика дешалахь, мегаш дуй?
ТУМИША. Таханлерачул т1аьхьа кхин «пхеъанал» лахара доккхура-м дац! Аса дош ло хьуна!
(Д1АДОЛАЛО ШИЙ А)
ЧЕРСИ. Кхана а ишколехь гур ду вайшиъ, мегаш дуй?
ТУМИША. Со-м ахьа иштта эра дац моьттуш йара…
ЧЕРСИ. Эра ду дера. Х1инца со суо а 1енлура вац, хьо ца гича. Х1ора дийнахь…

                3-г1а сурт
(ЭКРАН 1980 ШО) 

(ЭКРАНА Т1ЕХЬ СУРТ) Г1АНТ. УЛЛОХЬ ЧОХЬ ТЕЛЕФОН ЙОЛУ ЖИМА ЧОЬ, КАБИНА. УЛЛОХЬ ТЕЛЕФОНИСТИЙН ЧОЬННА ЖИМА КОР.

ЧЕРСИ. (Г1АНТА Т1ЕХЬ ХИЪНА 1АШ ВУ. ЛЕЙТЕНАНТАН ПОГОНАШ, МИЛЦОЧУН ДУХАР) Делахьа ма йахъелла х1ара хан. (Т1ЕВОЬДУ КОРАНА) Хьажахьа йо1, Соьлжа-г1ала, 1ашхой-Марта заказ йара сан телефонан къамел хилан дезаш.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (ЙОЬ1АН АЗ.) Лераме жима стаг, хьо и хаттар а дохьуш суна т1е веъна нийсса 2 минот ах минот йаьлла-кх.
ЧЕРСИ. Хьоме йо1, хьо ца хьежначух тера ду эзар километр генахь хьоьга хьоьжуш 3 шо даьккхинчу хьайн уггара мерзачу ненан озе!
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Со хьох дика кхета! Ненан озе кхочуш аз дац х1окху доккхачу дуьнена чохь, накъост лейтенант.
ЧЕРСИ. Хьо кхеташ йелахь, кхин цкъа а д1атохахь тхан нене. Со хьоьжуш ву ала цуьнга, со цуьнан хьоме аз хазаре хьоьжуш ву ала!
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Сан жимма хан мукъа йу, ас йацйийра йу хьан хьежаран хан.
ЧЕРСИ. Муха йацйан йоллу хьо и хан.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Кавказехь олуш хезна суна: «Воккхачу стеган некъ аьттачу баккха лаахь, 1аса йа г1аж ло цуьнга, некъ бацбан лаахь, хабарца 1ехаве и».
ЧЕРСИ. Со воккха стаг ву бохург-м хир дац хьан и. (ВЕЛАЛО)
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Хьо Кавказан стаг ма ву, хьо дика кхета сох. Цхьа хаттар дан мегий хьоьга… ц1е муха йу хьан?
ЧЕРСИ. Черси йу сан ц1е. Хьайниг, дика йо1, муха йу ц1е?
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Сан ц1е Лариса йу, немцойн маттахь – Лорхен.
ЧЕРСИ. Немцойн маттахь х1унда элира ахьа и?
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Со немцо йу. Йина Караганда г1алахь, ц1ера арадаьханчу хенахь.
ЧЕРСИ. Х1а-а, кхийтира со. Шу советски немцой ду. Ткъа Рязанехь муха нисйелла хьо, Лорхен?
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Шун Нохч-Г1алг1айн Республика йухаметта х1оттийна, ткъа тхан немцойн республика Саратован областахь метта ца х1оттийна. Саратовехь 1ер ца нисделча, Рязане схьакхелхина.
ЧЕРСИ. Нохчий ц1ера арабаьхначу хенахь, немцойн къам бухахь хилла. Дукха г1о дина, дукха диканиг дина немцоша, казахаша нохчашна. Хезина суна, шун республика метта ца х1оттийна бохуш. Нийсо йац и. Немцойн къомо доккха г1о а деш ма йина Петр-Первыйс Россех импери а.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Черси, ткъа т1ехьийза йо1 йуй хьан ц1ахь?
ЧЕРСИ. (ВЕЛАЛО) Ой, йу дера! Х1окху дуьненахь уггаре хазаниг! Х1инца тхайн нене а тоьхна телефон тохан йезаш ву со Тумишига.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Муха… мишига?
ЧЕРСИ. Лорхен, хьан лергана дика ца къаьста моьтту суна и ц1е. Ту-миша!
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Хаза ц1е йу и-м, Ту-миша.
ЧЕРСИ. Хаза ц1е йац! Уггаре а хаза ц1е йу х1окху дуьненахь! Лорхен, аса Тумиша йалийча, хьоьга телефон а тоьхна, ловзарга кхойкхура йу хьо. Реза йуй хьо хьошалг1а йа?
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Реза йу со-м. (ТЕЛЕФОНАН ЗАР-ЗАР БЕКА) Черси, собарделахь! (ТЕЛЕФОНА ЧУХУЛА КЪАМЕЛ ДО) Ладуг1уш йу! Рязань!.. Соьлжа-г1ала! 1ашхой-Марта! Вовшаха тосу аса Соьлжа-г1ала - Рязань! Черси! Хьалхарчу кабине чу вала! Хьан 1ашхой-Марта йу з1енехь! Хьан хьоме нана!
ЧЕРСИ. (СИХА ЧУЭККХА КАБИНИНА) Нана! Нана! Хьуна хезий со! Со ву! Черси ву!
МАЖА. (АЗ.). Черси! Сан к1ант! Со хезий хьуна?
ЧЕРСИ. Нана, дика хеза. Хьан аз эзарнаш аьзнаш йуккъехь уггаре а хьомениг, хазниг! Маьрша йа хьо, Нана!
МАЖА. (АЗ.) Черси, муха 1аш ву хьо? Маца волу дешна? Ц1а маца вог1у хьо? Маца гур ду вай?
ЧЕРСИ. Кестта гур ду вай, Нана! Кхаъ баккха тоьхнера аса телефон: со дешна ваьлла! Хьан к1ант милицин лейтенант, эпсар ву! Практике Красноярске хьажош ву со. Цига д1авахале, ц1авог1уш ву со х1окху деношкахь. Вай кестта гур ду, Нана!
МАЖА. (АЗ.) Хаза кхаъ бу и! Дела реза хуьлда хьуна и кхаъ баккхарна! Со хьоьжуш хир йу.
ЧЕРСИ. Нана, муха со хьоьжуш хир йу? Тумишех х1ума ца олу ахьа?
МАЖА. (АЗ.) Ц1а веъча дуьйцур ду вай… Тумиша маре д1алуш йу… Вай хьуна Тумишел хазаниг йалор йу…
ЧЕРСИ. Со кхетта… Нана… Цхьа жимма хьайн аз хазийтахьа.
МАЖА. (АЗ.) Хаза хан йу вайн Мартант1ехь, б1аьсте… бошмаш… ц1авола сихха, сан сагаттало, хьо ганза дукха хан йаьлла.
ЧЕРСИ. Дика ду, Нана. Кестта гур ду вай, Дала мукъалахь! (ТЕЛЕФОН ОХЬАЙУЬЛЛУ. СОЦУНГ1А А ХУЬЛИЙ ЛАЬТТА ЦХЬАНА ХАННА).
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Черси… Черси… Тумишига тоха ца оьшу?
ЧЕРСИ. Ца оьшу, Лорхен… ца оьшу.
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Черси, шадериг дика дуй?
ЧЕРСИ. (Велакъежа) Х1унда дац дика? Дера ду!
ТЕЛЕФОНИСТКА. (АЗ.) Шадериг дика хир ду, Дала мукъалахь!
ЧЕРСИ. Аса хьошалг1а кхайкхар диц ма делахь, Лорхен! Дала аьтто бойла хьан, немцойн йо1! Дика йо1 кхиийна хьо кхиийначу нанас! (КУЬЙГ А ЛАСТАДОЙ, Д1АВОЬДУ).

БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).

Ма хьежа можа малх, х1ара б1аьсте хьоьстуш,          
Х1инцалца суна а ахьа йовхо луора
Ша санна шийла дог 1ийжадо… цоьстуш                (ша – лед)
Ницкъ суна лохьа малх, ца йожа гуора…               

Ас хийла сатийсина б1аьсте йу 1аьржа,
И йочана, и бода ша мара къуьйлуш.
Дуьне ша 1ададеш гуонаха йаьржи,
Хин чана, чухьаьди сан безам муьйлуш.
 
                4-г1а   сурт

(ЭКРАН 1980 ШО).

ЭКРАНА Т1ЕХЬ ВИДЕО: ОХЬАДОГ1У МАРТАНА ХИ.

ТУМИША. (ЧЕРСИ СХЬАВАРЕ ХЬОЬЖУШ ЛАЬТТАШ ЙУ. МАЛХЕ ХЬОЖУ) Б1аьсте, ма шийла йеъи-кх хьо ца моьттуш. Сан безам тахана д1абовра бу техьа, г1ийла чиркх хилла. Черси-м ц1а веъна ма боху. Маржа йа1 цхьа ах шо хьалха… Ма хийла ойла йинера ас… со теша… цо а йинера… Аса хьоьжура йу аьлла хан: мел дукха д1айели… тахана… кхана бохуш. Цу Везачу Дала кхоьллина ду ма боху рицкъанаш, ткъа цуьнца къовса вац дуьненахь цхьа а. Черси-м эпсар хилла ц1авеъна боху, хаза товра йу цуьнгахь дашо эпсаран погонаш. Ца моьттург хуьлуш дуьне хиллера х1ара… Дас делла дош ца дохош, сайн дахар д1адала кийча йу со… Да цхьаъ бен ма вац… Дахар а дац цхьаъ бен… Безам а…
ЧЕРСИ. (МИЛИЦИН ДУХАР А Т1ЕХЬ ГУЧУВОЛУ. ТУМИША А ГОЙ СОЦУ. Д1АВАХА Г1УРТУ).
ТУМИША. Маьрша вог1ийла хьо, Черси! Черси, хьо ц1а веъна? Дешна вели хьо? Дашо эпсаран погонаш ма хаза хета хьоьгахь!
ЧЕРСИ. Дела маршалла хуьлда хьуна а! Со ц1а веъна… Хьо муха 1аш йу…Тумиша… Ц1ераниш а могуш буй?
ТУМИША. Делан къинхетамца 1аш ду тхо а.
ЧЕРСИ. Х1окху погонех самукъа ца долу сан х1инца. Х1ара погонаш лаха а вахана, сов дукха хан д1айели. Вай хийра девли… Хьо маре йоьдуш йу, аьлла «кхаъ» суна Рязанехь волушехь т1аьхьа ма кхечи!
ТУМИША. Вайн рицкъанаш Везчу Дала, вай дуьненчу а дахале, кхуллу бохуш хезна суна. Цуьнан теш хила кийча йу со тахана.
ЧЕРСИ. Вайшиъ гура дуй техьа цхьаннена… хьан сирлачу ц1ерна т1е марха хьодура йуй техьа! Сан бакъо йац хьоьца латта… нехан нус ларалуш ма йу хьо…
ТУМИША. Нийса ду… вайшинна мел болу лазам шеца бохьуш дош делахь а… со тхайн дас деллачу дашна теш хуьлуш… нехан нус хилан дош делла йу. Амма со тахана хьуна дуьхьала йеъна сайн нахана а хууш… церан пурбанца.
ЧЕРСИ. Оцу дешнаша хададо шадерг а! Хьан сийдолчу ден дош соьга а дохалур дац! 1одика йойла…
ТУМИША. Собардехьа… Черси. Цхьажимма б1аьрг 1абабайтахьа хьайх. Масана лаьттинера вайшиъ иштта… масана г1енах а лаьттинера со хьоьца иштта. Тахана сан самайала кхоьллина де ма ду х1ара, х1ара б1аьстенан хаза де! Дагадог1ий хьуна аса барх1алг1ачу классехь йолуш, сайца парти т1ехь 1аш йолу йо1 Малика 1еха а йина, хьо схьавалавайтина?
ЧЕРСИ. Ахьа элира кехаташ йаздийр ду аьрме т1аьхьа… Со кура ца валийта, х1ора дийнахь йаздийра дац бохура ахьа кехаташ. Х1ора дийнахь ца йаздахь а, кест кеста-м йаздора ахьа уьш.
ТУМИША. Кест-кеста ца йаздора… х1ора дийнахь йаздора… Шадерш а д1а ца тосура аса…
ЧЕРСИ. Со кура ца валийта!
ТУМИША. Хьо кура ца валийта…
ЧЕРСИ. Ахьа со аьрмехь волуш суна даийтина сурт х1инца а соьгахь ду… хьоьга духадерзийча х1ун дара техьа? Нахана хьалха нийса хир дуй техьа?
ТУМИША. Нахана хьалха вайшинна цхьа а сий хьадеш цхьа а х1ума дац… И цхьа къайле мукъна йисийтахьа вайшинна. Сан сурт, аса хьуна, айса нахана дош далале хьалха делла ма ду. Баьгна д1абаьллачу безамах бисина ц1еран суй хилийтахьа оцу суьртах.
ЧЕРСИ. Оьзда а, дика а йо1 кхиийна хилла хьан нанас, Тумиша! Сан ирс хира дацара хьо санна йолу йо1 керта хьийза!
ТУМИША. Сан ирс а ца хили оцу хьан оьздачу керта хьийза… Далла хастам бо аса, вай вовшен девзаш долчу ханна йукъахь мукъна а и ирс сайна даларна!
ЧЕРСИ. Къинт1ера йала суна, Тумиша!
ТУМИША. Хьо а вала, Черси, къинт1ера!
ЧЕРСИ. Баркалла хьуна! Цу Везчу Дала ирсе дахар лойла хьуна керлачу х1усамехь, Тумиша! (Д1АВОЬДУ)
ТУМИША. (ША ЙУЬСУ. ДО1А ДО) Ва-а, сан Веза Дела! Ас д1ахоьцу хьо, сан безам, ас мукъа буьту хьо тахана, тховса дуьйна! Хьо к1айн кхокха хилий боссалахь, дикачу к1енташна… бисалахь оьздачу маьхкаршна!
                5-г1а сурт

