К1айн г1арг1ули белая лебедь

  Яхьян Салахьаддин

ПЬЕСА
(драма)


КIАЙН ГIАРГIУЛИ

 
17. 11. 2017.



 
ДЕКЪАХЬБЕРШ




Мурид  - байтанча

Уммат – Мурида  денана 
   
Заза – Мурида  юьртара  йоI  и везаш  йолу

СаIид – яздархо
 
Муслим  Г. –  партин  секретарь

Александра – Мурида  хилла зуда
 
Парти  - Iедалан белхало
 
Бесира –  тешам боцу зуда
   
Зуда – Муслима белхало

Салти -1, 2

Кхин берш а





Хьалхара дакъа
1-ра сурт

               
Ц1ЕРПОШТАН САЦАР ХЕЗА. ДОХК Ю. ЦУ ЮККЪЕРА СХЬАВОГ1У МУРИД, ШЕГАХЬ ЧАМДА А ЙОЛУШ. ВЕТА БОЛУ КОЧ Ю Т1ЕХЬ, ЦУННА Т1ОЬХУЛА КОСТОМ. Г1ОДАЮККЪЕХЬ ДИХКИНА БУСТАМАШЦА ДОЬХКА. КОЬРТАРА МЕСАШ ХЬАЛАХЬЕКХНА Ю. КОГАХЬ ЭТКАШ  Ю (ЭПСАРАН ОЛУРШ). ХХ-г1а Б1ЕШЕРАН 30-г1а ШЕРАШ. МОХЬМАД-САЛАХЬ ГАДАЕВ РОСТОВ Г1АЛАХЬ РАБФАКЕХЬ ДЕШНА ВАЬЛЛА Ц1АКХАЬЧЧА. МУРИД ЦУЬНАН ШОЛГ1А Ц1Е Ю, ЦУО ША-ШЕНА ЙОККХУШ ХИЛЛА.

 МУРИД
 
Хьоьгара мерза кост доцуш
Дуккха а заманаш ю.                Банне а синна тем боцуш,                Гатвелла вог1уш со ву.
Вайшиннан некъах ца тилча,                Хьелур яра техьа хьо?                Захало вайн долуш хилча,                1елур ма яцара хьо.


Т1ЕЙОГ1У ЗАЗА. КХУННА ИЗА ГУШ ЯЦ. ЦУЬНГАХЬ МАРА ЛАЬЦНА АМАТАШ Ю. ЦУННА Т1ЕХЬ ЕХХА КОЧ Ю, КОЬРТАХЬ ДОККХА ТИЛЛИНА ЙОВЛАКХ ДУ, ЛАГ КЪАЙЛА А ДОККХУШ. КОГАХЬ ЦХЬА ЖИМА К1АЖА БОЛУ МАЧАШ А(ТУФЛЕШ).

               
 ЗАЗА

Хийрачун хьарамло новкъа ца хета.                Хетахь а – башха и 1отта ца ло.                Шечуьнниг, топ санна, дагна чекх кхета.                Кийрахь цо, 1овжавой, хьовза ма во.
К1еззиг бен яцахь а, йолу и новкъа -                Безам сов мел хили, 1овжам сов бу.                Лаьмнаш цо херцадо г1аьттинчу шовкъан,                Сирлачу дийнах цо буьйса еш ю.


МУРИД

Т1аккха ахь «шеконан» шийла кор доьллу -                Даг т1е к1ац хийшаеш, дарц хьовзадо.                Хьоьгуш сатийсинарг дарцо д1алоьллу,                Аьргачу ойланийн бала базло.


ЗАЗА

Марша вог1ийла хьо, Мурид! Хьайна са-м гатдайти ахь - тхоьга-м.

 
МУРИД

Делера маршалла хуьлда хьуна а, Заза. Сайна гатдина ца дина-м хуур дац суна, айса гатдирий-м – тешалла ду сан дан.


ЗАЗА

Тхох тешам д1абаллал, тхоьгара даьлларг х1ун ду, дуьйцур дарий ахь?


МУРИД

Хьо нийса ца кхийти, ас хьо хьовзош аьллачунах. Шен дагахь верг – ша дагахь волуш (шен везарг – ша везаш) караво дукхахьолахь.


ЗАЗА

И бакъ хила мега хьан. Нехан некъ ца бохийначун некъ бухур бац. 


МУРИД
 
Тамаше сихъелла, едда,                Бералла яьлла яха.                Цунах хьо валале кхетта,                Воккхалла дийзи лаха.
Суьйренаш къегина яйча,                Кхалхаран ойла яло.                Эшар-аз лергана тайча,                Вахаран ворда хазло.


ЗАЗА

Хьан дешаро стом латийна моьтту суна, байтийн г1адт1е.


МУРИД

И-м йоккха ц1е ю, ас-м кехат тишдар бен кхин сов даьлла х1ума дац лелош. Вайгахь х1ун ду, массо а могуш волуш 1аш дуй шу, ларадой?


ЗАЗА

Делан къинхетамца, дика 1аш ду. Дан х1ума доцуш ца дуьсу тхо-м.

 
МУРИД

Заза, лармаза-м хир дац хьуна, къаьсттина хьо дуьхьала суна кхетар, со ц1авог1уш. Со новкъа а ахь ма ваьккхира. Х1инца санна, дагадог1у суна и де, г1арг1улеш яра, мог1а бина д1айоьлхуш цу дийнахь. Царех цхьаъ т1аьхьайисина гуш яра. Х1окху дехачу шерашкахь иза дагара ца йолура суна, цунах х1ун хилла техь, бохуш?


ЗАЗА
 
Массо а х1уманна зоргаш (знаки) ю. Уьш еша хаахь цара дерг дуьйцу хьуна. Гезго тесна маша санна вовшийн хьаьрчина, вовшех доьзна ду аьлла, ца хета хьуна вай? Даима а - заманахь хан цхьаъ йолуш, я и ян а йоцуш – вай бен?


МУРИД

Масала хаза далий ахь, Заза. Цу сагалматан ц1еран чаккхе а лаьтта «го» аз долчу хьаьрфех. Эпикура бийцина го бу-кх х1ара, адмаш а санна г1арг1улеш а ю-кха шайн гуонехь.


ЗАЗА

Дег1а-чалхана лаьттара хьал довзале ойла ана йийлахь, сеннар(пространство) юккъехь виса а сахьт дац стаг. Некъ беха хета цу шинне юккъехь беънариг.


МУРИД

Хьалхара г1улч яьккха: мелла а бацбелла карор бу хьуна некъ. Х1ара юьхь бен яц вайн дан дезачу боларан. Керла дахар ду вайга хьоьжуш лаьтташ, шен къайленийн не1арш д1аяьлла кийчча!


ЗАЗА

Дика ду хьо маьрша ц1авирзина, хьан 1амар а Дала беркате хуьлуьйтийла халкъана а, махкана а. Кхин хьен ца во ас хьо, хьан ц1ахьберш а бу хьо гаре сатесна 1аш… Вай х1инца кест-кестта гург хир ду, Даламукълахь.


МУРИД

Цхьаццачу б1аьргана
  гуш хуьлу шера,   
      дешнийн бехк кхоьллина,            
           лечкъина дерг.             
Къоланчин мотт хилац 
  къоланна къера:
         дуьйцу цо хьулдина 
              довзацатерг?


ЗАЗА

Гена вахана вог1учо шеца цхьаъ яхьаш а хуьлу, бухахь шен цхьаъ карош а хуьлу. Цхьа х1ума ду… Хьайна а хуур ду хьуна…


МУРИД

Дийцахь ахь дагахь ма-дарра,                1овжарах 1алаш ца веш.                Хийла со лайна ву тарраш,                Тешаро эша со веш!

 
ЗАЗА

Ирс хета йиш хилар хьоьца дог декъа,                Хетачийн, хезачийн хьесапаш дохуш,                Хиллачийн, хиндолчийн чуччаха некъаш                Довзуьйтуш, вайшиннан гергонца йогуш.


МУРИД

Хаац-кха, кханеша доьг1на,                Некъаша х1ун дахьар шайца,                амма со доллучул кхоьру                Тешначух тешнабехк балар.                Х1уъа лан хир вара реза,                Диккачул дарцашкахь латта.                Лалур дац тешаро эшош                Цхьан меттан га хилахь шалха.


ЗАЗА

Х1ан, иштта д1а… х1умма а дац. Ойла ма йе ахь цуьнан.


МУРИД

Х1инца хьайна а хаьа-кх хьуна и нийса хир доций, х1ума къада а дина и къайладахьар?


ЗАЗА

Ва, Дела! Сайна т1ехь доцург хьедеш ю-кх со… Йисита…


МУРИД

Т1аккха, кхин д1а?


ЗАЗА

Йиситас маре дина. (Доккха са доккху.) Эли-кх ас.


МУРИД

Дика ду-кх ахь иза хаийтина.                Далла бу хастам, со сайн ц1ахь ву…                Цунах йийр яц вай кхин 1алаг1ожа.                Ц1ен-Бердан иллеш аланза ду!


ЗАЗА

Мила ву ца хотту ахь…


МУРИД

Иза милла а хиларх х1инца – ладам болуш дац.


ЗАЗА

Суна моьттура…


МУРИД

Эрна моьттура, моьттинехь!


ЗАЗА

Иза дохкояла а мега…


МУРИД

Салларех полла хуьлу, амма поллах саллар - цкъа а!


ЗАЗА

Суна хьо…


МУРИД

Хьо цхьанхьа йоьдуш сиха яр-кх!


ЗАЗА

Ц1ера ваьлла зама яккхарх, хьан амал цуьрриг а йоьжна ца го суна. Х1инца а мел дукха ду хаьий хьуна уьш, цаторраш, ахь бан леринчу новкъахь. Воьлуш – воьлхуш, вужуш – г1оттуш. Х1ора а стага ша къастадо, ша царех муьлханиг хир ву. Хьуна хала-м хир ду кху дахарехь, нагахь хьо хьайца - хьуо висахь.


МУРИД

Хийца-м хьоъ ца елла, хьалха санна дош ира ду хьан, ткъесах дагах чекхдолуш. Заза, юха а боху ас, суна хьо гина барам боцуш хазахета!

 
ЗАЗА

Хьо дуьххьара вац соьга и, бохуриг. Суна-м иштта ца хета иза. 1аба хьайна - ц1аверзарх.


ЗАЗА Д1АЙОЛАЛО, ЦКЪА ЮХА ХЬОЖУ, ЦХЬАЪ АЛА ДАГАХЬ-М, ЮХА А ЦА ОЛУШ Х1УММА А, Д1АКЪАЙЛАЙОЛУ. МУРИД ХЬАЛГ1А СХЬАВОГ1У.


МУРИД

Башха дог делла ахь суна,                Со г1ийла кхоьллина, Дела.                Цкъацкъа и, г1ор а дой, х1утту,                Т1аккха и 1аьршашкахь лела…
Ветта-м лур вац со б1арзвелла,                Ишттаниг божаршкахь тац.                Амма, кхин, дагар дицделла,                Йоькхане лах а лур вац...
«Шийла» кхаъ баьккхи Зазаса:                "Йисита ц1ера ялла..."                Моттанза чов еш дагна,                Дег1ах чекх "орца" даьлла.   
Дийцар товш дац, олу наха,                К1оргехь шен кийра буург.                Соь ца ло и къайладаха -                Сайга сайх лечкъацалург.


2-гIа сурт


МУРИДАНА ДУЬХЬАЛIОТТАЛО IЕДАЛАН БЕЛХАЛО. ЦУННА ТIЕХЬ IАЬРЖА ДУХАР ДУ, ЛОГЕХЬ ХЬАРЧИЙНА ШАД А БОЛУШ. КОЬРТЕХЬ ЛАБА ЙОЛУ ПЕС Ю.

 
ПАРТИ
 
Хьуна хаийта лаьа суна, партина ч1ог1а мехала бу хьо санна жигархой. Хьайн т1алам барна хьо реза хир ву аьлла хета, цхьана к1отарара волу хьо, хьайга дешийтарна. Тхан мог1аршка д1ах1отта сихвала веза хьо.


МУРИД

Х1ора а нохчочун хьалхара мог1арехь лаьттарг маршо ю.

 
ПАРТИ

Хьан маршо х1ун ю т1аккха? Цхьаннах а возаш ца хилар?


МУРИД

Къонах возуш дукха х1ума ду, шен ден-нанна т1ера д1аволавелла. Шен дайн г1иллакхаш ларар, царех вашар, уьш 1алашдар. Даймохк ларбар мостаг1ех. Кхин масане ду уьш.


ПАРТИ

Уьш цхьа дуьхьала дац оха бохучунна, мелхо а уьш деза дукха тхуна а.


МУРИД

Т1аккха вай дийца х1ума дац-кха, нохчаша уьш лардеш ду, аш шайниш лардичхьана.


ПАРТИ

Хьо жимма б1останехьа кхета вайн юкъарчу г1уллакхах. Оха доладеш ца хиллехь шу тоххара «д1акхаьллина» хир дара…


МЮРИД

Дика ду, цхьана хаттарна жоп лохьа суна, ц1енна.


ПАРТИ

Ч1ог1а сиха ву хьо, хьайга дуьйцачуьнга ладог1а 1ама веза хьо.


МЮРИД

Цхьа хаттар.


ПАРТИ

Дел, хьайн хаттар.


МУРИД

Ахь ма боххура сурт хилча, нохчашна т1ехь хьена олалла дара шу дахкале? Тхо хьанна къарделла к1ел севцера, аш к1елхьара даха дезаш?


ПАРТИ

Хьуна х1инца дукха х1ума ца хаьа, хьо ца кхета…


МУРИД

Жоп ло хаттарна. - Замга х1утту. - Со балха т1е кхача сиха ву. – Д1авоьду.


ПАРТИ

Хаа лаьара: кхана и кхетам хьан ло? 1илма мичара 1ема? Йоккха ойла яйта бахьана мичара долу? Кхарна и хьеха цхьа а ма вац, оха хьоьхург бен кхарна хаарш довла меттиг а ма яц. Г1иллакхаш? Цу т1ера д1адуьладаладеза, х1аъ. Хала меттиг ю соьга кхаьчнарг, 1аламат хала. Сайн накъостан йо1 – Александра, - кхуза схьаялон еза ас, сайна г1оьнна.


3-гIа сурт


МУРИД ВУ ИШКОЛЕХЬ. КАРАХЬ ТЕПТАР А ДУ. ГОРГАЛИ БЕКА, ДАРС Д1АЯЬЛЛИЙ ХОУЬЙТУШ. ДУЬХЬУЛА ЙОГ1У ЗАЗА. ЦУЬНГАХЬ ТЕПТАР ДУ.



ЗАЗА
               
Вай, Дела. Ма г1елйи-кх со дешархоша. Таханлера чурха ч1ог1а хала яра сан. Хьан дарс яцара?


МУРИД

Х1инца ю сан дарс. Ц1е х1ун яра хьан чурхан?


ЗАЗА

«Нохчийн байтийн мел дакъа ду керла стаг кхиорехь». Суна хьо г1алахь соцур ву моьттура, болх беш.


МУРИД

Хьуна ма гарра со кхузахь ву-кх. Г1алахь дика-м дара, хотт а боцуш. Цхьаннин мекарлонан ницкъ бу т1ебаьлларг: цигара д1аваьккхира со, кхуза схьахьажийра. 


ЗАЗА

(Дукха хазахетта) Хотта-м хино д1ац1анбора. Хьуна гур ду хьуна… хьо дохко вер вац… цхьа долу бераш мел пох1ма долуш ду хьайна хиъча… Царна хьан, цхьайолу байташ а ма хаьа… Мел даггара йоьшу цара уьш, и шайца хиллача санна… (Йоьд-йоьдуш к1антана юххехь нисло.) 

 
МУРИД
 
Собар, собар! Ва Заза.(Йо1 йоьхна.) Шадерг цкъа ала ма г1орта, дийца буха дита цхьадерш (д1анехьа волу).

 
ЗАЗА

Дог, жима х1ума ю иза, ткъа дуьне а чулоцу! Ма дукха х1ума доллу адмийн цу дагчохь! Дешнаш тоьур а дацара шадерриг дийца!..


МУРИД

Ахь-м философи 1амича санна дуьйцу, Заза. Дог а, дуьне а, адамаш?    Бакъду – уьш ца довзар дарба а долуш ду-кх хьуна (горгали бека). Х1ан, х1инца сайн дарсе чу ваха веза со.


ЗАЗА

Йиситийца х1ун лаьтта хьан? – ц1еххьана. - Хатта мегар дарий? Иза ц1а ма еъний марера?


МУРИД

Хаьтти ахьа-м.(Шен таьптар юккъера цхьа кехат д1ало Зазига.) Хьан карахдалахь, кху мог1анаша дуьйцур ду-кх хьуна. Иза х1инца ладам болуш дац. Чевно «хьаьстина» дог ду диснарг. Лазорах терра – лозуш а. Цкъа яьтт1а бедар - тиша бедар ю, мел хаза мехий дехча а...


Заза ша юьсу, кехат т1ера д1адоьшу.


«Ахь бехк ма биллалахь,                Ас яздо алий,                Сел к1еззиг евзинчу                Хьайга сайн мог1наш,                Яздеш бен хилац-кха                Сапарг1атдолий,                1алац-кха ца олуш                1аьткъина дешнаш.                Сан са, сан дог-ойла,                Сан дег1ан пхенаш                Массо а м1аьргонехь                Дара хьох ийна.                Тийкхира и шераш                (Х1инцаъ ву тоькхуш),                Безамо, лаамо,                Хьегаро вуьзна.                Т1оьхула г1ар йоцуш,                Кийрахь мохь хьоькхуш,                Хьох йолу ойла сайн                Кир т1ехьа оьзна…
Ткъа хьуна-м (мичара?)                Дагахь а вацара,                Хьуо езар т1ехдаьлла,                Къурдаш деш 1ийриг.                Ахь тергал ца дира                Ас г1иллакх лацар,                Витира ахь вала                Хьуо езна лийриг…
…Хьайга ас вистхила                М1аьргол хан ехчахь,                Дош духадерзийр ахь                Т1е бехк а боккхуш?…» 


СХЬАЙОГ1У ЗАЗА, ДОГ КАРЗАХДАЬЛЛА А ЙОЛУШ.


- Хьуна езачунна хьо ца веза, хьо везарг - хьуна ца еза...                Иштта цунна со езийта Дала суна ницкъ белча. – Кехат иэт1адо. -                Ас дог дилла деза,… я ца деза… хьан хаьа: «хено чевнаш йоьхку» - ма олу наха?! И-м бакъ доций суна хиъна. Хан къиза ю, шеца ларацавахь цуо, хьо тилаво, т1ера ц1ока а йоккхуш… - Диснарг цоьсту. - Юха а хена х1ун бехк бу, адмаш ду-кх шайна г1олехь дерг х1ун ду ца хууш дерш? Заза, ахь динарг! Ва, елла яла со… ахь динарг… Цуьнан байт… Хьо-м тиларчу яхана… Ва, Дела, ас х1ун де? Х1аъ, ас вовшех латийна, т1ера схьа а язйина д1алур ю цуьнга. Айс-сайна болх баьккхи… (Елхар аьккха.) Цунна со цкъа а езалур яц… - юха а эт1адо кехат.


4-гIа сурт


З1ЕНАХ ТЕСНА БУЬКА ЕЙ КХОЗУ. УММАТ Ю ЙИТТИНА Х1УМНАШ Д1АХЬАРЧОШ. МУРИД «ДУЬНЕННА» Т1Е ВОГ1АВЕЛЛА ЛАЬТТА ЦХЬАНА ЮКЪАНА. ЦО ИЗА ХЬОВЗАДО НАГГАХЬ.

   
МУРИД

Нана! – Иза йист ца хуьлу. - Нана, ва Нана! И седарчий муха летийна, уьш муха латтадо-те оцу стиглахь?


УММАТ

1амаде ахь, цхьа м1аьрго а эрна ма яхийта. Куьйга дина г1уллакхаш-м дац хьуна иза.

 
МУРИД

Х1ора а седа сайрат(ПЛАНЕТА) хуьлуш буй-те Цуьнан? Бужуседа(АСТЕРОИД) х1окху лаьттан сайратах кхетахь-м, г1аали гуон(СОЛНЕЧНАЯ СИСТЕМА) чохь дуьсур дац хьуна вай. Хьо жима йолуш, цу хьокъехь х1ун дуьйцура 1елам наха?


УММАТ
    
Делера цхьа а кхерам бац хьуна, адамех ларло хьо. 


МУРИД

Ваха муха ваха-кх кху нахаца т1аккха…


УММАТ

Иза хаттар ду хьан, я жоп ду?

 
МУРИД

Суна сайна а цунах дерг хаьахьарий.


УММАТ

Вайн дахаро вайна, вай тешашдерг ло-кх. Хьо дикачунах тешахь – дика хьоьгар ду ахь, ц1ом оллийна лелахь – вуонаш а хьелур дац хьан керта кхача.


МЮРИД

Масала?


УММАТ

Хьо верг хила г1орта, хьо воцург нахана а дуьтуш. Нехан кисана ма хьежа цкъа а, хьайн киса айхьа дуза, хьанала дуза. Хьанал долчу рицкъано токх латтор ю хьуна. Долчу х1умнах кхетам а шорбийр бу хьан. Хьайн доцчунна сатоха, долчуьнан да хила, комаьрша куьг а лардеш. Хьайца болу гуо – хьайх терачераниг хилийта.

               
МУРИД

Эпикура далхинчунна герго ма ду иза-м, Нана?


УММАТ

Иза хьена «к1ур» бу ахь буьйцург?


МЮРИД

К1ур буьйцуш ваций со-м, 1илманча вуьйцуш ву, иза – ши эзар шо сов хьалха ваьхна.