(ЭКРАН 1987 ШО) 

ЭКРАНА Т1ЕХЬ СУРТ МАЖИН ЧОЬ. Черси, Адам, Г1айрбек. Мажа, Бесила.

АДАМ. (БЕСИРИГА) Деца! (МАЖИГАХЬА ВОЬРЗУ), Деца, ахьа мукъана а алахьа, тхо стенна гулдина аша? Николай Васильевичан «Ревизор» комеди т1ехь санна: «Вайга вог1у ревизор!?».
МАЖА. Ца вог1у, Адам, вайга цхьа а «ревизор». Вайн Черси къанлуш лаьтта и шен Тумиша йиц ца луш! Ворх1 шо! Ворх1 шо д1адаьлла Тумиша маре йахана! Ткъа х1ара оцу шен балхах бен самукъадолуш вац… х1окху дуьненах а!
Г1АЙРБЕК. Делахь, (МАЖИГА) деца, и сан а, Адамин а бехк бу. Х1окхунна охашимма мел дукха маьхкарий гайтина хаий шуна! Мел хаза маьхкарийн суьрташ!
АДАМ. Аса Алла Пугачевин сурт а т1ехь гайтина х1окхунна! (ВЕЛАЛО)
Г1АЙРБЕК. Боккъала дийцича, х1ара хьал хийца дезаш ду!
АДАМ. Сихха!
Г1АЙРБЕК. Собар дехьа, Адам… (МАЖИГА) Деца, (БЕСИРИГАХЬА ВОЬРЗУ) деца, кхетий шу, х1инца вай цхьанакхеттачура х1ара г1улкх чекх даккха деза!
МАЖА. Г1айрбек, Адам, суна мел хаза йо1 карийна хаий шуна! Цуьнан сурт ша и малх санна лепаш ду-кх дукха хаза йолуш! Сан к1ант д1а а ца хьаьжи оцу суьрте.
ЧЕРСИ. Нана… сан х1инца йиш йац мехкаршна т1аьхьа ваьлла лела… Со балхахь ч1ог1а сиха воллуш ву…
АДАМ. (МАЖИГА), Деца, мичхьа ду и малх санна лепа сурт? Схьагайтахь. (МАЖАС СУРТ СХЬКХОВДАДО АДАМИГА) (СУЬРТЕ А ХЬОЖИЙ) Ох1-х1ай, (МАЖИГА) деца, х1ара йо1 аса сайна йало мегий! (ЧЕРСИГА А ХЬОЖИЙ) Ца мега! Бегаш бо аса! Со-м тхайн зудчунах ваьхьара а вацара… Собардайша! Ткъа Черсина гиний х1ара сурт?
БЕСИРА. Сой, Мажий, шина сохьтехь йаьллина, Черси суьрте мукъа хьажийта. Г1улакх ца хилира! И муха хета шуна?
АДАМ. Черси, сурте мукъана а хьажахьа! Хьуна хаза ца хетахь, аса сайна йалийна а, схьайалор йу-кх и Тумиша…
ЧЕРСИ. Муха Тумиша?
Г1АЙРБЕК. Иштта Тумиша, оцу хьуна хьахийначу йоь1ан ц1е Тумиша йу, кхузахь йаздинарг бакъ делахь!
ЧЕРСИ. Тумиша… муха Тумиша?
АДАМ. Иштта йу-кх, Тумиша-а-а… Собардайша… Тумиша! (ЦХЬАЪ ДАГАДОИЙТУ КЕП Х1ОТТАЙО) Х1ара а ма йу Тумиша! Э-х1е-й! Дала Тумишара эшабийра болуш-м ца хилла х1окху сан доттаг1чунна.
ЧЕРСИ. Тумиша…
Г1АЙРБЕК. Суьрте мукъана а хьажахь! Хьуна хаза ца хетахь вай Адамина схьайалор йу.
АДАМ. И бохург х1ун ду? Суна х1унда йалош йу и! Со-м ваьхьара вац тхайн х1усамненах!
Г1АЙРБЕК. Ой, х1инцца вацара хьо «Соьга йалайайта… йайта» - бохуш?
АДАМ. Дохко велира со. (ВЕЛАЛО) Г1айрбек, хьо бегашах ца кхеташ, къанвина-кх ахьа!
Г1АЙРБЕК. Собардехьа, Адам! Сурт д1агайтахьа Черсина, и реза хила мегаш дац и?
ЧЕРСИ. (ШЕГА АДАМАС СХЬАКХОВДИЙНА СУРТ СХЬАОЬЦУ. СУЬРТЕ ХЬОЖИЙ, Ц1АЬХХЬАНА ИРА Х1УТТУ) Муха… Тумиша!
АДАМ. Собар! Собар! Йац! И Тумиша йац и! Цуьнан йиша а йац… гергара а йац. Тера-м йу… ч1ог1а тера йу! Т1е а 1оьттина, схьайаьккхича санна тера йу! Хьалхалерачу Тумишел хаза а йу!
ЧЕРСИ. (ЧЕРСИ АДАМИГА ХЬОЖУ)
АДАМ. Ма хилийтахь цулла ч1ог1а хаза, жимма хаза-м йу. Йац ткъа, Г1айрбек? (МАЖИГА) Деца? (БЕСИРИГА) Деца-а-а! Ахьа мукъа алахьа дош!
БЕСИРА. Дера йу хаза йо1 Тумиша-м!
Г1АЙРБЕК. Черси, ворх1 шо д1адаьлла, сан доттаг1, хьо хьера ваьлча санна Красноярске хохкуш, Г1алг1айнчу балха хоьхкуш! Сайн вешин бераш техкора долуш вара со, доттаг1 ледара вацахьара…
ЧЕРСИ. (КХИН ЦКЪА А СУЬРТЕ А ХЬОЖУШ, ВЕЛАКЪЕЖА)

                6-г1а   сурт

МАЖИН ЧОЬ: ИСТОЛА Т1ЕХЬ 1АШ БУ: ЧЕРСИ, АДАМ, Г1АЙРБЕК. МАЖА А, БЕСИРА А ДЕХЬА ЛАЬТТА.

АДАМ. Э-э! Г1айрбек, дера ца моьттура суна, вайшинга х1окху Черсига зуда йалайайта лур йу!
Г1АЙРБЕК. Адам, хьуна дера ца вевза х1ара Черси. Вайшимма йо1 хазаниг ца хаьржина хилла х1окхунна.
АДАМ. Г1айрбек, хьо вара и йо1арий хоржуш верг даима а. Ахьа соьга харжийтинехьара, тоххара г1улакх чекхдаьлла хир дара.
Г1АЙРБЕК. Вай ший а дукха хьийжира… Ненан дог кхийтира шен к1антана муха нускал товш хир ду. Эйт йа1! И ненан дог, цуьнга кхочуш х1ума хир дац х1окху доккхачу дуьненахь! Мел ц1ена ду и, мел къинхетаме ду! (МАЖИГА) деца, мел хаза нускал, мел дика йо1 хаьржина ахьа хьайн к1антана Черсина… сан а, Адаман а дикачу доттаг1чунна! Мел ирсе дехара ду х1ара шиъ: Черсий, Тумиший! Мел сирла дахар ду цаьршиннга хьоьжуш… мел к1езига а б1е шарахь! (МАЖИГА) деца, оцу Везчу Дала барт цхьаъ бойла шун! Дала декъала йойла вайн нус Тумиша!
АДАМ. Дала декъала йойла вайн нус Тумиша!
МАЖА. Дела реза хуьлда шуна Г1айрбек, Адам! Сан к1антана ши ваша санна хилла схьавог1уш ву шу шиъ ишколера дуьйна. Дала ма эшадойла шу вовшен цкъа а!
АДАМ. (МАЖИГА) Деца, ахьа а, (БЕСИРИГА) деца, ахьа а, иштта атта 1еха-м хьаха ца во аша сой, Г1айрбеккий! Вай кхузахь дууш, молуш ду! Черси а ву тхойшинна хаза хабарш а дуьйцуш, тхо 1ехош! Ткъа х1окху истолана т1е хьийза йезаш йериг вайн нус ма йу! Мичхьа йу вайн нус? Х1унда йац и шовданах буьззина хин чами а буйнахь, тхойшинга мотт бостийтуш!
Г1АЙРБЕК. Нийса боху, Адам, со-м и х1ума дукха йиина хьагал вала воллуш ву! (БЕСИРИГА) Деца, мичхьа йу вайн нус? Схьайалайе и шовданах буьззина хина чами а бохьуш!
(БЕСИРАС СХЬАЙАЛАЙО НУС ТУМИША)
АДАМ. Ой, Дала маьрша йалайойла хьо… Г1айрбек, Тумиша йарий х1окхуьна ц1е?
Г1АЙРБЕК. Йара дера. Дага ца дог1у хьуна, вайн доттаг1 Черси дуьхьала ваьлла: Тумиша йалайе шена бохуш! Х1ара йу-кх Тумиша!
АДАМ. Г1айрбек, х1ара Тумиша-м вайшиннега йист хуьлуш а йац. Гой хьуна, йела а йоьлуш лаьтташ йу-кх!
Г1АЙРБЕК. Х1а-а, со кхийтира, Адам! Х1окхара х1окху дуьнент1ехь мел йолчу Тумишех, уггар а мотт ца хууш йериг йалийна!
АДАМ. Тумиша… ва, Тумиша! Х1окху Г1айрбекас хьуна мотт ца хаьа ма боху. Ала йала сихха, и тхан накъост бакъ ву йа вац!
Г1АЙРБЕК. Аса х1ун элира! Хьажахьа… йела ма йоьлу и. Вайшиннегара х1ума а оьший техьа цунна?
ТУМИША. (КОРТА ЛАСТАБО. П1ЕЛГАШЦА ГОЙТУ, ШЕНА АХЧА ДЕЗАШ ХИЛАР).
АДАМ. Х1а-а, и дара и? Суна хаьара т1аьххьара х1ара Тумиша саг1адеха йолалура йуй. Х1ун дийр ду т1аккха… Г1айрбек, хьан кисанахь йисаний шай-кай-х х1ума?
Г1АЙРБЕК. Делахьа ца хаьа. Хьажий со? (СХЬАДОККХУ СОМ) Эх1, мелла а нахарчаш йисина хилла соьгахь. Х1ара дум санна дерстина цхьа сом-м ду!
ТУМИША. (КОРТА ЛАСТАБО, РЕЗА ЙАЦ ИШТТА АТТА МОТТ БАСТА).
АДАМ. Доттаг1, ийза ма лохьа, айхьа, т1ом балахь а аьлла, лачкъийна лелош долу туьма схьагайтахь!
Г1АЙРБЕК. Хьо айкх а к1ордийна суна! (СХЬАДОККХУ КИСНАРА Ц1ЕН ШИ ТУЬМА). Х1ара ши туьма-м лур ду вайн несана!
АДАМ. Ма лолахь ахча несана кара, кхин а ца делча, мотт бостура бац хьуна цо!
Г1АЙРБЕК. Мегар ду. Ткъа хьо х1ун деш 1аш ву, сан шина туьманега а хьоьжуш?
АДАМ. Вайшинна т1ера дац ахьа несана хьалха ловзош долу ши туьма?
Г1АЙРБЕК. Со а воллу хьуна айкх вала!
АДАМ. Хьо а вац хьуна, Г1айрбек, ахчана т1е даьлча, х1ума къайла а дохийтур долуш!
Г1АЙРБЕК. Х1етал-метал хаийла шуна: И д1о Адаман кучана хьалхарчу кисанахь доллу ц1ен туьманаш хьена ду?
АДАМ. Сан ду-кх! Хьена хир дара уьш?
Г1АЙРБЕК. Нийса ца элира! Дац! Хьан а дац, хьан хьов, уьш сан а дац… х1окху лаьттачу вайн несан ду! Вала схьадаккхий туьманаш!
(ШИММА А АХЧА НЕСАНА Д1АЛО)
АДАМ. Оццула ахча делча-м аса а бостура бара и мотт. (ВЕЛАЛО)
ТУМИША.  (ЙОЬЛУШ ХИ КХОВДАДО, ЧАМИН Т1АМ ХЬАЛХА А КХОВДОШ).
Г1АЙРБЕК. (СХЬАОЬЦУ ХИ) Эх1, х1ара Адам аьлча а, х1ара пис и ахча д1аделла ца волуш, хьогалла вий-кх со! Тумиша, х1окху хих х1ун дан деза?
ТУМИША. Д1амала «Хаза к1ант», г1оза молийла ахьа и!
Г1АЙРБЕК. (ХИ МОЛУ) Оцу Везчу Дала дукха йахайойла хьо тхан хьоме нус! Дала х1окху кертахь барт цхьаъ бойла шун! (АХЧА ЧАМИН ЙИСТЕ А ЛОЦИЙ БУХА КХОВДАБО).
АДАМ. Тумиша, соьга а малийтахьа и шовдана хи!
ТУМИША. (ХИН ЧАМИ КХОВДАБО АДАМИГА А) «Дика к1ант», г1оза молийла ахьа а и хи!
АДАМ. Везчу Дала дукха йахайойла хьо тхан хьоме нус! Дала барт цхьаъ бойла шун кертахь! (МАЖИГА) Деца, оцу Везчу Дала декъала йойла вайн нус! Дала иманца барт цхьаъ бойла!
МАЖА. Дела реза хуьлда шуна, сан Черсин дика доттаг1ий! Маьрша лела шу, дукха даха!
 