УММАТ

Хьуна ма-хаъара со юьхьанцара йоза 1амош хьуьжаре ихина ю (ас хьуна дийцина цунах хьалхо). К1айн паччахь т1ом бахьаш чу веана, иза марса баьлча, нохчаша йоза 1амор дитар. Дита дийзира. Х1ора а юьртахь яра х1етахь и хьуьжарш. Уггаре г1ийлачун а ницкъ кхочур цигахь 1ама а, деша а. Цигахь тхуна и ахь буьйцу нах хьехийна а бац. Вайн дайшкара охьадеана динан баххашкахь дерг хьехадо-кх ас хьоьга. Вайн Сийлахьчу Элчанан некъ бу иза (Делера салам маршала хуьлда цунна) - безачунна. Ца безачунна – оцу Делах бойлачу ц1ечу 1едалан некъ а бу-кх, «дуьненан ялсамане» д1ах1оттор ю шаьш бохуш, къера ч1аг1онашца талорш латтош болчу.


МУРИД

Даима хиллий-те иштта хала адамна даха? Я къаьсттина нохчи бу иштта шайн хала баьхнарш? Оцу керстнаха-м къа ца хьоьгий хаьа суна, шайн дег1ана хало а йина.


УММАТ.

Пайхмарийн заманахь а хилла халонаш, хийцалуш дац адам, вуонаш 1а1ар бен. Вуьшта, хьуна хаьа деза: «нохчалла» иза ц1е яц, иза – лакхара «декхар» ду. Оцу «декхарехь» ваха хала ду. Массеран а ницкъ кхочур бац иза лардан, аттаниг лехахь-м муххале а. Атта дац нохчи волуш ваха, цхьана а заманахь а.

   
МУРИД

Вайна вешан бух ца бовзар ду-кх иза, йозанца охьабиллина болу. 


УММАТ

Нах хьекъалца баха г1ерта, и хьекъал шайгара а ду моьттуш.


МУРИД

Муха, Нана? Хьекъал дац урхаллехь палс тесна дог1ург? Дуьненан кхиаран белхаш, 1илма, хаамаш?


УММАТ

Хьекъал Делера хилар дицдо адамо. Хьекъал ду а моьттуш говзаллашца беха нах. Хьекъал делхьара, вовшашца г1оьртана хир дацара адамаш, барта гуонаха дехар дара.

 
МУРИД

Ахь со цецвоху, Нана. Со ца кхета т1аккха, нохчи вовшашца к1еда-мерза х1унда бац? Борз-газий хилла х1унда беха?


УММАТ
 
Тешам д1абаьлла дела юккъера, къинхетам а, гергарлонаш дуткъделла. Мотт а тишбелла. Шайн атта бийца боьлла нах нохчийн мотт, хийра дешнаш юкъа а кхуьссуш. Т1екаре маттаца нислуш ма ю, цуьнца цхьана дечуьнца а. Хьуьнах дечге ваг1нарг, диг ц1ахь дисан муха хир вара? 

 
МУРИД

Къолам боцу байтанча санна: кехат а ду, дешнаш а карийна, ткъа д1аязден г1ирс бац.


УММАТ

Хьо дечке ваг1аволлий – диг хьо; хьо талла ваг1а араволуш вуй – топ хилийта хьайца; хьо гена новкъа ваьллий – коьрта 1алашо баьрччехь латтае. Дайша лелинарг кхин д1а з1е ца ходуьйтуш т1едуоза. Йоза хила деза! Яздар! Б1аьрго лоцург, лерсан хезарг йозанца охьадилла, т1аьхьарчу гошна цунах 1илма хир ду хьуна.

 
МУРИД

Цхьа хьийдар(стимул) хила еза стаг вожа ца вожийта д1авуьгуш.


УММАТ

Иза цуьнан г1иллакх ду-кх. Г1иллакхех а, оьздангаллех а, ахь хьайна дечигах ма-йоттара ворда йоттахь – цуо мел гена а д1авуьгур ву хьо.


МУРИД

Ткъа хьан тешаме накъост мила хир ву, хьан г1ортор?


УММАТ

Доьзал хила беза. Зуда иман дерг яло еза. Доцца аьлча: чуверза веза. Т1аккха чуьра дуьйна гошна юкъа валавеза.


МУРИД

Зуда хьехор яц вай, Нана. Со цкъа кхета везаш ву сайна луучух. Цхьа некъ харжа. Со некъ къаьстачохь висна. Суна нохчийн мотт а беза, 1абада а еза, 1аст(астрономи, наука о космосе) 1амо а лаьа, кхечу сеннара(пространство) кхийранаш(миры) йовза а лаьа. Муьлханиг, х1ун де ас?


УММАТ

Массо а х1ума оьзна ду, мисхалг а. Жимчунна т1ера д1аволало. 


МУРИД

Цунаха-м кхетара со, иза хаьа а лаьара суна - кхетарал совнаха. Маматар(небесные) кхийранаш кхолла а муха ло, уьш йоха а муха юху? 


УММАТ

Жимчунна т1ера бохург, халчунна т1ера бохург ма дац. Массо а х1ума шен рог1е хьежош латтош ма ду Аллах1ан. Доцца аьлча, хьо велла д1аваллалца хьоьца хинверг, иза – хьо хьуо ву. Хьайца тарвала хьажа-кх. Х1инца маьрк1ажа бода къовлабалале г1ой, даьхни меттахь дуй хьажий вуола. Тог1и чохь говрашка а б1аьрг кхарстабе.

 
МУРИД

Тог1и ма тийна ю, лечкъинарг санна!                Юьрто а доьг1на ла. Стенга? – хаац.                Дийнаташ хьулъелла ерриш баннашка,                Маьрк1аже лестина 1аьржа-1аннашка,                Тог1и чохь лергана 1еб-себ хазац.

   
ИЗА Д1АВОЬДУ. УММАТ ША ЮЬСУ.


УММАТ

Нуьйр тиллинарг мила ву хьаьжжина нислур ду говран болар а. Хилларш, лелларш даг1на, х1инца х1ораммо а шен куьйга динарг хир ду, ткъа къамелаш, - эцца, хабар а хилла лелар ду... БОДА БАЬРЖА



5-гIа сурт


ПАРТИ ВУ ЛАЬТТАШ. МУРИД ВОЛУ ГУЧУ. МУРИД ГУШШЕХЬ ЯЙН ЙОВХАРШ ТУХУ ЦО.


МУРИД

Хьо ма лаьтта, зудчо чуьра араваьккича санна. Со кхузара а балхара д1аваккхийта веана-м хир вац хьо?


ПАРТИ

Даггара дог далхо улло хууш верг мила ву хьан? Я ван а вуй?                Я, хьайн деган г1ап а ч1аьг1на, чувоьлла ву хьо?                Хьо иштта велахь, ма къахета суна хьох.                Ма кхехкаво хир ву хьо, ма вотту хир ву хьо, ма, д1аьвшо санна,                1ийжаво хир ву хьо оцу ойланаша. Ма хала ю уьш кийрахь лело. 

 
МУРИД

Хьуна соьгара х1ун оьшу? Ахь х1ун де боху соьга?


ПАРТИ

Гергарло, накъосталла. Со г1алат ваьллера. Ас нисдина сайн г1алат. Хьо даржехь лакхаваккха аьлла, дийцина ас хьуна.


МУРИД

Цунах "Маршо" эра ду-кх ахь?


ПАРТИ

Дахар! эр ду-кх. Маьрша дахар. Хьуна хьо мила ву а хууш.


МУРИД

Суна иштта а хаьа со мила ву, хьуна хиъчахьани хьайх дерг.


ПАРТИ

Кхета со: жималла, ойланийн ойсаралла, карарчу ирсан пе беттар.  Даима ма ца хуьлу иштта, 1ен-ваха а воьлча. Хан оьзна ма ю - терзанахь.


МУРИД

Стигал къекъа йоьлча, цхьаъ хьала хьожу ойланашка волий, вукхунна некъ го цуьнан серлонехь, ша бан безаш болу. Х1ора а шен новкъа воьду.


ПАРТИ

Цхьаъ шен ирсе, важа – тиларчу. Шега дуьйцучуьнга ладог1а ца хууш хуьлу цхьаберш. Шега дуьйцург «хаза а хезаш» шечун ойла еш хуьлу и. Доккха сакхталла ду – шега дуьйцучуьнга ладог1а цахаар. Вай цхьана новкъа г1ур ду, къастар мухха а хилахь а.

 
МУРИД

Ас кхечу аг1ора ала изза: вай цхьана новкъа даг1а тарло, амма 1алашо хьалхе дуьйна а шен-шениг йолуш.


ПАРТИ

Хьо парти маца вала дагахь ву?


МУРИД

Дагахь ванне а вац со-м.


ПАРТИ

И ледар х1ума ду хьан. 


МУРИД

Партис луш долу хаттар а дегаза ду суна: «Делах теша, я ца теша?» - аьлла долу.


ПАРТИ

Хьо партехь вацахь – хьо цхьанхьа а вац. Хьан дешар а эрна ду, хьан язъяр а эрна ду. Хьо гена вохуьйтар вац. Хьуна сагатдеш, боху ас-м.


МУРИД

Бадуев Са1идан санна, бохий ахь? Дуди 1абдан санна, бохий ахь? Кхин масане бу уьш – эзарнаш? Царна тоьпаш х1ун динчунна туьйхира?


ПАРТИ

Хьо 1овдал ма вац, хьо хьераваьлла ву моттийта г1ерташ, хьо лелахь а. Тхоьгахь собар ду, тхо цхьанхьа а сиха дац. Хьайниг мел тоьур ду ала-м - хаац. Хьажал, кхин цхьаъ вог1у, иза лела хууш ву. – Мурид цу аг1ора д1ахьожу, ткъа Парти къайлаволу.

 
МУРИД

Ирсан моз                девзаш дац                цхьаццаболчарна:                Бажар яц 1алашо -                Бажабар ю.                Шера гуш яц иза,                «1алашо» царна,                Амма схьа1енадеш –                мерза моз ду.


Т1ЕВОГ1У СА1ИД, ЯЗДАРХОЙН БАРТАН КУЬЙГАЛХО.


СА1ИД

Мурид, х1ара г1ала мел ю лехийта-кх ахь соьга хьо. «Х1инцца, х1оккхаза вара», - олуш, юха цига кхаьчча: «Х1инцца, вахара д1а» - олуш. Хьуна т1аьхьа атта кхиа а лур вац. Дика ду суна хьо схьакарийна, шайн к1ошта йорта ян хьо кхиалае.


МУРИД

Ахь цхьа кост-хабар дитанехь, со суо т1екхочур ма вара хьуна, Са1ид. Шу долчу чу эккха ка ца яьлла висира хьуна со. Баттахь цкъа охьа веача г1уллакхаш дукха ма хуьлу. Юха, нехан цхьацца дехарш а хуьлу хьажа везаш.


СА1ИД

Бехке х1ума дац. Кхеташ ду. Со новкъа г1оьрти моьтту суна шуьшинна, со гучуваларцани и накъост д1аваха хьан?


МУРИД

Накъост-м, хьала а, охьа а вацара иза. Говрана некъа дуьхьал нислун лаьхьанал башха. Хьо лаъ-тара варий?


СА1ИД

Гайрбеков Муслим вара, секретарь Обкома ву иза, таханлера яздархойн жайлаца(поколение) цхьанакхета лууш. Яздархойн бартехь, хьо, билггала ваьккхина соьцани и волчу ваг1а.



МУРИД

Бахьана х1ун ду? Сан ц1е яьккхинчарна а Дела реза хуьлда.


СА1ИД

Бахьана ду, вайн 1абадехь долу ледара хьал а, пачхьалкхан г1уллакхех лецна болу неха лахара кхетам а.


МУРИД

Ма шен меттера хаттарш ду уьш, да-м ткъа, ма шен меттера.


СА1ИД

Хьо реза ву-кх т1аккха?


МУРИД

Реза муха хин вацара со, оццула бахьана даьлча и баланаш балхо.


СА1ИД

Делахь кечам бе, хаттарш йозанца охьадехкина хилча нийса хир ду.


МУРИД

Маьрша къамел хир дац иза, цхьана гуоранашчохь а доцуш?


СА1ИД

Муслимах г1оьртина болх бац цигахь, партин низам ду лелошдерг. Партин хаа лаьа х1ора стеган дог-ойла. Аьрха ойланаш къобал еш яц цо. Хьайна ларвала ца лаахь – хьайн корта бехка, ткъа Муслим ларвар - декхар ду вайна т1ехь. Уггаре а хьалха, цуьнгара хоттур ду.


МУРИД

Дакъаза ма яла хьо Нохчийчоь: хьаша хьан ц1ийнан доладан  х1оьттича, хьох мила хуьлу цу чохь т1аккха? Хьо санна волчу нохчочуьнца шерра къамел дан дихкина ду, бохург, – акха х1ума ду-кх иза.


СА1ИД

Лаа ма ца аьлла вайн дайша: «Хьалха хьажий бен ког ма баккха, т1ехьа хьажий бен дош а ма ала». Х1окху хьолехь хилар а Далла хастам бу. Ахь х1ун де хьуна аьлча, иштта хаттарш кечде: 1абада кхиорехь х1ун г1уллакхаш дийр дара – цхьаъ. Шолг1а - шира-керланиг г1иллакхех лецна хаттар. Пачахьалкхан г1уллакхех хьежамаш, иза - сайга х1ун далур дара хьожур ву со. Диснарг масех де ду хьуна. Кийчча хила.


6-гIа сурт


ДЕШАРАН ХЬУКМАТ. ХЬАЛХАЛЕРРА СУРТ. ЗАЗА Ю, ГОРГАЛИ А БЕККА ДАРСЕРА СХЬАЙОГ1УШ. Г1ИЙЛА ОЙЛА ЙО. ИЗА ТЕРГАЛ ЕШ Ю БЕСИРА. ЦУННА Т1ЕХЬ Ю ЕХА КОЧ, АММА ЙОВЛАКХ БУХАРА СХЬАГУШ МЕСАШ Ю, «ЖОЬРА-БАБЕХ» ТЕРА А ЙОЛУШ.


ЗАЗА

Бижийна ши б1аьриг                Аренга хьажийча,                Аренах ц1еяллал                Декъаза ма хили.   
Г1елбелла ши б1аьриг                Лаьмнашка хьажийча,                Ламанаш т1ехерццал                Декъаза ма хили.
Х1оьттина ши б1аьриг                Стиглане берзийча,                Стигланаш т1еелххал                Декъаза ма хили.


БЕСИРА КХУННА ЮХХЕ Т1ЕХУЬЛУ.


ЗАЗА

Со мегар яц кхузахь кхин 1ахь. Иза со тергал йийр йолуш вац. Со я к1оштарчу ишколе, я цхьанхьа г1ала балха х1отта хьажа еза. Мартант1ерачу сан ненавашас меттиг хуьлуьйтур бу аьлла соьга, г1аларчу газетийн вайбахь.


БЕСИРА

Къарлуш ю хьо? Вуьшта, жимма замг йолийтар шаьшшинне юккъе, дика дагадеана хьуна. Хьо х1оразза гуш йоцуш висча, т1аккха хьо иэша а там бу цунна.


ЗАЗА

И-м шек дер вер вацара, со цагарха-м. Со хир ю-кх, 1овдал санна, йоьлхуш лелаш. (Елха озайо.)


БЕСИРА

Ахь, иштта, хьо, кийрахь йиина кхачор ю. Я дог даста, я дассаде цунах д1а.

 
ЗАЗА

Ала санна и дан а атта делахьара. Суна и везар ч1аг1далар бен, г1еллуш дац. Гена яьлча мукъане а безам хьу ясталур яцар техьа?


БЕСИРА

Цхьа х1ума де вайшимма, Заза? Хаза 1овдал ца хуьлуш, наха а санна хьайн г1уллакх дехьа.


ЗАЗА

Муха? Х1ун г1уллакх ду иза?


БЕСИРА

Суна хаьа, наха сайна цхьацца, т1аьхьашха х1ума кхуллий. Со-м йоьлла цунах, х1инца бен а ца хета суна. Сан дог ц1ена ду, наха дуьйцучул а. Т1аккха, дуьйцуш ма ярий со-м. Вайна йоьйзуш цхьа зуда ю, йисан 1аш йолуш. Цо, ша, т1уона т1ег1ерта цициг санна, хьуна т1аьхьавоккхур ву-кх и акха стаг, оццула хьан дог ца девзаш волу. Йоккха х1ума а ер яц хьан.


ЗАЗА

Дала ларайойла со цу бозбуанчаллех. Суна оьшург к1айн безам бу, шовда санна сирла а болуш. Кхин ма хьаг1аделахь соьга и санна долу х1ума.


БЕСИРА

Со-м хьоьх къахеташ йоллура, хьан г1уллакхе хьажа. Хьайна дика хуур ду-кх хьуна, и-м эцце… цхьаммо, курчалла воккхур ву хьуна. И санна к1ентий, кху к1оштара бевлла а бац. Ма кхералахь, цунна гура боха-м мехкарий тоьур бу хьуна, хьо х1оккхузехь леш йоллушехь. Стагана шен ирс шен буйнахь сацон хаьа деза. Ца сацадахь, иза т1ома даьлла кхокха санна, кхечун коре г1ур ду. 


ЗАЗА

Хьажахь, Бесира!..


Т1ЕВОГ1У МУРИД


МУРИД

Де дика массера а вайн! Заза, хьо дика а май…


ЗАЗА

Яц хьуна со дика, хьо ву къиза!..


МУРИД

Бесира, оцу арахь хьо лоьхуш цхьа зударий бар-кх, моьттуш ву-кх со, тилкхаз ца ваьллехь.


ЗАЗА

И бакъ ду хьан, хьо а ваьлла хьо, нах а хьийзабо ахь!


БЕСИРА

Кхечун коре боьду: Кху-кху… кху-кху…


БЕСИРА СЕТТИ АРАЙОЛУ ЧУЬРА.


МУРИД

Со кхета…


ЗАЗА

Ца кхета хьо, я кхета хьан кийрахь дог а дац!..


МУРИД

Х1ун ю т1аккха, дийцахь суна, хаийта сайна?


ЗАЗА

Акхарой, олхазарш, седарчий, б1аьрлах1иттар; цу хьан кийрахь йоцуш х1ума яц, цхьаъ йоцург… (Йоьлху.)


МУРИД

Заза, ас цхьа х1ума ала хьоьга? Вайн г1алахь театр ма йолаеллий, болх бан. Со а ву наггахь цигахь дакъа лоцуш, царна цхьа х1ума язъян дагахь а волуш. Х1инца т1едог1учу к1иран дийнахь цигахь сурт ду х1оттош, гуьржийчуьн цхьа туьйра. Ас хьуна цхьа меттиг лецна цуьнга хьажа.


ЗАЗА

Ца оьшу суна, хьан меттиг. Со туьйранах 1ехадала бер а дац. (Схьаметта а йог1уш, б1аьргара хиш д1а а хьоькхуш.) – Цхьанхьа ваг1а везаш хир ву хьо, дарсера а ваьлла.


МУРИД

Хьо дика хилла а ца 1аш, хаза хилла а ца 1аш, хьо ма-ярра шайхалла долуш яцахь-м ца хаьа суна-м!?


ЗАЗА

Х1инца гучуьра ваьлла суна. Ас т1аьххьара лур ю хьан меттан и дарс.


МУРИД

Муха т1аьххьара. Со балхара д1авоккху, - ала-м ца г1ерта хьо? Цунна йоьлхуш юй хьо, со балхара вохош ву аьлла - лацаделла?


ЗАЗА

Боккъала а д1авоккхуш ву хьо? Хьан сиха амал ца тов хьуна, цхьанна а. Хьуна хьо бакъ хета даима а. Хьайна цатовшдериг хазахь сихло хьо чуьравала. Хьайн байташкахь к1ай безам хьехабо ахь, амма хьан дог т1улгал а ч1ог1а ду, и жижигах дина делахь тамаша а болуш.


МУРИД

Дийцал, дийцал. Кхин х1ун г1уч1а бо ас?


ЗАЗА

Ахь ца дешдерг дийца атта хир ду цул а. Хьох кхета лаьа суна, амма хьуна т1ебог1у некъ даима д1ач1аьг1на хуьлу. Адамах къехка борз санна, цкъацц1а къехка хьо, хьой бен ван а воцуш санна. Хьай бен дог а ца лазийна. Юха, дагахь а доцучу хенахь цициг хуьлий т1ек1оло хьо, хьо ваъал дукха а воьзуьйтуш.


МУРИД

Суна хаьа сайн амал дикачех йоций. Бераллехь со суо кхиарна туьду ас иза, юххехь ловза, 1ехавала, вицвала цхьа а ца хиларна. Ва амма, байташ язлур яц дог 1ийжаш бен. Мог1анаш-м хир ду, шен-шен меттехь лаьтташ аьзнаш хир ду, дека кийчча, делахь а хир дац царна чохь са-м.


ЗАЗА

Т1аккха х1унда ца вуьту ахь хьайна герга, жимма а дагар дийца хьахалушшехь кхехка хьо акха говр санна.


МУРИД

Цхьана дийнахь, я шарахь со хийцавалур вац. Со ма-варра со ловш верг бен соьца тарлур а вац.


ЗАЗА

Х1аъ, юха а хьо, хьоьца, хьайна. Ткъа вуьйш дац хьо санна долу адмаш? Царна а ца оьшу довха дош, тешар, догдахар, сатуьйсийла?


МУРИД

Суна ч1ог1а новкъа ду, сох цхьанна хьовзам хилар. Со верг хилар совнаха, суна хууш дац ас х1ун дан деза. Сайн ма-хуьллу воллуш-м ву со, нахана там берг лоьхуш, далуш дерг дан г1ерташ. Ас сайн аьлла деш кхин х1ума а ма дац, я гулбеш бахам бац, я…


ЗАЗА

Дика ду, Мурид, со кхийта цхьана х1умнах – со хьох кхетар йоцийла.

 
МУРИД

Схьахетарехь, ас хьуна йоккха вас йина-кх?


ЗАЗА

Цхьа х1ума а ца хилла, шадерг дика ду сан. Хьайн г1уллакхе хьажа хьо, ас бераш ледар дуьтур дац хьуна.