                II г1а дакъа. 1-ра сурт

(ЭКРАН 1994 ШО) 

ЭКРАН Т1ЕХЬ ГЕНАХЬ МАРХАШ. МАЖИН ЧОЬ. Мажа цхьацца г1уллакхаш деш йу.

БЕСИРА. (ЧУ ЙОГ1У) Мажа, чохь дуй шу?
МАЖА. (ДУЬХЬАЛА ЙОЛУ СИХА) Бесира, х1ун хилла… х1умма а хиллий! Чу йола, чохь ду тхо. Х1умма а хезний хьуна… Черсех…
БЕСИРА. Ма, хьашт доцуш кхерайи-кх аса хьо. Сайна суо 1ан дегаза хета суна. Дехьа аг1ора… сехьа аг1ора, массо а аг1ора чуг1ерташ ду боху и Россин эскарш.
МАЖА. Дера боху дукха эскарш ду вайна го бина, чудог1уш… Х1ун дийра ду а ца хаьа…
БЕСИРА. Черси ма ца го суна, ц1а веъна вацара и?
МАЖА. Х1усама Г1алг1айн махкахь ма йу цуьнан… Д1авахара и… Соьга а шеца д1айола бохуш вара и. Тхо а дитий, сихха д1аг1о, аьлла аса д1авахийтира.
БЕСИРА. Хьо а йаха йезаш ма хиллера цуьнца, тхо массо а дитина а.
МАЖА. Дера хиллера вай массо а лахьделла д1адаха дезаш. Черси волучохь шортта меттиг бу, ша-м чохь хуьлуш а вац и, дийнахь а буса оцу балхахь воллуш ву. Цуьнца веъначу г1алг1айчо дуьйцу, Черси ца соцу бохуш. Дукха г1алг1ай бара боху, Россин эскарш шаьш долчу аг1ора Нохчийчу ца дахкийта арабевлла. Черсина хаара боху, Россин эскарш совцалура доций, цара цхьа зе дийра дуй. Дукха нах к1елхьара бехира бохуш, дуьйцура оцу г1алг1айчо, Черсис, Нохчийнчу Россин эскархой сехьа ца бовлийтуш дуьхьала лаьттачу г1алг1айшна зе динчу хенахь. Кхоьру со, сайн Черсина цхьаъ хиларна!
БЕСИРА. Г1алг1ай шайна муьт1ахь ма хилла, вайна йукъа доза а х1оттийна севццера уьш… Ткъа х1инца…
МАЖА. Хьо х1ун ала г1ерта, Бесира?
БЕСИРА. Со-м хьо кхералура йуй а хууш, ца олуш 1ара. Аса ца алар пайда буй, массо а радиочухула дуьйцуш хилча. Х1инца радиочухула кхайкхира: Россин эскарш вайн дозанах сехьа а девлла, чудог1уш ду, аьлла.
МАЖА. Ва-а! Елла йала со! Х1инца х1ун дан деза! Черси дехьахь ма виси х1инца! Цо баха-м бехира вайга масаьрга а, шеца д1адуьйла! (ЙОЬЛХУ) Кхин гура вац суна сайн к1ант Черси!
БЕСИРА. (ЙЕЛХА А ИЙЗАЙЕШ) Ма йелха, са ма даа хьайн! Шадериг а дика хир ду, Дала мукъалахь! Вайн къам Сибреха а хьажийна, цигара а ц1а деъна, цулла докхха х1ун хир ду!
МАЖА. Хийла инзаре х1уманаш дукха ду х1окху дуьненачохь. И Сибрех а ма лайра, ах нохчийн къам цигахь а дитина ц1а ма даьхки. Х1инца х1ара т1ом! Веза Дела, орцаха валахь тхуна а тхан мискачу къомана!

ЭКРАНА Т1ЕХЬ ЧУДОГ1УЧУ РОССИН ЭСКАРИЙН КОЛОНАШ, ТАНКИЙН Г1ОВГ1А. МАЖА А, БЕСИРА А ЙУ ЛАЬТТАШ, ВОВШАХА А ХЬАЬРЧИНА, КХЕРАЙЕЛЛА.
 
                2-г1а сурт

(ЭКРАН 1995 ШО).

ЭКРАНА Т1ЕХЬ БЛОКПОСТ. БЛОКПОСТАНА ДЕХЬА ЛАЬТТАШ САЛТИЙН ЧЕТАР (ПАЛАТКА). СУЬЙРЕ. ХЬАЛХА СУРТА Т1ЕХЬ ЛАЬТТАШ ГЕРЗ КАРАХЬ САЛТИ.
               
ЧЕРСИ. (ГУЧУВОЛУ. СОЦУ. ВУХАХЬОЖУ) Цигахь жимма собар делаш! Дукха хан хир йу шу х1окху блокпостах чекх ца довлийтуш лаьтта… Шу шелделлий а хаа суна… Собарде кхин а жимма!
АЬЗНАШ. Х1ей! К1ант! Черси! Ма г1о царнна улло, цара цхьа тешнабехк бийра бу хьуна! Ма г1о… Ма г1о…
ЧЕРСИ. (АЬЗНАШКАХЬА ВУХА А ВОЬРЗУШ) Цигахь латталаш шу, аса схьадуьйла аьлчи бен т1е ма дуьйлалаш. Х1окху нахаца жимма къамел ду сан дан дезаш.
САЛТИ. Блокпостана улло вар дихкина ду! Хезаш вуй хьо! Вухавала! Ас герз тухур ду хьуна! Хьо къора-м вац! Аса герз ца туху, хьуна т1ехь милцойн духар хиларна! Кхин т1еваг1ахь, аса герз тоьхана д1акарчора ву хьо! Т1е ма вола, ца боху ас! (ГЕРЗ ХЬАЖАДО).
ЧЕРСИ. Собар! Со цкъа т1е ваийтал со!
САЛТИ. Ас герз тухур ду ца элира хьоьга! Хьо лаьттачура кхин ког ма баккхалахь! Х1ун лелайо ахьа, милцой духар а дуьйхина!
ЧЕРСИ. (УЛЛО ВОГ1У)
САЛТИ. Вухавала ца боху аса хьоьга! Аса х1инца д1о четара чохь бийшина 1оьхкучу накъосташка схьакхойокху! Вухавала!
ЧЕРСИ. (Т1ЕКХОЧУШЕХЬ САЛТИЧУННА ЛЕРГА Т1Е Т1АРА ТУХУ) Со вевзий хьуна? Со мила ву хаъий хьуна!
САЛТИ. Ца вевза… Аьлча а вевза… Вевзаш хила а мега, масана хуьлу, цкъа ца вевза… дикка хьаьжича, вевзаш хуьлу, дагахь а доцуш…
ЧЕРСИ. Х1окху блокпостах аша Г1алг1айчу дехьа ца бовлийтуш, д1огахь шелонгахь лаьтташ болу т1емах бевдда бог1уш болу нах гой хьуна?
САЛТИ. Ой, го дера! Аса х1инцца кхузахь чекх а ца бовлийтина бухабахана бу уьш-м.
ЧЕРСИ. Ткъа ахьа чекх х1унда ца бовлийтина уьш?
САЛТИ. Цара шайгара йог1ург схьа ца йелира, шайгахь х1умма а йац… тхан блокпостана т1е кхачале, вукху блокпосташкахь д1айелла шаьш т1аьххьарниг, аьлла…
ЧЕРСИ. Ткъа цаьргара хьуна х1ун йог1у!
САЛТИ. Муха х1ун йог1у… ахча ло-кх цара, шаьш дехьадовлийтург.
ЧЕРСИ. Цаьргара ахчанаш дахан х1оттийна ву хьо кхуза? Мацалла-м йац хьоьгахь кхузахь!
САЛТИ. И муха хиъира хьуна!
ЧЕРИ. Муха мацалла… салташна йуург ца латтайо!
САЛТИ. Тхуна схьайан йеза йуург, т1ейухург… шайн лачкъон аьтто баьлларг лачкъош йу цхьаболу тхан эпсарша, д1айухкуш… маларх хуьйцуш… Тхайна цхьа амал ца бича довлий тхо а!
ЧЕРСИ. Ткъа оцу мух1ажарийн метта хьайн да, нана хилча муха хетара дара хьуна?
САЛТИ. Церан метта сайн да а, нана а, и ши алкоголик хилча… бен д1а хетара дацара-кх! Со жима волуш дуьйна д1акхоьссина а витина… къаьркъа муьйлуш, суна йетташ лелла волу сан да а, аса саг1а дехна бепиг эца йаьккхина йолу кепекаш, соьгара д1айохуш, цунах къаьркъа муьйлуш лелла йолу нана… Х1ара мисканаш а боцуш, х1окхеран меттехь уьш хуьлийтура бара аса, хазахетарца!
ЧЕРСИ. (КЪАХЕТА САЛТИЧУХ) Ц1е муха йу хьан, салти?
САЛТИ. Витек… Витя…
ЧЕРСИ. Виктор, къинт1ера вала суна, аса, догдаьтт1ачара хьайна тохарна. И д1о арахь, шелонехь лаьтташ болу нах, дехьа бовлийтура бу ахьа. (КИСНАРА СХЬАДОККХИЙ) Х1ан, оцу нахах дог1уш долу ахча х1ара ду хьуна.
ВИТЯ. (СХЬА ЦА ОЬЦУ) Ца оьшу, нохчи … ахча… Ца оьшу… аса иштта а т1ехбовлийтура бу уьш.
ЧЕРСИ. (ЖИММА ДЕХЬА А ВОЛИЙ МОХЬ ТУХУ МУХ1АЖАРАШКА). Хезий шуна, х1ей нах, схьадуьйла! Аса дехар а дина, х1окхара шу т1ех довлийту боху. Со д1авоьду шуна… сиха а ца луш, т1едахка мегар ду шуна! Шу маьршачу некъаца хуьлда! Ца кхоьрруш т1едахка мегар ду шуна! (Д1АВОЬДУ).
АЬЗНАШ. Дела реза хуьлда хьуна! Дала сий дойла…
ЧЕТАРА ЧУЬРА АЗ. Х1ей! Витек, мила ву цигахь? Г1овг1а х1унда йо ахьа, тхоьга наб а ца йойтуш?
ВИТЯ. Х1ара цхьа милицин майор вара-кх!
ЧЕТАРА ЧУЬРА АЗ. Хьаьрса месаш а йолуш, хьераваьлла стаг санна дера а волуш вуй и?
ВИТЯ. Хьаьрса ву…
ЧЕТАРА ЧУЬРА АЗ. Ма хьенвелахь и, хьераваьлла милцо ву и, Сипсо г1алара отделера майор! Черси Гатаев… Диъ де хьалха, и сацалург а ца хилла, цунна х1ума тоха г1ерташ дара тхо. Мичара бовлу а ца хууш, ткъеха г1алг1айн милцой схьалилхина, ша-ша бен ца туху а моьттуш, тхуна йетта а йиттина д1абахара уьш, х1ара шайн хьераваьлла нохчо а эцна.
ВИТЯ. (ША-ШЕГА) Дера вац Черси Гатаев хьераваьлла… Вай ду-кх хьерадевлла! Шен къомана т1ехь латтош йолчу къизалоно ваьккхин-кха иза хьера а, дера а. Вуьззина къонаха стаг ву-кх Черси Гатаев!
                3-г1а сурт