МУРИД

Ас хьан хама бо хьуна, Заза. Хьан дог ц1ена дуй хаьа суна. Амма цхьа х1ума алахь соьга: и Бесира х1ун деш яра кхузахь?

 
ЗАЗА

Вай, хьоьца г1уллакх долуш еана ша, - аьлла, 1аш яра-кх иза. 

      
МУРИД

Йоккха топ хуьлда цунах, хьо тило г1оьртина-кх хьуна иза. Соьца г1уллакх хиллехь-м соьга эр дацара цо иза, ша суна дуьхьалкхетча, со кхуза уьйт1а вог1уш? Шен муц1ар д1а а ерзийна т1ехтилар и суна.


ЗАЗА

Муха? Цунна хьо х1етле гинера? Ма эхь дайна зуда ю иза. Безам бацара сан цуьнга цкъа а. Хьан дагахь дерг охьа-м дуьллуьйту цо, цхьа тамашийна т1е1аткъам а беш.


МУРИД

Ларлолахь цунах. Кхузахь х1ума а дирий цо, х1умма а охьа-м ца йиллира? - Д1асахьожу. Заза а шекъялла. – Дика ду, воьду со т1аккха, г1ала д1акхиа везаш ву со, т1аьхьа виса йиш яц сан.


ЗАЗА

Суна цхьа шийланиг яхьар ю ахь, жимма мерза х1ума а, чайнаца яа. Кхин хьох схьахила пайда а бац.


МУРИД

Еана ларахь. Маршалла ло ца хаьттанчуьнга а. (Д1авоьду.)



ЗАЗА ХЬАЛХА СХЬАЙОГ;У, ХИЙЦАЕЛЛА. КАРАХЬ ТЕПТАР ДУ. Хьовсархошна т;ейоьрзу.


ЗАЗА

Дешархой! Ас тахана кху 1абадин(литературин) дарсехь дуьйцур ду шуна «Некъаза безамах».                Хьуна безачарна хьо везаш ца хуьлу цкъацц1а. Делахь а ахь ларбо уьш, хьайн цаьрга болчу безамца. Гергарло ца хадош. Гергарло х1уттуш долу тай хада кийчча хуьлу. И тай бен ма дац. Иштта лерина ду иза, хьо эвсаре хилийта уьйранашца.


«Безамца вовшашка      хьовсийна б1аьргаш!..                1аламехь х1уттий те   ша санна сурт?                Хьаьжний хьо, дешархо,   леррина цаьрга?                Лацабеллий уьш    х1иттина мур?                Исбаьхьа мел дериг    лахьадо цара,                Шайн нуьран серлонехь   лепа а до.                Вовшашка сирла нур   дерзийначара                Исбаьхьаллин лекха   1арш къагайо». – Яздо байтанчас, Гадаев Мурида.
Уьйра латтош ерг т1екаре хуьлу. Т1екаре юзуш амал хуьлу. Амал хьан яцахь, я ерг, иза дика амал яцахь, иза сиха амал елахь, т1аккха хьо, 1ин чохь караво-кх хьуна. Тера х1умнаш дукха карадо 1аламехь а, адамийн амалехь а. Дика-вуон аг1о ца къестош ерг, цхьа безам бу.
Дависа, некъаза  хьаьрчина безам!                Далхо йиш йоцу вон   доссадо цо.                Шерашкахь дахлучех   масла1атеза,                1ийжавар дожадо  даг чу оцо.               
Вала а, вола а   йойъу цо меттиг,                Арахь а, кертахь а  цо хьийзаво.                Дагадеш санна, цо,   сийна ц1е летта,                Даима кийрара дог   1ийжадо.                Дарба а дац цунна   дерриг дуьненахь,                Хьомечу б1аьргийн нур  лепарехь бен.                Хьоьгучун бартара   хезча дош шена,                Кийча ду 1ийжаяр   тап-аьлла тен.
(Елхаран къурдаш къайла дахьа а г1ерташ.)
Гурахь 1ийдалучу дерзано буц а хьалаг1уртуьйту. Амма иза т1аьхьало йолуш болх ца хуьлу; иза кхалхарна гергахь х1ума хуьлу: 1аьна к1ела вахар. Безам шелбелла ца 1аш г1ора бо т1аккха, и бастбалийта дуьненахь кхин ц1е а ца карош.
Шийла ша санна болу мох хьокху. Заза шеллуш санна хебий лаьтта.

7-гIа сурт


ОБКОМЕХЬ. СТОЬЛА ГОНД1А ХЕВШИНА 1АШ БУ: МУСЛИМ, СА1ИД, МОХЬМАД-САЛАХЬ, ЮХА ЦХЬА МЕЧК А, ШЕННА Х1ОТТИЙНАЧУ СТОЬЛА Т1ЕХЬ, КХЕРАН КЪАМЕЛАШ Д1АЯЗДЕШ, ШЕКЪАНЧУ 1УТТУШ КЪОЛАМ А БОЛУШ. ЕХХА КОЧ Ю ЦУННА Т1ЕХЬ. ЯЬХХЬАШ КЪАЬСТАШ ЙОЦУШ ШИЪ СУРТ А КХОЗУ ЛАКХАХЬ. ЦХЬА ТИЛЬПО А Ю, ХИ ЧОХЬ ДОЛУШ ЭНГАЛИЙН ПХЬЕГ1А А, СТАКА А. Х1ОРШ КЪАМЕЛЕ БИРЗИНА 1АШ БОЛУ ДИККА ХАН Ю.



МУСЛИМ

Са1ид, ч1ог1а нийса ду ахь дуьйцург. Нохчийн 1абада кхиорехь цхьа мог1а г1уллакхаш дарца бен «дов» меттах хьовр дац. Цу т1ехь а аш мало йир йоций тешна ву со. Ткъа къам бохуриг х1ун ду аьлла къасторехь А.И. Герцена дешнаш ч1ог1а дог1уш хета суна кхузахь: «Къам – иза нуьцкъала оьшна(гранит)санна бух бу, б1ешерийн г1иллакхийн буолатца ч1аг1бина».

 
СА1ИД

Хийла, шен мохк, мотт болу къам, маттах, махках доьхна. Шен г1иллакхийн орам т1ера хадар бахьана а х1уттуш. Пачхьалкх цахиларх къам кхиа йиш йолуш хуьлу, иза дуккху а халонашца доьзна делахь а. Шайн пачхьалкх а йоцучу хенахь кхиар сецна а доцуш къаьмнаш дара жуьгти а, 1арбий а. Шайн и г1иллакхаш кхин д1ацахоьцуш баьхкира уьш цу пачхьалкхан кепе.


МУРИД

Гогольс яздина: «Бакъдолу къам цуьнан кучан бустам бийцарх лаьтташ дац, ткъа цу халкъан сач1ог1аллех доьзна ду». Ас хьахор дара цхьадерш кхин а, 1адатех лецна, мегар делахь?


МУСЛИМ

Дера хьахаде, цунна валийна ма ву хьо, хьоьга хьайна хетарг дийцийта.


МУРИД

Яьссачу арахь ца кхоллало керланиг. Ширачун «букъ т1ехь» кхоллало.


МУСЛИМ

Дика боху ахь. Кхин д1а дийцал.


МУРИД

Шен кхиаран муьрехь ширачо(тахана шира ду иза), цу ширачо 1а1ийна мел долу диканиг а ду керлачо шеца тардолуьйтуш. Амма керланиг ширачунна дуьхьал ду. Ширачун «вуьштахье» ю иза. Ширачунна метта х1отта дог1уш ду керланиг, амма сихха д1акхосса ца деза цо ширниг: цунна т1е а тийжаш г1атта, когадола дезаш ду и керланиг.

 
МУСЛИМ

Къоман т1ум 1алашъен белхаш стенца боьзна ду, - бохуриг хьехо воллу-кх хьо?


МУРИД

Б1еннаш шерашкахь къомах къам дина лаьттина долчу г1иллакхах д1атийса дезарш муьлханиш ду, 1алашдан дезаш дерш муьлханиш ду - шерра гуш дац. Уьш дерриш д1атуьйсийла а яц - цара латтийна долу - «къам» бохург д1адов. Уьш дерриш 1алашдойла а яц - керлачунна меттиг ца юьсу т1аккха. Цу т1е, д1ахердан дезаш дерш маца хердан деза, мел хердан деза язделла а дац.


МУСЛИМ

Ши х1ума билгала даккха г1орта луур дара кхузахь: хьалхарниг - къомах къам деш, кхечу къаьмнех и къастош дерг х1ун ду,.. х1ун ду те? Шолг1аниг - нохчийн къоман г1иллакхаша мел меттиг д1алоцур яра дуьненан халкъийн юкъарчу дустарца, иштта иза аллал хьал долуш, кхечу къаьмнашна мехала хир долуш хир дарий нохчийн г1иллакхаш? Хьалха схьах1утту мотт, духар. Мотт – духар?


МУРИД

Вай кхузахь хетарг ала гулделла ма дуй. Мух1ар туг1уш ма даций вай. Хьалхарчу хаттарна ойла йича, уггар хьалха мотт схьах1утту. Бан, дера, бу иза-м къоман къастарехь доккха маь1на долуш, ва амма, боху ас, коьртаниг мотт боцу куц ду: тайп-тайпана къаьмнаш го цхьа мотт буьйцуш (масала, испански, английски, тюркски). Т1аккха духаран хорма х1утту. Амма цхьатера духар лелош а го тайп-тайпана къаьмнаш (масала, нохчий, чергзой, гуьржий, г1алг1азкхий, кхин-кхин а). Дин – хьехош а дац хьуна.

 
СА1ИД

Къоман духаран хорма хийцича а, къоман мотт ца бийцича а, 1алашдалур ду къам, нагахь цуьнан г1иллакхаш д1а ца тийсахь: амма уьш д1атийсахь, къам д1адовр ду, цуьнан мотт бисарх а, духар 1алашдарх а. Хьан ойланин тай нийса схьалецний оха?

 
МУРИД

Са1ид, ахь лакхахь хьахийна ши къам цунна тоьшалла ду. Шолг1а хаттар - цунна жоп кхечу къаьмнаша нохчех хадийначу мехах олуш ду. Майра ала ваьхьар ву со: вайниг санна жима къам дан а дац дуьненахь, вайниг санна диканца г1ардаьлла! Нохчийн къоман б1ешерийн ламасташ, вайн дайн оьзда г1иллакхаш ду нохчийн ц1е иштта яккхийтинарш. Т1аккха, х1ун олу аш, муха хета шуна?

 
СА1ИД

Х1инца кхоччуш т1аьхьа кхиа со а: нагахь санна цигонаша шаьш деш долу къоланаш дитахь, саг1а дехар а сацадахь и къам д1адовр ду-кх, цара шайн мотт бийцахь а, духар леладахь а?


МУСЛИМ

Таханлерчу дийнахь нийса д1адаха, нийса кхета а, хила ма беззара т1е1аткъам бан а, юха, цу т1ехь урхалла дан а, к1орггера хаа еза шен къома тарихь. И з1е хадийта мегар долуш яц. Маггане а. 


МУРИД

Т1аккха, пачхьалкх йохар, къам дохар - иза уггар хьалха цуьнан г1иллакхаш талхар хуьлу. Вайна т1едог1ург а ду изза хьал, вай х1умнех нийса ца кхетахь. Цхьана хаттаро билггала доккху дан дезарг: стенца, мича масалашца 1амош хуьлу къоман (муьлххачу а къоман) т1екхуьуш йолу жайла, т1аьхье? Дайн оьздачу г1иллакхийн масалашца 1амош ца хуьлу и? Дера хуьлу-кх. Шен дайх а вешаш, къомах дозалла а деш, д1ах1оьттича бен ца хуьлу стагана тешаме бух.

               
МУСЛИМ

Вайн дайша шайн ц1ийца йазйина йу кху лаьмнашкахь а, аренашкахь а, цара весет деш вайна йитина ц1е а, нохчалла а. Коьрта герз тешам болуш, иза кхобуш ира хьекъал а долуш. Ткъа тахана, вайн рог1ехь, - баьрче х1оттийна 1илма а долуш, ч1ог1а сема а долуш - леха деза вай нохчийн къоман дахар кхиаран некъаш.


МУРИД
 
Т1аьххьара цхьа-ши дош т1етухур дара ас, со к1орда ца винехь?


МЕЧКАНО КЪОЛАМ КАГБО, МУЦ1АР А САТТОШ, РЕЗА ЯЦАР КЪАЙЛА ДАХЬА А ЦА Г1ЕРТА.


ЗУДА

Сан кехат чекхдели, къолам а кагбели. Ас кхиниг бахьа, кехат а дохьуш. (Арайолу.)


МУСЛИМ

(Велаволуш) Бехке х1умма а дац кхузахь, алал МУРИД.


МУРИД

Аша а дешна хир ду иза, Иосиф Бродскийс маттах лецна яздинарг: «Дуьненан ялсаманиш цкъа кхачош хиларна, церан дахарехь т1ех1уттуш хуьлу цхьа муьрг, мехкан оьрге шена кхин дола цадалуш. Ишттачу заманахь мохк баьржина бухучуьра к1елхьара эскаро ца боккху, ткъа матто боккху. Мохк карара ца болуьйтуш, д1аса ца къастуьйтуш сацон ницкъ кхочург эвлайистера мехкаш хуьлу, цигара нах а». Тахана 1алашбабелча, цхьана заманахь оьшур болуш мотт ма бара вайниг а, г1иллакхашцани цхьана.   


КХУЗАХЬ МУСЛИМ ВОЛАЛО.

 
МУСЛИМ

Боккха чулацам болуш къамел хилий вайн тахана, суна дагара дера доцуш. Х1инца вайн коьрта 1алашо некъаш лахар хила еза, кху чохь вайн билггала яьлла 1и д1аяхьа. Вайн мискачу нехан ховзар д1аяьккха, церан дуьххьа тояр, х1ара г1уллакх кхин дижа ца дуьтуш, вайн къоман аьтто бан. Ас цкъа хьалха куьйгалле, дай хьаг1адийра ду, вайн хилла дагадовлар, цул т1аьхьа церан б1аьрда муху хуьлу а хьаьжна, г1уллакхашна т1едоьрзур ду вай. Х1окху белхан човс Мурид, хьо хила веза, кхуьнан хьалхе а хьоьгахь ю. Реза дуй вай?


МУРИД

Цхьаъ доцчунна. Кху белхан ладаме хьаьжна, кху белхан куьйгаллехь хьо хилча, белхан аьтто бан маьрша хир ду аьлла, шеко яц сан. Ткъа ас къахьоьгур ду мог1арехь волуш а, г1уллакх кхочуш хилар коьрта хета суна, иза хьангахула хилла а.


СА1ИД

Тхан деден олуш дара цхьа х1ума: «Г1уллакх хьайгахула хила лаьа хьуна, я г1уллакх - хила лаьа хьуна?» - олий. Вайн ваша вазлуш вац, Муслим. Делахь а, суна а х1окху белха човсалла МУРИДехь дита деза аьлла хета, Муслиман т1аьхь 1уналла а дуьтуш. Кхузахь  белхаш 1аламате дукха ду.


МУСЛИМ

Шиа дика ши накъост ву шуьшиъ. Кхетам бу шингехь дан дезачу х1уман. Вайн варе дайшкахь цкъа а дезна дац ц1рна дуьхьа лелар. Иза уосалла лерра даимна а. Вайн халкъан кхиар дезаш лелаш вай делахь - иштта хила деза. Коьртаниг вайн къам ду, вай дац - цуьнан хьадалчаш.


ЗУДА ЧУ ЙОГ;У:

Учахь хьоьга хьоьжуш цхьа 1едалан стаг ву.


МУСЛИМ

Велахь схьачувола ала, ас т1еоьцур ву иза.


ЗУДА КЪАЙЛАЙОЛУ И СТАГ ЧОЬХЬА ВОЛУ. МУРИД А, СА1ИД А АРАВАЛА Г1УРТУ. ЦУ СТАГА САЦАВО. ДУХАР ИЗЗА ХУЬЛУ ЦУННА Т1ЕХЬ.


ПАРТИ

Муслим Гайрбекович, ас новкъарло йинехь къинт1ера вала. Х1ара шиъ новкъа вац ас деанчу г1уллакхна. Мелхо а кхарна а хиъча тамехь хир ду.


МУСЛИМ

Х1ара сан ши хьаша, дика ши къонах ву. Тешаме а ву. Х1ун дара и т1аккха?


ПАРТИ

Учахь ас ялийна цхьа хьехархо ю, Александра. Хьох дага а ваьлла, иза, Ножай-Юрт к1оштарчу цхьана юьрта хьеха яхийтича муха хир дара техь, ала воллура со?


МУСЛИМ

Цу к1оштахь хьехархой ч1ог1а хьашт хилар со хууш ву. Нийсса, х1ара, Мурид а ву цигара. Кхин новкъа-нацкъар х1ума дацахь, кхуьнга веразалла а дойтуш, цига нисйийир ю-кх вай иза. Чу ца йог1у иза?


АЛЕКСАНДРА ЧОЬХЬАЙОЛУ.


ШУРА

Де дика хуьлда шун массера а, сан ц1е Александра ю. Со Белгородера ю ц1ера, кхуза хьажийна белха говзалла т1еч1аг1ъян. 


МУСЛИМ

Марша я хьо, Александра. Бовзал хьайна вай накъостий: Са1ид, яздархойн бартан куьйгалхо ву, важа – Мурид, - хьехархо болх беш ву. И доцург а байташ, пьесаш, дийцарш а яздеш ву.

 
ШУРА

Суна хазахета шу сайна девзина. Х1инца аш аьлларг дан кийча ю-кх со.


МУСЛИМ

Хьо тхан еза хьаша хир ю. Тхо цхьацца ладаме хаттарш къастош дохку. Хьо некъара ю, цкъа уггаре а хьалха, хьоьга садо1уьйтур ду, цул т1аьхьа, Муриде, хьо хьайн белхан меттиге д1акхетайойтур ю. Парг1ат хила хьайна. (Партига) Хьан кхин цхьа а хаттар дарий соьга?


ПАРТИ

Ас сайн декхар кхочуш дина, хьан пурбанца со д1авоьду. Александра! (Куьг кховдош цунна некъ битна, цхьана б1аьргаца Муриде а хьожуш, д1авоьду).


МУСЛИМ

Вицлора хьуна со Мурид, хьоьга хатта лууш вара хьуна со: хьан дененан мел хан ю? Б1ешо сов ду олуш хезнера суна?


МУРИД

Иштта долчух тер ду цуьнан. Шамал, Хьалха-Мартант1ехь имам д1акхайкхочу шарахь шен ворх1 б1аьсте яхан хилла олий дуьйцу, бохура цо, шен нанас. Цуьнан йижарий бу кхиъ: цул йоккха а, цул жима а. Цуьнан ц1ийнда, сан деда(шу маьрша), со винчу шарахь д1акхелхина. Кху сохьта са гуш а ю иза, лазарш девзуш а яц.


МУСЛИМ

Даламукълахь, цхьа де а хаьржина цунах кхета а, шу дэха мохк ган а вог1ур ву со.

 
МУРИД

Уммат ю цуьнана ц1е. Ас «Нана» олу цунах. Со цо кхиийна ву.
«Са ма тоссура хьалаг1аьттина, малх кхетталц арахь левзинарг - ялсманехь хир ву», - дара цуьнан соьга олуш. Со хьалххе г1аттийта лууш хуьлура иза. 1уьйранна, уггаре унах ц1енчу муьрехь 1аламан хазчу суьрте соьга тидам байта.
Ас бан а бора т1аккха тидамаш. Со ца кхочуш меттиг яцара, суна ца хууш экхан-олхазаран бен а бацара цигарчу басошкахь. «Кхерар» девзаш а дацара: Нанас аьллера, кхера х1ума дац. Ткъа Нанас аьлларг - шеконехь дацара, и х1уъа делахь а.
               
                МУСЛИМ
                Декарах девзара олхазар суна,                Ц1ийзарах, уг1арах – акхаройн васташ,                Озе ладугг1ушехь, дора ас къаста.   
Кхин а ч1ог1а марзди-кх ахь суна цига вар.


БОДАН ;АЬРЖАЛЛА




ШОЛГ;А  ДАКЪА


8-гIа сурт

 
ХЬАЛХАЛЕРАЧУ НОВКЪАХЬ. ЗАЗА Г1АЛА ЙОЬДУ, МУРИД Ц1А ВОГ1УШ ВУ. ВОВШИЙН ДИСТ ЦА ХУЬЛУШ ЛАЬТТАШ ЦХЬА ХАН ЙОЛУ. ЗАЗИГАХЬ ЧАМДА Ю, ХЬАЛХА МУРИДЕХЬ ХИЛЛАРГ.



МУРИД

Суна ца лаьа хьо г1ала яха, хьан меттиг яц иза. Г1ала херцар йолуш ю.

 
ЗАЗА

Хьо массо а х1ума хууш верг ву, вуй? Хьекъал сов даьлла ялиний ахь Шура а?


МУРИД

Вай хьо юьйцуш дара, со хьехош дацара. Сан ах са д1аболу хьо д1аяхча. Тхан сагатлур ду хьуна, ч1ог1а.


ЗАЗА

«Шуна» сам гатлур дац са. Моьттур ду, со пана махка йоьдуш ю. Вайна юккъехь сохьтехь некъ бу-кх.


МУРИД

Суна шарал а беха бу-кх иза х1инца.


ЗАЗА

«Шина г1ентахь» 1а хала-м хир дац хьуна?


МУРИД

Х1ун де ткъа, г1уллакхаш иштта нисделча?                Вайн карахь – дерриг а дац.                Дахаран чалхалахь д1овшан кад мелча,                Къонахий ч1ичкъаш а тац… 
Шадерг ца хаьа хьуна…


ЗАЗА

Хоийла а ма дац суна. Хьо санна дешаран к1орге кхачанза ма ю со. Ахь санна «уьйраш» тийса а хьуьнар дац.