(ЭКРАН 1999 ШО).

ЧЕРСИН ЧОЬ. Г1АЙРБЕК, АДАМ, ЧЕРСИ.

АДАМ. Тумиша ма ца гира суна? Ц1ахь йац и?
ЧЕРСИ. Базара йахна и. Х1инцца чу кхачан йезаш йу и, йуъург йойтура йу вай, чу кхаьчча.
Г1АЙРБЕК. Э-э! Мел сиха йоьду хан д1а! Селхана долуш санна ду-кх вай Черсин, Тумишин ловзаргахь сакъийрина! 12-13 шо даьлла-кх! Бераш а даккхий хуьлуш ду Мохьмад а, Разет а.
АДАМ. Дера йоьду-кх и хан, т1аьхьа а ца кхуьуш сиха! Черси, хьо х1инца ц1а веъна ма боху? Мартана т1е схьавеъна хьо?
ЧЕРСИ. Вайн къомана кхузахь пайдена хир вац техьа аьлла, ц1авирзина со. Кхузахь РОВД балха аравала дагахь ву со.
Г1АЙРБЕК. Делахьа х1ара вайн накъост оцу луларчу Г1алг1айн Республикехь балхахь ца хиллех йиш хила а цахилера вайн массийта куьпахь а, йерриге йуьртахь а. Х1окху хьалхара т1амтехь а, шолг1ачу т1амт1ехь х1окхо к1елхьара мел даьккхина адам доккха х1ума ду. Оцу Россин салтийн буйнара а бохуш, ца хуьлчу даьлча, царах лета а леташ, мел дукха мисканаш адамаш дозанал дехьа дехира х1окхо.
ЧЕРСИ. Д1адовлийша сох Наьрт-Эрстхо а ца веш. Х1ора нохчийчо шен аьтто баьлча дийра долу х1ума дара и… к1езига аьтто белира-кх… к1езига… бала безачуьнга хьаьжича.
Х1ара, к1ентий, цхьа ч1ог1а сиха дан дезаш х1ума ду. Суна хиъна тахана 1уьйрана, салташа чуьра лачкъийна д1авигина Мартана эвлайистера шиъ бехк боцуш волу жима стаг БТР-рашна чохь. Царна вай сихо йеш орцаха ца довлахь, и к1ентий т1епаза бовра болуш бу.
АДАМ. Ва нах, Черси, герз мичара дера дара техьа?
ЧЕРСИ. Герз леха вай довлахь, т1аьхьа хир ду. Мацаха оцу цхьана г1алг1айчо йетт боьхкина эцна ша бохуш гучу а ваьлла, цуьнгара Сунжерчу отделехь схьадаьккхина хилла герз ду вайгахь. Милици д1адала дезаш ду, 1едал шен метте д1ах1оьттина даьлча.
Г1АЙРБЕК. Валлай ца хаьъа суна-м… и сайн бераш ца кхабалуш к1ела висина со-м, олуш шух там бацахь а! Герз эцара-м дуьйцийла а дацара!
АДАМ. Боьдуш т1ом болушшехь и шайн мехкадаьтта кхехкадеш ахча доккхуш бу аьтто болу нах!
ЧЕРСИ. Аьлча нийса а ца хуьлу х1окху нахана х1ума… Вай-м оцу Россера арадовла бан безаш дацара х1ара т1ом… Оцу Россе чу ца дуьтуш уьш дуьхьала бевлича а, ницкъалха оцу чу дахан, бан безаш бара х1ара т1ом. Ах дуьне схьа а лаьцна оцу пачхьалкхехь 1ийра дара-кх вай а, кхин долу къаьмнаш санна.
Г1АЙРБЕК. Ткъа х1инца дан х1у до вай? Х1у барт бе вай?
ЧЕРСИ. Тховса буьйса йукъаха т1ехйаьлча новкъа довла деза вай! Йовха х1ума а йуха йеза, кога резинах йовха эткаш хилчи бакъахьа хир ду.
АДАМ. Дала аьтто бахь, цхьа топ а тоьура йу-кх вайна. И кегийра нах цаьргахь бита йиш-м йац. Наношна бухаберзо беза и к1ентий.
ТУМИША. (ЙОЬЛЛУЧУ НАЬ1АРАН Г1ОВГ1А ХЕЗАШ, ЧОЬХЬА ЙОЛУ). Ой! Шу ма дика вовшаха кхетта, т1амат1е даха санна. Маьрша лела шу шиъ: «Дика к1ант», «Хаза к1ант»! Делахьа ма дика ду шу шиъ веъна! Х1ун хьал дара чохь шиннахьа а? Могуш 1аш дуй шу?
АДАМ. Маьрша йа хьо, тхан хьоме нус!
Г1АЙРБЕК. Маьрша йог1ийла, Тумиша! Далла бу хастам! Дика 1а тхо а.
АДАМ. Тхан доттаг1чун йуьхь сирла йаьккхи ахьа гучу а йаьлла!
ЧЕРСИ. (ВЕЛА КЪЕЖА)
ТУМИША. «Хаза к1ант», «Дика к1ант» шу шиъ 1ийра вацара шайн и бегаш а битина. Хаза дуъуш, молуш 1аш-м хир дац шу! (СИХА ХЬАЬВЗА) Х1окху Делан сохьтехь аса шуна йуъург а йуьллура йу истола т1е. Цхьана-шина минотехь собар делаш. Со х1инца схьайог1у шуна. Шун пурбанца! (ДЕХЬА ЧУ ЙОЛУ).
ЧЕРСИ.  Доттаг1ий, вай буьйса йуккъе йахча арадовла деза шуна! Оцу нах лечкъочу йамартхошна-салташна, царна дагахь доцуш, т1елата деза вай.
Г1АЙРБЕК. Кхеташ ду и-м.

                4-г1а сурт

БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).

Оцу нохчийн т1емлоша т1ом бира майра
Мостаг1чун берзалой ва уг1у моьттуш,
Цхьаннаха итт тарлуш, мостаг1чунна хьалха
Лечанаш ва санна, шаьш толам  гойтуш!   

(ЭКРАН 1999 ШО) 

ЭКРАНА Т1ЕХЬ ХЬУЬНА ЙИСТ.  ГУЧУВОЛУ КХО НАКЪОСТ, ЧЕРСИ, Г1АЙРБЕК, АДАМ – КЕГ-МЕГАРА ЧЕВНАШ Д1АЙИХКИНА БИНТАШ ГУШ ЙУ. ОХЬАХОВШУ. 

ЧЕРСИ. (ГЕРЗ ДУ КАРАХЬ) Доттаг1ий, чевнаш муха йу шун? Хьажийтал со… Кхин кхерамен чевнаш йац, даь1ахк ца лаьцна х1оънаша.
АДАМ. (ЧОВ ЛОЗУШ УЗАМ БЕШ) Деллахьа и йетт, ма беркате хилла. И ца хиллехь йиш йан а йацара!
Г1АЙРБЕК. (ЦЕЦВОЛУШ) Адам, хьуна во-м дац? Корта ма ца хьаьвзи хьан?
АДАМ. Ца хьаьвзи сан корта-м, х1унда бохура ахьа, Г1айрбек?
Г1АЙРБЕК. Иштта д1а бохура аса-м. Хьо хаза бегаш болуш стаг волу дела.
ЧЕРСИ. Шу шиъ х1у дуьйцуш ву, ва ши накъост?
Г1АЙРБЕК. Х1ара Адам ву-кх цхьа йетт буьйцуш. Алал, Адам, х1ун хилира оцу аттах?
АДАМ. Д1абоьхкира и йетт.
Г1АЙРБЕК. Д1абоьхкира… хьанна?
АДАМ. Ца хаьа суна, хьанна, Черсина хаъа деза-кх и, цуьнан г1алг1ай ву-кх и д1абоьхкинарг. Амма и йетт ца хиллехьара вайн г1уллакхаш тиша-м хира дара. Оцу г1алг1айчо и йетт д1а а боьхкина и Черсигахь долу герз эцна ца хиллехьара, вайн г1уллакхаш тиша-м хир дара!
Г1АЙРБЕК. И бакъ ду! Вай оцу мостаг1ийн тобана йуккъехула, ша и даьттана йуккъехула шаьлта санна, чекхлелхара дацара и герз ца хиллехьара!
АДАМ. Ма цец деънера цаьрга, мичара довлу а ца хуъуш, ц1аьххьана вай шайна хьалха нисделича. «Ва, нана!» бохуш д1аса бевдира. Черсис деттачу герзано а б1арзбира уьш. Иттех салтий вожавийна хир вара Черсис. Амма уьш кхетта бевлича, вай генахьа дара! Цара йийсаре вина шиъ к1ант вуьгуш.
ЧЕРСИ. Аса-м дукха хьолехь, т1ехула туьйхира царна герз. Цхьаьна ненан к1ентий хир бу-кх уьш а.
АДАМ. Дукха кхеравелла, суна-м гена йоцуш йолу хьун бе х1ума дацара гуш. Г1айрбек, вайшиннегахьа ма йацара ша и т1улг ца кхоссахь, царнна тоха х1ума а. Мохь хьийкхира ас, уьш шаберш а цец а бохуш.
Г1АЙРБЕК. Хьо дукха кхеравелла ца хиллехьара гура йара хьуна тоха кхин а х1ума.
АДАМ. Ма хаза бегаш бо ахьа х1инца! Х1ун гура йара суна?
Г1АЙРБЕК. Со ведда вог1уш сан ког тасайелла г1аж гура йара-кх. Со-м цхьа минот ца йелира, цунах ког а тасабелла вожа.
АДАМ. И г1аж схьа а эцна, тоха х1унда ца туьйхира ахьа царнна, лазорна-м ца кхоьрура хьо уьш?
Г1АЙРБЕК. Т1аккхахула тоха йитира аса.
 