 
МУРИД

Юха а:
Сан г1улчо хьан дагна тоьхна го чов:                Къамелан 1енарехь хийцам хилла.                Хийцамо детташ ду сан дагна ов,                Воьхна со хьийзаш ву, некъах а тилла.
Заза,..


ЗАЗА

Заза кхин яц, Зазах г1арг1ули хилла, гуьйренан г1арг1ули.

 
МУРИД

Х1ай, мархаш!                К1айн мархаш!                Стигланаш сийна!                Г1ийла шоь хьоьжуш,                со хийла ма 1ийна.
Балано б1арзвина,                хийра 1овжийча,                Г1айг1ано г1елвина,                дашна д1атийча,                Шоьгара масла1ат                хилла ма ву.   
Хенашкахь веха хьежарна,                дог шуна мерза къежарна,                Доттаг1ий чоьтахь шу                лоруш ма ву.
Амма аш декъазниг                тергал а вой те?                Гуттар шаьш гуш-1аш верг                ганне а гой те?


ЗАЗА

«Тергалво!                Ган а го! – цара ма боху. -                Дерриг хьо хьоьжуш дерг                Хьан дуьхьа леладо оха».


МУРИД

Алахь соьга, ва Заза, дерриг а дагна мерза х1унда хета, б1аьрган хаза а, ларамаза хьекхна долу хьан йоза а т1ехь? (Буйнахь цхьа кехат гойту, т1е къоламаш 1иттина.)


ЗАЗА

1аьткъинариг, т1ех дазделча,                Далхо атта дац.                Б1аьргех ладар доладелча,                Дашна ницкъ а бац. – Г1ийла елха йолало. Б1аьрхиш шаьш охьаоьху.
-Цхьаъ новкъара нацкъара вала везаш го суна, некъ готтабеллачохь, шинни а некъ ца бохон.


МУРИД

Ахь цхьанни а некъ бац хадош, со ву и бух боцчу боьрдаха ваг1а кечвелла 1ачух тера.


ЗАЗА

Хьо стиглара седарчий лаца г1ертачух тера хета суна, хьала вирзанчохь, хьайн гонах зезагаш а ца гуш. Я, уьш зезагаш бен ма дац?


МУРИД

Суна ца хаьа, хила мега хьан бакъо, иштта со бехке ван, хила мега хьо бакълуьйш, гуьйранна язъелла йочана санна, суна баз-м белла х1ара г1айг1а-бала. Бакъ-харц мила ву аьлла доцуш, дега доттаг1 иэшарна.


ЗАЗА

Цхьа ши дош, уьш ца олуш х1уъу а дийр долуш ву-кх хьо. Иэшахь, х1ара доккха дуьне к1елхьара даккха а кийча а волуш. Амма хьайна юххера ирс 1ана даг1ар, цунах цхьа а лазам бац хьуна. Х1ун ду т1аккха, цхьа адам, терзана диллича «дуьне» деза узур ма ду?


МУРИД

Терзанна уггаре дезниг собар ду. Собаро узур ду кхин долу массо а х1ума.


ЗАЗА

Хьан собар а, хьан терза а - гам санна хьоьгахьа ду. Х1инца некъана гатто ма е суна.    

               
МУРИД

Дависа хьан, сингаттам.
Х1ун де ас хьуна?                Кхачабар дуй хьан дан а?                Даима ахь 1ийжор к1ордийна-кх суна.                Масла1ат гайтац-кх ахь ган а.


ЗАЗА

Сан б1аьрхиш 1ена хьох къастар лацалуш, делахь а, со сацахь, ас кхиъ дуьрниш 1ено там болуш ду.

 БОДАНЕХЬ Д1АБОВ

 
9-гIа сурт


ШИЙЛА 1АЬННАН МОХ БУ ХЬОЬКХУШ. МУРИД НОВКЪА ВОГ1УШ ХУЬЛУ. БУЙНАХЬ ДЕЧИГ ПОНДАР А БУ. ЦУЬНЦА СА1ИД А ВУ.

 
                СА1ИД

Тахана аш х1оттийна сурт ч1ог1а тарделлера суна, Платонан «ЧУКХАЙКХАР», - аьлла хилла долчух.

 
МУРИД
   
И-м беза мах бу ахь хадийнарг. Цу лакхене нохчийн сурт х1оттор кхача генахь ма хета суна-м.


СА1ИД

Ас сайн г1иллакх ду х1оттийнарг, ткъа ахь – хьайниг. Наха, стагехь доцург ду а олий, и цунах 1ехалой, шен моттарг1наш т1ехь ч1аг1 а лой, галновкъа воьду.

 
МУРИД

Суна сагатдеш ву-кх хьо, Са1ид. Сема хила веза, боху-кх ахь,  х1ора пох1ма долуш волу стаг: шегахь доцург хаьа а, шегахь дерг Делера дуй хаьа а.


СА1ИД

Массо а х1ума ц1ена хила деза. Дуьненан х1умано гал воккху, 1ехавала кийчча араваьлларг. Бадуев Са1ид 1еха цавелира, Дуди 1абди а иштта. Дала декъала бойла уьш, т1ег1он долу вай а.


МУРИД
                Амин, йа Аллах1. Дуьненан бахамаш ца эца, сайн дахар Зазица хуьлуьйтур долуш вара со.


СА1ИД

Новкъа х1ун дара хьуна? 1алам, йо11ий къастон дезча, 1алам туьйлира?


МУРИД

Ахь-м забар йо. Х1етахь цунна т1ехьийзаш соьца «хьо-со» долу стаг вара. Цундела, сайн дог аддаман а ца хоуьйтуш, сацавелира со.

 
СА1ИД

Т1аккха ялийра ахь Шура?


МУРИД

Шерашкахь шайн к1антах хьегначу тхешан дена-нанна там бан лиъна а бира ас и болх. Цул сов т1ек1аре еъна кхин цхьа а яцара сан. Х1инца да-нана а доцуш ду. Денана а йоцуш ю.


СА1ИД

Тарцадели шу?


МУРИД

Со ца тарвели. Зударшца дерг массаьрца а галхили сан. Наха-м бехк сан лору. Хила а тарло. Ва амма, дорцан марха санна, дуса а делла, не1арш а етташ, пхьег1аш а екош, ча санна, цхьа адам чухула хьийза доьлча – са ца тохало-кх соьга...                Вониг а, диканиг вовшашка мерза дуьйцуш, вовшийн г1алаташна геч а деш, машаре даха лиънера. Доцца аьлча: «х1усамнана» ца езнера суна, деган доттаг1 эшнера. И суна нис а ца ели. Цхьаллин 1аьржачу боданехь виси со…


СА1ИД

Сократа бийцина безам хьебеш ма ву хьо-м. Эрот вуьйцуш йолу меттиг дагайог1ий хьуна. Не1арш ахь, айхьа-м ца къевлира?    Х1ума 1аьржий-к1ай хила ма ца деза, х1окху 1едалан санна. Тайп-тайпана басарш ган а ма оьшу, б1аьргхьажар цхьана меттера доцуш. Заза цуьнга яхарий т1аккха? Х1инца стенгахь ю иза, хаьий хьуна?


МУРИД

Доьзалан г1уллакх меттахь доцуш иза а лелаш хилар хаьара. Цуо къобал деш дацара цу стеган захало. Х1еттий а, цунна гучувала   ца х1уттура: цо маре дина-ца дина хууш ца хуьлура.


СА1ИД

Хьоьх атта кхетар вац; йо1 ма яц хьуна т1аьхьа а яьлла лела езаш ерг, хьо ма ву цуьнан г1ад-амал дайъа дезаш верг. Хьайна дагадеънарг до-кх хьуна ахь. Хьайга цхьаъ дуьйцучу хенахь, цхьанхьа ойланашца вахана каравойту-кх ахь, тидам белла ахьа-м хьайн. Кхин и ган а ца хьаьжна хьо иза? 

               
МУРИД

Цкъа, т1ехйолуш б1аьрг кхийтира сан цунах. Цунна со гуш вацара. Т1аккха, кхин садетта а ца делла, кехат яздира… Хьехош дерш т1ехулара х1уманаш дара, амма кехатан чаккхенгахь «деган доттаг1 хьан ву-вац хаац суна», бохург дара. Дуьхьал деанчу кехатца «деган доттаг1 ван а вац, нагахь хилахь, хьох бен хир волуш а вац», бохург а дара. Иштта доладелира тхойшиннан вовшашка кехаташ яздар, цхьана юкъана. Х1инца и схьаялон ойла сецна вара со, Зазин «шийла» кехат кхаччалц. Х1инца со а сайн цхьаллин г1у чу д1авуьйжи, кхин хьала а ца вала.


СА1ИД

Аллах1ан къинхетамах дог дилла ца ма гийна вайн Элчано (Делера салам маршала хуьлда цунна). Къ1уръанан дийцар дагадаийта: г1у чуьра Юсуп пайхамар (Делера салам хуьлда цунна а) Дала хьала муха ваьккхира? Хьо чу воьжна г1у иштта к1орга а яц.


МУРИД

Вилхи со…                Кхевссина,                Эхь-бехк дицделла -                Моттазниг х1оттаро                1овжавина.                Барамах тилла, эти-кха,                Вордано хьаьшна пхьид санна.                Верриг а 1ийжаво,                Чевнийн да1 хилла,                Дерриш а кегадо сайн б1аьрхишцанна.


СА1ИД

Х1ума дага дог1у наггахь. Хьо зуьйш-м яздина хир дац цо и, ахь дуьйцу «шийла» кехат, х1ан?


МУРИД

И цуьнан 1едал-м ду, шена цкъа дагадеънарг кхочуш деш. Хьан хаьа х1инца, цунна х1ун 1аьткъина, сел ц1еххьана цуьнан корта хьовзош?


СА1ИД

Иза къастор хьуна т1ехь ду. Мурид, х1инца суьренга а лестина де, и салти а бу массанхьа, шайн де ц1а баьхкича санна, кху вайн махкахь баьржина. Немцошца боьдуш боккха т1ом болуш, оццул эскар Нохчийчу эрна далийна дац. Хьо буьйса йоккхуш сацахьа со волчохь, вайшинна дуккха а болх бара хьебан безаш. Муслим а ву ч1ог1а холчу х1оьттина, церан 1алашонах шек волуш.


МУРИД

Оццул ямарта-м хир дац ц1ен эскар, вайн халкъана тешнабехк балла-м?


СА1ИД

Уьш салтий бен бац. Цара шайга д1аделла омра кхочуш дийр ду, мел боьха а, къиза а иза хиларх. И вайна гина ду, 1ожаллин мотт биллина воцчунна кхин а гур долуш а ду.


МУРИД

Беккъа цхьа болх буьсу-кх: вайн Далла т1етовжар. Со д1а хьала г1ур ву Чуьрч-Ирзе, хьо вухаверза, х1ан, - куьг д1акховдадо, - кхин гар ца доьг1нехь а, т1аьххьара мара кхетар ву вайша. (Са1ид д1авоьду.)