                III-г1а дакъа. 1-ра сурт

БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).

Эзарнаш шерашкахь т1емашкахь къийсар…
Нохчийн къам шен куьйга ц1ера йукъара доккхуш
Эххар а хададеш къизаллин сийсар,
Ахьмад-Хьаьжа велира шуьйра г1улч йоккхуш!

Т1ом сацо ца веъна, т1ом хьАша веъна!                -    (хьаша – растоптать)
Ахьмад-Хьаьжа шен дахар дилли шех тешна
Бакъо ша тоьлура йу, схьаала вайна!
Нохчийн къам балеха ша доккхуш тешна!

Гонаха цо шена гулбира нохчий,
Гулбира турпала вежарий баьччас!
Маршоне кховдийра куьйг… т1ом д1ачовхий,
Эзарнаш, нохчийн къам даьккхира баьрчче!

 
(ЭКРАН 2000 ШО)

ЧЕРСИН ЧОЬ.  ЧЕРСИ, Г1АЙРБЕК, АДАМ. ТУМИША ЙУЪРГ ОХЬАХ1ОТТОШ ЙУ.

АДАМ. Тумиша, х1орш-м мацбеллачух тера дац. И т1оберам суна алсама ботталахь!
ТУМИША. Х1инцца пешара бовха хьокхам схьабера бу, т1аккха т1оберам а, хьокхам а схьабохьура бу аса.
Г1АЙРБЕК.  Черси ахьа РОВД хьаькамца цхьана чекхйаьккхина и милици йуха балха х1уттуш аттестаци. Хала х1ума дуй и? Дукха хаттарш дарий цигахь?
ЧЕРСИ. Дац хала х1ума! Вай балха дахкарах а ца тешаш аттестацех чекхдовлийту цара. Г1айрбек, хьо милицин балхахь алсама зеделларг а долуш стаг ма ву.
АДАМ. Балхара д1аваьлла дикка лелла х1ара Г1айрбек, халонаш лайна барзо.
Г1АЙРБЕК. Дукха хала зама текхи вай. Валай со-м и рицкъа оцу берашна мичара доккхура ду ца хууш висинера. Милицера болх д1абаьлча, Г1алмакхойн Махка а вахана, хьаьжинера со болх лаха. Ишколехь тхоьца цхьаьна доьшуш хилла Сайд1али ц1е а йолуш лулахо ву цигахь цхьаьна немцойн йуьртахь ишколехь оьрсийн мотт хьоьхуш. Соьга-м хьехалура бац и оьрсийн мотт оьрсийн берашна.
ЧЕРСИ. Г1алмакхойн Махкахь немцой бу?
Г1АЙРБЕК. Екатерина паччахь йолуш дуьйна немцошна делла латтанаш ду цигахь. Хьалха Ростован областана чудог1уш дара уьш… Г1алмакхойн Республика йухаметта х1оттош, царнна д1аеллачу шина района йукъа кхийсина уьш.
АДАМ. Черси, ткъа сан милици балха д1ах1оттаран г1улкх дийцирий ахьа РОВД начальнике?
ЧЕРСИ. Дийцира дера. Хьо аьрмера ц1а веъча сборашкахь (ГУЛАМАШКАХЬ) эпсаран ц1е а йелла ма ву.
АДАМ. Ву, лакхара лейтенант ц1е йу сан, бакъ дерг дийцича, со советски эпсар ву.
ЧЕРСИ. Т1аккха хьо атта д1аоьцийтара ву милици балха. Аттестаци а йойтура йу.
Г1АЙРБЕК. Черси, т1аккха, дийцахь, х1ун хилира шун, Йуьрта да волучохь шу гулдича? Сой, Адамий дукхаха верг цуннах хилларг хаъан луъуш ма веинера.
ТУМИША. (ЙУУРГ Т1ЕХЬ ШУН А ДОХЬУШ ЧУ ЙОГ1У). (АДАМ ИСТОЛ Т1ЕРА НОВКЪА ЙЕРГ Д1АЙОККХУШ Г1ОДАН ВУЛУ). Эх1, «Хаза к1ант», хьо вацахьара йиш йан а йацара! Ахьа ма-аллара, хьуна алсама т1оберам биллина хьуна! (ЙЕЛАЛО, Б1АЬЦАШ ЙЕШ).
Г1АЙРБЕК. Дера х1ара Адам 1ийра-м вацара цхьа саг1а дехна а, шена ижу ца лехча.
АДАМ. (СИХА ИСТОЛ Т1Е ОХЬАХУЪУ) Т1аьхьависинчун дакъа цицигаша диъна, олуш ду-кх вайн нехан! Аса шуьга шозза схьакхойкхура дац шуна!
ТУМИША. Аса кхойкхура ду! Схьавола «Дика к1ант», схьавола ший а, хьокхам бовха болушехь, х1ума кхалла шайна!
Г1АЙРБЕК. Со-м реза вац, Тумиша, оцу Адамина ахьа сов а йуьллуш, луш йолчу йуъучунна! (ВЕЛАЛО)
ТУМИША. Аса-м бегаш бора, массарна а тоьур йолуш йу вайгахь йуъург, Дала мукъалахь.
АДАМ. Схьадуьйла чехкка, шаьш хьийзадича а ца хаьа шуна! Бегаш и вайн халкъана Дала делла совг1ат ма ду! Вайн къомана санна хаза бегаш бан а ца хаьа цхьанна къомана! Вайх ма аьлла Дюмас «Кавказан французаш!»   
Г1АЙРБЕК. Вайх ца аьлла и Дюмас, вайн дайх аьлла: уьш-м майра а хилла, бегаш беш говзанчаш хилла а ца 1аьш!
ЧЕРСИ. Т1ехилал, Г1айрбек, доттаг1ий, йуъург кхаллий вай?
ТУМИША. Шайна х1ума оьшуш хилахь, соьга хоуьйтура ду аша. (ДЕХЬА ЧУ ЙОЬДУ).
ЧЕРСИ. Г1арбек, бисмал даккхахь!
Г1АЙРБЕК. Бисмиллах1ирохьманирохьийми! Дала эша ма йойла х1ара йуъург бусалбана а, керстана а, чохь са мел долучу х1умана!

(Х1УМА А ЙУУШ КЪАМЕЛ ДО)

Г1АЙРБЕК. Черси, т1аккха дийцахьа, Йуьртада волучохь шаьш гулдича, х1ун дийцира аша?
ЧЕРСИ. Вайна орцаха ваьлла, Делан къинхетамца, вайн мехка муфти  волу Ахьмад-хьаьжа Кадыров.
Г1АЙРБЕК. Суна а ма хезина радиочухула Ахьмад-хьаьжа ваьлла бохуш… Ц1ена бусалба стаге бен сацалура болуш т1ом бац х1ара!
ЧЕРСИ. Вайн къам кхачийна чекхдалале сацо беза т1ом боху муфтийс. Ахьмад-хьаьжас аьлла боху: ша т1ом сацабан веъна вац – ша и т1ом чекхбаккха веъна ву, кхин и вайн махка бухабог1ура боцуш цкъа а!
Г1АЙРБЕК. Черси, ткъа и Ахьмад-хьаьжа оьрсашка аг1ора ваьлла ма боху!
ЧЕРСИ. Ахьмад-хьаьжа цхьанне аг1ора а ца ваьлла: шен нохчийн къомана аг1ора хилла и даима.  Нохчийн халкъо харжа беза некъ – шен лазамца, лаъамца, 1алашонца бог1уш бу, боху Ахьмад-хьаьжас, и къомо хаьржина некъ – шен некъ бу а боху!
АДАМ. Цо муха хоттур ду къоме?
Г1АЙРБЕК. Адам, ма акха стаг ву хьо! Харжамаш бичахьана долуш дац и? Бакъ луьй со, Черси?
ЧЕРСИ. Бакъ боху!
Г1АЙРБЕК. Т1ом сацо безар-кха х1уъу а дина а!
АДАМ. Ша тоьлура воцу т1ом, бита беза аьлла вайн дайша!
ЧЕРСИ. Аьлла дера! Оцу кицанах лаьцна аса цхьа х1ума дийций шуна: «Оьрсийн эскаран куьйгалхо, инарла Галафеев хилла 1840 шарахь нохчий къарбан, оцу хенахь инзаре доккха эскар 3,500 салтий, 14 йоккха топ а йолуш шайца, чу вог1уш. Органца хьала иттех йурт а йагийна, Нана Гихта йохийна, йалта дагийна, стоьмийн дитташ дагаршца охьааьттачул т1аьхьа, Валарг хина т1е кхаьчча иинарла. М.Лермонтован «Аса хьоьга йаздо, иштта д1а йаздархьама…» ц1е йолу байт бахьана долуш дукха дика вайна девзаш ду и т1аман тасадалар.»
Г1АЙРБЕК. Х1аъ, цхьаболучара «Валарг» а олу оцу Лермонтован байтах!
АДАМ. Иза а хьо филолог хиларе терра бохий ахьа? (ВЕЛАЛО)
ЧЕРСИ. «Оцу Валарг-хи т1ехь шен эскарана дуьхьало йан кечбелла нохчий бу аьлла, шена т1е хаъам беъча, дуьххьара т1еман тасадаларашкахь йукъа нисвеллачу Лермонтовга хаьттина боху инарла Галафеевс:
- Поручик, хьан «доттаг1алла» ма дара оцу азиаташца. Церан ду боху кица: «Ша тоьлура воцу т1ом, бита беза!». Ткъа х1окху нохчийн махкахь уьш шаьш ма бу, йаккхийн тоьпашна, шаьлтанашца чу уьдуш, т1аман к1ура эккхийтина бохкуш!
- Хьан лакхаралла! Хьан аьтто бу-кх, айхьа хатта царех цхьана «азиате», - цавешаш жоп делла Михаил Лермонтовс.
- Оьрсийн мотт хаьа цунна? Муха! Схьа т1е валавел иза!
- Т1евалаван а ца оьшу, х1ара суна уллохь говрана т1ехь вог1ург ву-кх нохчо, «Галуб» йу цуьнан ц1е, «хьан лакхаралла!» - гайтина Лермонтовс нохчо.
- Хьажахьа, дукхавахарг…, аьлча а… адам…, шун кица дуй и: «Ша тоьлура воцу, т1ом битар бен дарба дац!»? Ткъа и шайн кица х1унда ца лору аша шаьш а, оццул доккха эскар т1едог1уш долушехь, т1ом х1унда «ца буьту» аша? Х1ара «Жима Нохчийчоь» 3 эзар т1емло гулван аьтто болуш а ца хилла цкъа а. Ткъа тахана тхуна дуьхьала вала и 3 эзар а хирг хира вац! Шун шаболу динбереш т1аьхьа а баьхна, шун Шемал ма вахана, суьйлийн йарташ къар йан дагахь! Ткъа «динбереш» шун коьрта т1емлой ма бу, уггар дукха а бу!
- «Ша къонах воцучунна – шаболу т1ом а бу, бита безаш!» - доцца жоп делла нохчийчо.»
АДАМ. «Галуб» - нохчийн ц1е йу олуш ца хезна суна.
Г1АЙРБЕК. Аса, со филолог хиларе терра, эра ду хьоьга, лерамен Адам!
ЧЕРСИ. (ВЕЛАЛО)
Г1АЙРБЕК. Оьрсаша шайн аг1ора йерзийна йоккху и ц1е: «Галаб» - хилан мега и нохчийн кепехь. Х1инца к1езига йисина, ц1ена нохчийн ц1ераш: Европера, туркойн, 1арбойн махкара ц1ераш йу дукхаха йерш вай боккхачу безамца нохчийн берашна туьхкуш! Б1еннаш ц1ена нохчийн ц1ераш йицйина вайн къамо! Вайн дайн 1едал а дицдина вай: х1ора т1екхуьучу воьъалг1ачу к1ента-к1антана – шен воьалг1ачу ден, ден ц1е тиллан декхарелахь ву нохчо, ша нохчо велахь! Вай-м и дицдина ца 1аш, вайн ах мотт а бицбина! Терахьаш нохчийн маттахь олуш дац вайн наха! 
ЧЕРСИ. Делахьа, доттаг1ий, оцу Галабас аьллачун ойла йан йезара, б1е шо хьалха аьлла и делахь а.
АДАМ. Т1ом бита, к1ура бе бохий ахьа?.
ЧЕРСИ. (ВЕЛАЛО) Т1ом х1инцца бен болалуш а бац, нохчийн къомана шен машарехьа болу т1ом. Ткъа нохчийн къоман машарехьа къийсам кхайкхош волчу Ахьмад-хьаьжина накъостий оьшу! Вай буьтура бац т1ом, вайн къам машаре кхаччалца, Дала мукъалахь!
Г1АЙРБЕК. «Къонах воцучунна – шаболу т1ом а бу, бита безаш!» - нийса аьлла ду и Галабас.
ЧЕРСИ. Цкъа милицехь аттестацех чекх а девлла, вайн даржаш схьа а лаьцна, т1аккха къомана харжамашкахь дакъа лаца деза. Вайна дуьхьало йийра йолуш бу, кхечу пачхьалкхара т1ебаьхкинарш а, Российн йукъера «т1еман парти» олуш болу нах. Вайн 1ашхой-Мартанан к1ошт йистехь латта йиш йолуш йац х1окху къийсамехь. Нохчийнчоь х1окху дуьнена т1ера д1айала йиш йолуш йац, лулахой кхарда а беш!
Г1АЙРБЕК. Дела орцаха волийла вайн Нохчийчоьнна нийса некъ хоржуш!
ЧЕРСИ. Нохчийн къоме бен и нийса некъ хаттан къам дац вайна! Ахьмад-хьаьжас а боху и – нохчийн къоме хатта вай цкъа мукъне а: цунна х1ун лаьа, цунна х1ун оьшу!
АДАМ. Ткъа вай х1ун до т1аккха? Соьлжа-г1ала доьлхий вай?
ЧЕРСИ. Соьлж-г1ала а г1ура ду кестта. Амма г1ура дац къайлаха-м, оьрсийн эскаран  блокпосташна йуккъехула девлла, х1окху мехкан дай санна г1ура ду!
АДАМ. И муха хир ду? Хьуна хьайн герзах атоман бомба таръелла моьтту суна.
ЧЕРСИ. (СХЬА А ДОККХИЙ ШЕН КИСНАРА УДОСТОВЕРЕНИ ГОЙТУ) Аса тахана схьаэцна!
Г1АЙРБЕК. И х1ун бохург ду?
ЧЕРСИ. Г1айрбек, хьо а, Адам а, вай массо а милици балха духа доьлху. Г1айрбек, хьо милицин капитан хилар, диц ма ца дина ахьа? Адам, хьо а эпсар вац? Оцу т1ера д1аболора бу вай къийсам, вайн къам х1окху т1еман балера к1елхьара даккхаран къийсам. Халкъан харжамашка хьаьжжина къастор бу-кх вай а вайн некъ.
АДАМ. И ч1ог1а нийса хир ду! Т1аккха со-м реза ву, милици балха д1ах1отта. Черси г1о дийриг хир ду-кх ахьа?
               
                2-г1а сурт

(ЭКРАН 2000 ШО).

1АШХОЙ-МАРТАНАН РОВД. Т1ЕХЬ ТЕЛЕФОН А ЛАЬТТАШ ИСТОЛ, ИСТОЛА Т1ЕХЬ Г1АЙРБЕК, ЧЕРСИ, АДАМ А УЛЛОХЬ.

АДАМ. Ша тоьлура воцу т1ом бита, аьлла бохура ахьа Черси? Къонахчунна тоьлура воцуш т1ом бац…
ЧЕРСИ. Къонахчунна тоьлура воцуш т1ом бац, амма дериг а къам х1аллакдеш и т1ом белахь, оцу къонахчо ойла йан йеза, ша и т1ом шен къоман дуьхьа беш бу йа дуьхьала беш бу!
Г1АЙРБЕК. Валлай, вайна йуккъехь хилла а ца 1аш, вайн лулара вежарийн къаьмнашна йуккъера нах а бу вайца къизалло латтош, т1ом бижа ца буьтуш. Гаджиев бохуш цхьа эпсар ву боху, сов къизало латтош.
ЧЕРСИ. И мила ву, х1ун дина цо?
Г1АЙРБЕК. Т1емлоша нехан керта а лелхий, салташна дуьхьало йеш герз тоьхча, оцу мискачу нехан г1ишло оьккхийту боху цуьнан салташа. Оцу кертара мискачу адмашка и т1емлой а совцалур бац, и эпсар а сацалур вац, шен салташца цхьана.
АДАМ. Эвла йистехь селхана эккхийтинчу БТР-ана талламаш лелош ву боху и тахана а. Цхьа харцо ма лелайахьара цуьна салташа цигахь.
ЧЕРСИ. И мила ву Гаджиев, оьрсийн ц1е ма йац и.
АДАМ. Ца хаьа г1ажаройх велахь а, суьйлех велахь а цхьаъ ву-кх и.
(ТЕЛЕФОНАН ЗАР-ЗАР ЙЕКА)
Г1АЙРБЕК. (ТЕЛЕФОН СХЬАОЬЦУ) Алло! Ладуг1уш ву, 1ашхой-Мартанан РОВД капитан Марзоев.
ТЕЛЕФОНАН ЧУЬРА АЗ. Оцу вайн РОВД-хь тхуна орцаха вала де долуш стагга а вуй?
АДАМ. Х1ун хилла цигахь?
ТЕЛЕФОНАН ЧУЬРА АЗ. Тхан лулахойн ц1енона эккхарг а йиллина, и эккхийта г1ерташ салтий а бу… и цхьа 1аьржа полковник а ву.
ЧЕРСИ. (Г1АЙРБЕКЕРА ТЕЛЕФОН СХЬАОЬЦУ) Схьалохьа, Г1айрбек. (ТЕЛЕФОНА ЧУ) И ц1ено х1унда оьккхийтуш ду цара? Новкъайукъехь дина-м дац и?
ТЕЛЕФОНАН ЧУЬРА АЗ. Дац дера… Оцу ц1ийнан уьйт1ара схьадог1уш серий карийна салташна. БТР эккхарна бехке и серий ду боху цара. Ткъа оцу кертахь 1аш нах бац… т1амах бевдда бахана Г1алг1айн махкахь бу уьш. Ахьмад-хьаьжас омра а дина, уьш ц1абалон т1аьхьа автобусаш а йахийтина, х1окху деношкахь ц1абахка безаш бу уьш. Ц1абаьхкича уьш стенга баха беза, х1окхара церан ц1ено эккхийтача! Ц1ено стенна бехке ду?
ЧЕРСИ. Тхо х1инцца д1адог1у, тхо д1акхаччалца собар де ала цаьрга! Мичхьа ду и ц1ено?
ТЕЛЕФОНАН ЧУЬРА АЗ. Бумата боьдучу новкъахь!
ЧЕРСИ. К1ентий, сиха лелалаш!
(ЧЕРСИ, Г1АЙРБЕК, АДАМ СИХА АРАЛЕЛХА. МАШЕН ХЬАЛАЛЕТАШ Г1ОВГ1А ХЕЗА, Д1АЭККХАШ)

                3-г1а сурт
 
ЭКРАНА Т1ЕХЬ Ц1ЕНОН СУРТ. ХЬАЛХА Г1АНТА Т1ЕХЬ 1АШ ВУ ПОЛКОВНИК ГАДЖИЕВ ГЕЙДАР.

ГАДЖИЕВ. (ШЕН САЛТАШКА МОХЬ ХЬОЬКХУШ ВУ) Лейт1енант, д1абахийта салташка оцу ц1енона уллора нохчий! Ца хеза хьуна!
ЛЕЙТЕНАНТ (АЗ). Уьш д1а ца бовлу! 1ашхой-Мартанан РОВД-ра кхуза бог1уш милиционераш бу боху! Салташка герз тохийтий аса х1окхарна?
ГАДЖИЕВ. Ма тохийта герз! Ц1ено эккхийта, шаьш уллора д1а а довлий!

СИХА ЙОГ1УЧУ МАШЕНАН Г1ОВГ1А. СОЦУЧУ МАШЕНАН ТОРМОЗИЙН Г1ОВГ1А. ГУЧУВОЛУ ЧЕРСИ, Г1АЙРБЕК, АДАМ.

ГАДЖИЕВ. Шу муьлш ду! Шуна хьалха полковник ву! Б1аьрзе-м дац шу!
ЧЕРСИ. Шу х1ун да г1ерташ ду х1окху ц1енна кхо гуо а бина! Ц1е а тайпа-тукхам, къам а долуш адам дуй хьо?
ГАДЖИЕВ. Аса х1инцца салтий схьа а кхайкхина йоьттийтура йу-кх шуна! Эпсарий духар дуьйхича къонах хуьлу моьтту шуна! Мила кхераван даьхкина шу! (ЛЕЙТЕНАНТЕ) Лейтенант! Х1ара нах суна т1е х1унда бахкийтина ахьа!
АДАМ. (ЧЕРСИГА) Черси, оцу лейтенантига аса цхьа-ши дош олу «тет-а-тет!»
ЧЕРСИ. Дуьхьала дош алахь, схьавалаве иза а кхузза, вай т1араш а тухуш, хелха воккхура ву и лейтенант а, х1ара 1аш верг а!
ГАДЖИЕВ. Хьан дай а хилла Шемалас кога к1елахь латтош! Хьо а… хьо…
ЧЕРСИ. Сан дайша вина ву Шемалах имам Шемал! Хьо суьйле волучух тера ду! Хьан къомана дай къонахий хилла, нохчашна улло а х1иттина шайн ц1е дуьненна а йовзийтина цара! Ткъа хьо царах стаг вац! Хьо стаг ванне а вац, хьайн къоман сий бехдеш воллу хьо!
ГАДЖИЕВ. Лейтена-а-нт! И ц1ено х1инца а х1унда ца эккхийтина! (Ладуг1у. Лейтенант дуьхьала вист хуьлуш вац). Лейте…
ЧЕРСИ. (СХЬАЙОККХИЙ ТАПЧА ПОЛКОВНИКАН ЛАГА ЧУ ТА1АЙО) Хьо стаг а ву хьуна, хьо боьрша а ву хьуна, ахьа кхин цкъа и омра лейтенанте дахь! Ца хеза суна! Ца хеза! Сан ц1е Черси йу хьуна, дагахь латтайелахь! 1ашхой-Мартанан к1оштахь 1аш къонахий бу хьуна, Нохчийчохь а, Г1алг1айчохь а!
 
                4-г1а сурт

БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).

Мостаг1ий тебаш бу, т1ема г1ирсаша зевне,
Мартана  к1ошт сийсош, т1елата девне.
Нохчийчоь, хьуна ма эшабе цкъа а
Йахь йолу мартанхой бухатоха  бала!

Т1аьххьара и бода, 1ожаллин г1оьнча,
Т1ег1ерта, ша хьежош и герзаш сонта.   
Махкана, йуьртана т1екхаьчча бала,
К1ант кийча ша веца, орцаха вала                (шен са д1адала).

(ЭКРАН 2000 ШО). 
ЭКРАН. МИЛИЦИН ОТДЕЛАН СУРТ. АДАМ ВУ, МИЛИЦИН ДУХАР А ДОЛУШ, ИСТОЛАН Т1ЕХЬ ТЕЛЕФОНА ЧУХУЛА КЪАМЕЛ ДЕШ.

АДАМ. Умаров Адам, милицин капитан, ладуг1уш ву! Хьо мила ву?
ИВАНОВ (АЗ). (ТЕЛЕФОНА ЧУХУЛА ХЕЗА АЗ) Лейтенант Иванов ву со, Дала витахь…
АДАМ. Кхийтира со, ткъа х1ун оьшура хьуна, лейтенант?
ИВАНОВ (АЗ). Подполковник Гатаев Черси хьан доттаг1 ма ву? Вуй?
АДАМ. Ву дера, ишколехь дуьйна доттаг1ий ду тхо.
ИВАНОВ (АЗ). Сихха схьаван йиш хира йарий хьан кхуза?
АДАМ. Йац дера, милицин майор волчу Берзигов Ахьмадан метта, цо дехар дина, дежурни 1аш ву со. Черсина х1ун дина, боху ахьа?
ИВАНОВ (АЗ). Гатаев Черсина х1ума дан хала ду…Шун подполковник…Черсис шина салтийчунна г1иба валлалца йиттина… х1инца, схьахетарехь, т1е мийраш бетташ а ву…
АДАМ. Х1а-а! Иза-м и дийра долуш ву хьуна делахь! Жима волуш ишколехь хийла суна а кхетара цуьнгара йог1ий х1ума. Со а вацара вухаволуш-м… делахь а… Амма и къарвалуш дийна ишколехь цхьа к1ант вацара!
ИВАНОВ (АЗ). Хьажахьа капитан, х1ара Гатаев Черси ишколехь волуш дуьйна хьераваьлла ву олуш вацара?
АДАМ. Деллахьа ца хаьа-кх, кхин лоьраша т1еч1аг1деш х1ума-м дацара.
ИВАНОВ (АЗ). Хьажахьа, х1ара, билгала хьераваьлла ву, вац ца хуъуш волу, подполковник Гатаев Черси, х1ара ши салтий вийна воллуш-м лаьтта хьуна!
АДАМ. Шиъ бен вуй и салтий?
ИВАНОВ (АЗ). Шиъ бен вац цкъачунна, со кабинетана чухула дог1а д1а а тоьхна 1аш ву.
АДАМ. Салтий шиъ бен вацахь, и-м доккха х1ума дац.
ИВАНОВ (АЗ). Ва-м х1инццалца шиъ лейтенант вара уьш, х1инца-м оцу подполковника Гатаев Черсис салтий бина царах.
АДАМ. Ткъа дан х1ун дина оцу ши лейтенант хиллачу салташа?
ИВАНОВ (АЗ). Суна-м ца хаьа… Цхьа жима стаг, нохчо, валийнера кхуза салташа, БТР-рана чохь. Цо дере дан ца туьгура тхуна…
АДАМ. Стенна дере ца дора оцу жимачу стага?
ИВАНОВ (АЗ). Ца хаьа, оха кхаамо шен шайолу цергаш охьа аьтча а, ша «т1емло» хилар дере ца дора-кх! Берза к1еза санна дуьхьала ваьллера! Шен куьйг кагдича а, къар ца лора и-м.
АДАМ. Ткъа шуна стенгара хаьара и к1ант «т1емло» вуй?
ИВАНОВ (АЗ). Бумтара валийна ма ву и! «Т1емло» ца хила йиш йац и! Ткъа подполковника Черси Гатаевс и к1ант шена вевзаш ву боху. Шеца аьрмехь цхьаьна хиллачу накъостан к1ант ву боху-кх.
АДАМ. Иванов, хьан кабинетан дог1а ч1ог1а дуй?
ИВАНОВ (АЗ). Дац… Г1о оьшура суна а…
АДАМ. Х1инцца со д1авог1у хьуна… Хьо ву-вац а ца хоийтуш, «тап!» аьлла 1елахь. Аса дийра ду хьуна а цхьажимма г1о!
ИВАНОВ (АЗ). Сиха вог1ий хьо, капитан…
АДАМ. Дера вог1у и дарц хьийзо шийла мох санна-м! Ког лаьттаха ца кхеташ!
(АДАМ СИХА АРАВОЛУ)
 
                5 сурт

ЭКРАНА Т1ЕХЬ МИЛИЦИН ОТДЕЛАН СУРТ. ЧУВОГ1У ЧЕРСИ, АДАМ, Г1АЙРБЕК..

ЧЕРСИ. Ванах! Хьо хьера-м ца ваьлла, ва Адам! И х1ун дара ахьа оцу Ивановна динарг? Дап-дип-дап! Т1ера а ца ваккхалуш…
АДАМ. Оцу Ивановс-м хьо ву бохура хьераваьлла… Шина лейтенантах ши салтий а вина воллуш!
Уьш хьох к1елхьара баха кхойкхуш ма вара иза соьга. И Иванов а ма хилла оцу Бумтара к1антана бехк боцуш йетташ.
ЧЕРСИ. Боккъала а бохий ахьа! (Д1АВАДА Г1УРТУ).
Г1АЙРБЕК. (ЧЕРСИ ХАЛЛА САЦАВО) К1ентий, шу-м дика лАралуш ма ду! Со эцца Соьлжа-г1ала а вахана вуха ванле, аша-м дика ловзар х1оттийна х1окху отделехь!
АДАМ. Со-м кхин а цхьажимма бохь буг1ура болуш вара. Х1окху Черсис тоьура ду ца аьллехьара. Ша-м хелха вуьйлуш ву, саца а ца хууш.
Г1АЙРБЕК. Ахьмад-хьаьжа Нохчийнчохь куьйгалхо х1отталца, шайна леладан мегаш долу х1уманаш, х1инца а шайн чекхдера ду моьттуш бу х1ара цхьаболу эпсарш а, салтий а! Аса ма-дарра шайга д1адийцича, российхойн лакхара эпсарша суна хьалха ч1аг1о йира: бехке болу салтий а эпсарш а суде д1абалан. Машаре бирзина болу «т1емлой» а, ц1аберза реза хир бац, иштта салташа бехке боцучу нохчийн кегийрхошна т1ехь та1азараш лелийча. Ткъа Ахмад-хьаьжас ша дош ло, машарен некъе вирзина «т1емло», куьйг мукъа вита. И кхайкхам эрна хуьлийту оцу харцонаш лелочу салташа а, эпсарша а.
ЧЕРСИ. Т1аккха, х1ун ду Соьлжа-г1алахь? Ахьмад-хьаьжехь х1ун хьал ду? Митингехь эккхар дина ма боху цунна уллохь.
Г1АЙРБЕК. Делан къинхетам хьалха баьлла дийна висина Ахьмад-хьаьжа. Ларцало и, къонаха стаг ву! Мостаг1ий дукха бу, оцу т1амах пайда оьцуш российхойн «т1еман парти» а, нах лечкъош т1еман ц1аро куьйгаш дохдина нохчий бу бохурш а! Далла хастам бу, х1ара хьал жимма толуш доллу. Чуьра аравала а йиш йоцуш дукха шераш текхира вай.
ЧЕРСИ. Селхана а, тахана а Сипсо-г1алара а, Несарера а дукха, т1амах бевдда бахана вайн 1ашхой-Мартана к1оштера нах ц1абирзина. Ахьмад-хьаьжас шен куьйгаллийца автобусаш а луш, ц1акхуьйлуш бу нах. Тахана вайн къомана оьшуш берг машар буй, ца кхета дукха нохчий! Къолам буйна а боьллина къийса деза х1окху заманахь! Къам даима а нийса ду, хьайн къомо мухха а некъ харжахь а, хьайн къомах д1а ма хада, аьлла ду вайн дайша!
Г1АЙРБЕК. Дуьненачохь ваха-м хьаха дац атта!
ЧЕРСИ. Вайн дахар, вайга хьаьжжина мах болуш ду. Вай х1окху дуьненахь дика дан кхиъинарг ду-кх вайн дахар а! Цхьаверг б1е шарахь веха, дуьнен чохь ву, вац а ца хууш. Кхинарг, шен 18 шо а кхачале, дуьнена вовза а кхуьуш д1авоьду Ханпаша санна.
Г1АЙРБЕК. Ткъа вайн йуьртахо, «командор Андре» олуш хилла, 1алавди Устарханов. Францин турпалхо! Къонахчуьна сий ца дойъу къомо, илли дой а дуьту цо къонахчуьна сий т1аьхьенна!
АДАМ. Х1айт йа1! Цхьа дуьне ду-кх х1ара! Вайн дайх а дисина! Вайх а дуьсура ду! Иштта цхьа бал а боккхуш даъан деза х1ара!
ЧЕРСИ. Ахьа Ивановца баьккхина бал, таханенна тоьура бац!
АДАМ. Моьттура дац, Черси, хьо соьга хьоьжуш лаьттина, хелхаран бал а ца боккхуш. Хьоьга и пекъар Иванов вен ца вейта орцаха веъна ма вара со.
Г1АЙРБЕК. (ВОЬЛУШ ВУ) Эйт! Цхьа к1ентий бу-кх сан доттаг1ий! Шуьца х1окху дуьненачохь цхьана вахар ду-кх ирс!
АДАМ. Д1адовлийша, дош дац х1ара… д1авоьду со.
Г1АЙРБЕК. Собарде, г1ундалг1аш т1ейовлалца собар де.
АДАМ. Х1унда деш ду аса собар, г1ундалг1аш т1ейовлалца?
Г1АЙРБЕК. Хьо стенга вахана хаийта! (ВЕЛАЛО)

                6-г1а сурт

(ЭКРАН 2004 ШО).

ЭКРАН. МИЛИЦИН ОТДЕЛАН СУРТ. ТЕЛЕФОН. АДАМ ИСТОЛАНА УЛЛОХУЛА Д1АСАЛЕЛАШ ВУ.

АДАМ. (БАГАХА ЦХЬА ЗУРМА ЛОЬКХУ) (ТЕЛЕФОНАН З1Е ЙЕКА) Адам ву. Капитан Умаров. Х1ун хилла цигахь?
ИШКОЛАН ДИРЕКТОР. (АЗ) Дика ца хеза суна хьо… муха бохура ахьа… майор?
Адам. Цкъачунна капитан ву, хьуна лаъахь майор а хила реза-м ву со.
ИШКОЛАН ДИРЕКТОР (АЗ). Со Керлачу Шаройн ишколан директор ву. Тхан электроподстанци йу боху йохийна. Ток йац ишколехь а, йуьртахь а… Хезий шуна…
АДАМ. Дика ду… кхийтира со… Аса электрикашка хоийтура ду… (ТЕЛЕФОН ОХЬАЙУЬЛЛУ). (ША-ШЕГА) Ой, и х1ун дара? Майор Умаров! Мегар ду, со-м дуьхьала вац. Хан а т1екхаьчна, алапа а т1екхетара ду!
Г1АЙРБЕК. (ЧУ ВОГ1У) Ассаламу 1алайкум! Адам, хьо хьаьнца къамел деш ву? Джинашца тайна-м вац хьо?
АДАМ. Ва 1алайкум салам! Г1айрбек, алахьа бакъдерг, майоран погонаш муха хир йара сан х1окху турпалчу белшашна т1ехь?
Г1АЙРБЕК. Дера хир йара ша и аьттехь нуьйра санна. (ВЕЛАЛО)
АДАМ. Г1айрбек, хьуна-м оцу хьан доттаг1чо Черсис ах шо хьалха йалийтина и майор ц1е. Суна ма ца йолийту аша шимма а, цхьана т1евирзина.
Г1АЙРБЕК. Аса къевлаха олу хьоьга… (Д1АСА А ХЬОЖИЙ) Хьуна т1едог1учу к1ирандийнахь лур йу боху ц1е…
АДАМ. Ахьа боккъала бохий!
Г1АЙРБЕК. Х1ун ц1е йу, х1унда ца хотту ахьа?
АДАМ. И хатта кхераме хета суна.
Г1АЙРБЕК. Бакъ хета кхераме. Багайиттича цхьанна а луш йелахьара, хьуна и йеза инарла ц1е йелла хир йара тоххаре!
АДАМ. Дера ву хьо а ледара доттаг1.
ЧЕРСИ. (ЧУВОГ1У СИХА) К1ентий, вай гинерий… Со шуьга х1умма а алан дезаш варий?
АДАМ. Хьанна хаьа, хьох х1ун къайленаш йохку.
ЧЕРСИ. (Д1АВАХА Д1АВОЛАЛО) Х1а-а! Дагадеира суна. Х1ан, Адам, д1алаца!
АДАМ. Х1ун йу и? Целофанан пакета йуккъе хьарчийна ма йу уьш. Помидораш-м хирг хира ма йац уьш!
ЧЕРСИ. Хьайаста, гура йу хьуна.
АДАМ. (ДУКХА Д1АХЬАРЧИЙНА ПАКЕТ ХАЛЛА СХЬАЙОСТУ). Эх1, дера вара со селхана 1уьйрана дуьйна аьтто куьйган керайукъ к1амлуш!
Г1АЙРБЕК. Х1у йу и, ва Адам? Бос хийца ма бели хьан.
АДАМ. (СХЬАГОЙТУ МАЙОРАН ПОГОНАШ) Дера йу, хьуна ца йог1ушехь, ах шо хьалха йелла майоран погонаш!
Г1АЙРБЕК. Хенахь-м ца хили хьох вуьззина къонах! Дала декъала йойла хьан и погонаш! Цхьа х1ума-м ду!
АДАМ. Х1ун ду и, лераме Г1айрбек?
Г1АЙРБЕК. Хьоьгахь и капитанан погонаш а вон ца хетара! Делахь а хьо, дуьненчу волушехь хилла гвардин майор ц1е йолуш!
АДАМ. К1ентий, кхана со волучохь гуллуш ду вай!
ЧЕРСИ. Мегар ду. Дала декъала йойла погонаш!
АДАМ. Эх1, оцу электрикашка телефон тоха дицдели-кх суна и шун погонаш бахьана долуш.
Г1АЙРБЕК. «Шун» ма боху ахьа! Х1инца хьан йу уьш, лаъахь а, ца лаъахь а лелон йезаш а йу!
ЧЕРСИ. Х1ун хилла тухуш йара ахьа телефон электрикашка, Адам?
АДАМ. Керлачу Шарахь подстанци йохийна боху цхьамма. Ишколан директор вара телефон йетташ.
ЧЕРСИ. Мегар ду, со оьшуш хилахь, хоийтура аша. (Д1АВОЛАЛО).
АДАМ. (ТЕЛЕФОН А ТУХИЙ, СИХА). Черси! Д1а ма г1олахь.
ЧЕРСИ. Х1ун боху ахьа, Адам?
АДАМ. Оцу электрикаша боху… шаьш цига дахан даьхьара дац.
ЧЕРСИ. Деллахьа ма дукха г1уллакхаш дара сан, тахана чекхдаха дезаш. Со суо г1ура ву со цига. Машен кийча хилийта алахьа, Адам, телефон а тохий сержанте.
АДАМ. Г1ура вац, хьайца со а воцуш! Оцу хьуьнхахь «т1емлой» хаъабелла х1окху деношкахь. З1е лаьцна лаьтташ эскархой а бу цигахь.
Г1АЙРБЕК. Со а вог1у шуьца.
ЧЕРСИ. Шуьца къийсар эрна ду! Кечам бе т1аккха. Герз схьаэца. Со х1инцца волу шуна, Берзигов Ахьмадийга цхьа-ши кехат д1а а делла, Соьлжа-г1ала д1ахьажадайта.

                7-г1а сурт

(ЭКРАН. Хьуьна йистан сурт). Соцучу машенан г1овг1а. Гучуволу Черси, Адам, Г1айрбек.

АДАМ. Делахьа ма хаза меттиг йу х1ара Керла Шаро, х1окху хьуьнан мах бац!
Г1АЙРБЕК. Вайн мохк шабериг а бу хаза. Цундела марзбелла хилла кхуза монголаш а. Х1окху меттехь, х1инца Керла Шаро лаьттачу меттехь, 1асса хин йисттехь боккха т1ом хилла нохчийн Астаг1а Темаран ордангийца а.
ЧЕРСИ. Ларлуш хилалаш, к1ентий! Олхазарш декаш хезаш дац! Герз кийча хилийталаш!
АДАМ. (ХЬУЬНА ЙУККЪЕ ЧУ) Х1ей! Хезий шуна! Герзаца бегаш ма белаш, цкъа даьккхина 1уьрг, д1атега хала хуьлу!
ЧЕРСИ. Адам, Г1айрбек, ма тохалаш герз, нохчий бу оцу хьуьна йуккъехь схьахетарахь! 
Г1АЙРБЕК. Вайна т1ехьа д1алачкъа меттиг бац! Машена т1ехьа хьулдала деза вай! Дикана тебаш бац уьш! Охьа мукъна лахлолаш!
АЗ. (ХЬУЬНА ЙУККЪЕРА БУЬРСА) Шу вон даьхкина кхуза, к1ентий! Тхо оьрсийн ц1ий 1анон кечам бина 1аш дара! Шу шайна буха боьду некъ хадийна кхечи кхуза! Тхуна бен а дац: оьрсийн салтий а, шу а – церан хьадалчаш хилла лелаш долу!
ЧЕРСИ. К1ентий, шу жимма тилделла! Шух кхоьруш делахьара, тхо тхайн ц1ахь 1аш хира дара! Шуна дезахь, дов дийр ду вай! Амма вай дехьара а, сехьара а ц1ий цхьаъ ду – нохчийн ц1ий! Тхо нохчийн къомана машар лоьхуш арадевлла ду! Нохчийн къам дуьненачуьра дайна д1адолуш лаьтта, х1ара т1емш бахьана! Сан ц1е Черси йу! Аса тахана ч1аг1о йо, нохчочунна герз кхуссура дац айса, аьлла! Шаьш нохчий делахь, аша а йе иштта ч1аг1о! Нохчаша иштта ч1аг1о йича, х!уттура бу Нана Нохчийчохь машар! Шаьш къонахий хилар тешала деш, шайн йаххьаш гайта! (ЧЕРСИ ДИЙННА ДЕГ1 НИЙСАДЕШ ХЬАЛАГ1ОТТУ). (ХЬУЬНА ЙУККЪЕРА ГЕРЗ ДОЛУ. ЧЕРСИ ОХЬАВОЬДУ).
(Г1АЙРБЕКАС А, АДАМАС А ГЕРЗ ДЕТТА ДОЛАДО ДУЬХЬАЛА).

                8-г1а сурт

(ЭКРАН. МАЖИН КЕТ1Е СУРТ). МАЖА ЙУ КЕТ1АХЬ ХЬОЬЖУШ ЛАЬТТАШ. БЕСИРА А ЙУ ДЕХЬУО ШАЙН УЬЙТ1АХЬ ЦХЬАЦЦА Г1УЛЛАКХАШ ДЕШ.
 
МАЖА. Бесира, и г1уллакхаш цкъа а кхачалуш дац-кх хьан. Ма дика зуда йу хьо, и куьйгаш соцуш дац хьан денна дохала.
БЕСИРА. Ва, Мажа, со-м иштта ахьа санна массо а т1ехбовлучаьрга «ма дика зуда йу-кх и Бесира!» алийта г1ертий. Мажа, хьо хьуо а йу дика ларалуш, бакъ дериг дийцича, хьайн дахар Черсина д1аделла, и ц1а ван ларвеш д1айоьду хьан шайолу хан. Бакъдерг дийцича, Черсига кхочуш к1ант хир вац! И санна волчу к1анте хьежа а мегар ду. Х1инца шен х1усама а, бераш долуш 1аш ма ву Черси, т1аккха а хьоьжучура дог ца соцу-кх хьан.
МАЖА. Деллахьа, Бесира, х1ара дийнна к1ира ду сан дог карзаха даьлла лозуш долу. Х1ун ду а ца хаьа, сийсара набаран суй бина бац аса, цхьа тамашена г1ан а гина самайаьлла.
БЕСИРА. Далий, маликаший дикана дойла! Дийцахьа, ва Мажа, дийцича х1ума дайло, олу вайн наха. Самагаттаде ахьа, хьан к1ант Черси вай йуьрто хилла ца 1аш, беригге а вайн махко а лоруш къонах ву!
МАЖА. Дела реза хуьлда, Бесира! Делахьа тамашена г1ан дара и. Нана, со нахана гур ву бохуш, ахьа хьайна мара ца оьккхийту дела, цхьанне а ца гучохь, г1енаха хьо марайолла веъна со, аьлла, со къевлина мара а йоьллина, д1авахара Черси, вела а къежаш, шен дашо месаш малхехь лепа а йеш.
БЕСИРА. Ирс долчу стеган а, зудчуьна а хуьлу олу хьаьрса бос болуш месаш. Хьан к1ант а ву ша и малх санна лепаш! Дала диканца доькхийла хьан г1ан, Мажа!
МАЖА. Дела реза хуьлда хьуна, Бесира! Хьо йацахьара йиш йан а дера йацара!
БЕСИРА. Дера вайшиъ цхьана хьалакхиъна ши лулахо ма йу, вовшен ца хилича йиш а йоцуш!
МАЖА. Эх1! Ма тохадели сан дог! Йа Аллах1, Дела! Къинхетам белахь!
БЕСИРА. (УЛЛО ЙОГ1У) Ва Мажа, иштта шен садаан мегара ма дац. Черси мичхьа меттехь ларалура волуш, борз санна майра къонах ма ву!
МАЖА. И ду-кха аса сагаттадеш дерг а! Шен са кхоъора долуш вац и нехан дуьхьа, накъостийн дуьхьа! Хала хан ма йу вайна гонаха хьийзаш, буьрса зама йу! Ткъа сан Черси т1емло ма ву! Эпсар ма ву…

ГЕННАРА УЛЛО ЙОГ1УЧУ МАШЕНАН Г1ОВГ1А А, Г1ИЙЛА ОЛУШ ЙОЛУ НАЗМА А ХЕЗА. КЕТ1А ВОГ1У АДАМ А, Г1АЙРБЕК А.

Г1АЙРБЕК. (МАЖИГА) Деца, хьайн дог ч1аг1делахь, хьайн сина собар а дехалахь оцу Везачу Деле! Тхо ирча кхаъ бохьуш даьхкина хьуна тахана! Къинт1ера йала тхуна, тхан ницкъа ца кхечи хьан турпала к1ант 1ожалах к1елхьара ваккха!
АДАМ. (МАЖИГА) Деца, тхойшиъ мелла а т1ебог1у бала байбан, хьалхаваьлла схьавеъна. Хьан доьнала долу дог тхуна дика девзаш ду! Ч1аг1делахь хьайн дог!
МАЖА. (ХАЛЛА КЕРТ СХЬАЛОЦИЙ, УЛЛОРЧУ Г1АНТА Т1Е ОХЬАЛАХЛОЙ СОЦУ, Б1АЬРХИШ ОХЬАХЬОДУ).
БЕСИРА. (МОХЬ ТУХХУШ ЙОЬЛХУШ СХЬАЙОДУ, МАЖА МАРА КЪУЬЙЛУ).
Г1АЙРБЕК. Дог майра к1ант кхиийна хиллера ахьа, (МАЖИГА) деца! Тахана хиллачу т1аман тасадаларехь, тхуна хьалха а ваьлла, шен са д1аделира Черсис, мостаг1чуьна-нохчочуьна са ша лар а деш!
АДАМ. Турпалачу к1ентан нана хиллера хьо, (МАЖИГА) деца!
Г1АЙРБЕК. Оцу Везчу Дала декъала вина т1еоьцийла вайн Черси!
АДАМ. Везчу Дала декъала войла Черси! Дала г1азот къобал дойла цуьнан!

НАЗМАНА АЗ ДЕКА Г1ИЙЛА.

БАЙТАШ ЙОЬШУШ ВЕРГ (АЗ) (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз).

Баккхийнчу цу наха иллешкахь вуьйцура ву Черси,
Майралла хестайеш, доьналла масалехь дуьйцуш.
Кегийрчу цу наха шайн дахар дустур ду Черсих
Турпала ойланаш болатан шаьлтанца йуцуш. 

Х1ай Нана Нохчийчоь, ма ирсе пачхьалкха йу хьо!
Хьайн к1ентийн майраллех, доьналлех йоьттина йу хьо,
Мехкарша г1иллакхца исбаьхьчу куц-кепехь йина хьо,
Цу Дала эзарнаш шарашкахь йахийта кхоьллина хьо!
 
 
                ЧАККХЕ.
               


Рецензии