МУРИДНА ЮХХЕРА СА1ИД КЪАЙЛАВАЛАРЦАНИ, КХУННА ШИ САЛТИ Т1ЕВОГ1У. ПАРТИ А ХУЬЛУ ЛАЬТТАШ, ВЕЛА КЪАЖА А Г1ЕРТАШ.


САЛТИ

1едал ц1арах:

Хьо лаьцна ву, пачхьалкхана ямарт хиларна, нохчи къам ц1ерадоккхуш ду, Юккъерчу-Ази д1адуьгуш ду. Цуьнцани хьо а ву. Хьан тхоьца д1аван дезар ду. Дуьхьало яхь – кхуззахь тоьпаш тоьхна кхел йийр ю хьуна. Хьайгара къепал охьайилла. Хьуна кхин оьшур яц иза. (Мурида шегара дечиг-пондур охьа ца буьллу). Хьалха та1а, т1аккха, «эхартахь иэша» а там бу хьуна. (Парти ч1ог1а г1ад вахана лаьтта.)
 
 
СТИГЛАНАШ Т1ЕЙОЬЛХУ.

 

 КХОЗЛАГIА ДАКЪА


10-гIа сурт


ШИЙЛА 1АЬНАН ДАРЦ ДУ ХЬОЬКХУШ. МУРИД. ЮЬХЬ КЪЕВЛИНА Ю ЦУЬНАН. К1АЙН Г1ОВТАЛ, ЦУ Т1ОЬХУЛА ТУЖАРК ТАЙПА Х1УМА. БУЙНАХЬ ДЕЧИГ-ПОНДАР. МЕХКАРИЙН ТОБА СХЬАЙОГ1У. 1АЬРЖА ДУХАР ДУ ЦАРНА Т1ЕХЬ. Х1ОРАНГАХЬ «ШАД» БУ. ИШТТА, БЕСИРА А Ю ЦАЬРЦАНИ.


БЕСИРА

(Гонна юккъера йолий)                Гонах лаьцна кхолг1а го бу,                Т1едерзийна тоьпийн герз, -                Я Даймахках яла, боху,                Я лахьти чу хьо - ерза.
Аса-м хаьржи гаймохк сайна,                Лахьта хетта шийла, х1ай.                Яла-йола меттиг байна,                Дарц ма хьийза баьрчехь к1айн. (Цхьа гуонаш тийса йолалой къайлайолу.)


ЗУДАРИЙН ТОБА - УЗАМ


Йижарийн дог делхош,
Йижарех дехи тхо,
Вежарийн дог 1овжош,
Вежарех дехи тхо,
Ц1ийнаха дог дуьллуш,
Махкаха дехи тхо,
Тхо вовшийн гур дуй-те,
Ва Везан Дели!?
Мел хала хиллера
Юьртаха вала,
Цул хала хиллера
Махкаха вала.
Ца езаш ца йити
Ва Нана-Дег1аста,
Болх хьоьга бели-кха,
Ва Везан Дели!
Илах1и я Рабби,
Ва Везан Дели,
Кхиэл хьайгахь ва йолуш
Хьо Эла ма ву.
Дуьненан паччахьийн
Хьо Паччахь ма ву,
Ахь царна кхиэл елахь,
Ва Везан Дели.


БОДАНО УЬШ КЪАЙЛАБОХУ.


11-гIа сурт


МУРИДАНА Т1ЕЙОГ1У ЗАЗА. ИЗА ЛАЬТТАШ ВУ КАВКАЗЕ Б1АЬРГ ТОЬХНА.



МУРИД

Чурт санна, лаьтта со
Г1ум-Азин арахь,
Тянь-Шанан лаьмнашка
б1аьрг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт х1оттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог 1ийжадо.

Малх, буза бегийна,
рег1а лахбелча,
Суьйре а, даш санна,
сайна язъелча,
Ойлане дарц даьлла,
со айъавелча,
Даймахка вуссу со,
Я Залжалала.


ЗАЗА 
Ахь дог диллина ца го суна, Даймахка вухаверза.


МУРИД

Ахь, йоьлуш, къегочу цергашка хьоьжуш,                Лаар-кха, Даймахке воьссина хета.                Хьан кийрахь детталу даге ладоьг1уш,                Тахналцца, геналлехь хьоьгуш 1ар декха. (Юьхь гучуйоккху шен.)


ЗАЗА

Мурид, суна-м ахь со лохур ю моьттинера?


МУРИД

Суна-м хьо йоцуш ю… Вай ц1ера дахале, хьан шийла кехат кхаьчча…


ЗАЗА

Ахь дуьхьала яздинарг ма дацара х1умма а со кхоош яздина. Уьш-м дитахь; Далла бу хастам, вай дийна ду, вовшийн т1екхача йиш йолуш нисдели.

 
МУРИД

Ладог1ахь, ва Заза, хьо вайчаьрца ма яцара, вайн к1оштара нах кху Киргизе ма кхалхийна? Ткъа хьо…


ЗАЗА

Со г1алахь яцара и цхьанни ирча сардам вайн халкъах бахча. Деша яхийтана, Ростовехь яра со. Цигахь тхан хьехархоша сан ц1е хийцина кехат даьккхина, лечкъина 1ийра. Юха, эххар а, кхин 1е ца елла со шун лорах т1аьхьа кхаьчна.

 
МУРИД

Х1инца ахь х1ун до т1аккха? Мичахь сецна хьо?


ЗАЗА

Тхайниш цхьа юьстаг1о нисбелла кхузара д1а. Ишколехь болх хилла суна.


МУРИД

Рицкъан белхаш, вайн рицкъан белхаш ма тамашийна бу-кх.


ЗАЗА

Хьо а ма ву искладехь хьаьким?


МУРИД

Ву, ва-м. Ва амма, адам мацалла леш-м ду.

 
ЗАЗА

Мерзашка мотт бийцийтахь, цаьрца хьайн дог далхадехь кху г1ум-арийн майданашкахула. 

 
МУРИД

Б1аьргаха хиш ледаш бен ца язъяло х1инца мог1а.

 
ЗАЗА

Язъехьа т1аккха, б1аьрхишца язйинарш мел нуьцкъала хир ю хьан уьш.

   
МУРИД

Боккъал а майралла оьшу, ма-дарра хьайн дагахь дерг д1аала.

 
ЗАЗА

Стиглара «охьавоссахь», лаьттахь вахахь. Вай лаьттах дина а ду, латте дерза дезаш а ду, вай зама чекх тилча.

 
МУРИД

Со охьа-м вуссур вара, ва амма, кхин амал доцуш хета суна, вайн халкъан балина т1е тидам бахийта лакхарчу 1едалан. 


ЗАЗА

Тешар дика ду, цхьаннийн вайн халкъана бала бу моьттуш, амма собар а ма бу къийсам… Суна иштта хьехарш деш ма лийлира хьо.


МУРИД

Сан собар кхачийна, лалуш вац искладехь ялта а долуш, адам мацалла далар. Киргизаша шайн далун г1о дина, церан бац кхин ницкъ, адам шортта ду. Уьш айса дойуш санна хеташ ву со. Ас х1ун до хьажа санна, баьлла сан кхаж.


ЗАЗА

Х1ун дага деана хьуна? Со кхерайо ахь. Вай ц1ера даьхна хилар тоьур дара-кх вайн, кхин баланаш т1е ца лаьцча а.


МУРИД

Со тховса барт бина ву, кхузарчу нахаца, оцу чуьра ялта д1адекъа, къайлаха.


ЗАЗА

Ма ирча кхаъ бу ахь соьга баьккхинариг, масех шарахь хьо лоьхуш, ас идийнарг!.. Дахар цхьаъ бен ма дац вай. Вай хан кхачош ма лаьтта.


МУРИД

Со дийна волушшехь леш ву, иштта 1ад1ахь, цхьа х1ума а ца деш.


ЗАЗА

Хьуна тоьпаш тухур ю, шеко йоцуш. Нехан г1уллакхан каде ву хьо, хьалха а санна, хьайн г1уллакхе ца хьаьжчахьана.

 
МУРИД

Сацам хилла баьлла. Нохчочун товш ма дац дешан шалго ян. Вай кхузахь а ду массарна а масалла.


ЗАЗА

«Кхоьру со, кхоьру со,                хьол т1аьхьа йисна,                Даг т1ехь сайн дагарна цкъарг,                Диллина 1еначу                дуьрчу цу хишна                Ц1ийбелла 1ийжарна б1аьрг.                Т1аккха со хьоьжур ю                саццанза гуонах,                Массанхьахь лоьхур ву хьо,                Хийла г1улч йоккхур ю,                йоьттина вуонах…                Кхардаме кхача тарло.


МУРИД

Цунна ду аьрхалла                кхалхарехь суна...                Кхидериг ас тергал дац.                Лан ца луш, новкъа ду                новкъа дерг хьуна,                Хьох лазар кхачо тигац.


ЗАЗА

Вовшех нах хьегаран барз хуьлуш хилча,                Вайшинниг баьрзашлахь сов хир бара.                Вовшех дог 1ийжадар терзанца хилча,                Терза а вайшинниг дазлур дара.                Орцанан мохь боцуш, вайша садеттахь -                Яхь йожо лаанцар ду.                Хиллачийн бахьанаш вайшинга хеттахь -                Замано уьш дуьйцур ду.


МУРИД

Амма хьо,                Кхаьжнашлахь вайшинниг декъаза ларий,                Цуьрриг а холча ма х1отта:                Хьегарца бустало                Вовшашкахь лаьттачу марзонан барам,                Хьегар вайн дан ма ду шортта.                Хьегарах барз хуьлуш хилча,                Вайшинчух лам хир бара.                1ийжавар терзанца хилча,                Цуьнан чот – раг1 хир яра.


ЗАЗА

Хьегаран ницкъо 1овжийна,                Йолаза кийрахь со кхехка.
Вайшинна доьг1ний те                вовшаха кхета,                Мерзачу маттара                далхадан къа?                К1айн дуьне дерриг а                ваьшиннан хетта,                Вайша доьг1ний, хьовха,                лахдала цкъа?..
Вайшиммо хьоьгуш хан тоькху.                Хьегаро дог кхехкадо. 


МУРИД

Сан амал делхьарий кхечу аг1ора хила. Сох хилларг хилла даьлла. Хьо юха а гаро сан лозуш долу дог кхин а лазий. Тховса г1уллакх тилкхаздалахь и т1аьххара а лозуш го суна, хуушверг-м Аллах1 ву.


ЗАЗА

Хьо хийцавалаза, хьо ма-варра ву-кх хьо. Мел хаза т1еийци ахь со, мел дог хьаьсти. Сан къа мича даг1а деза, цераниш-м д1анисдор ахь? Уьш-м бузор ахь. Ас беана некъ, ас лелориг? Я, Аллах1, собарах ма йохае Ахь со, тиларчу ма яхийта Ахь со кху пана махкахь, дог далхо адам доцчохь, б1аьрг балхо накъост воцчохь. Буолабелчхьана а юхахьа баьлла бара сан некъ, амма со б1аьрзе хилла. Я Аллах1, шен г1олехь дерг дан г1о дехьа кхунна, вуониг-м кхо ша а дийра дара.   (Г1ийла д1айоьду.)


МУРИД

Собардехьа.                Соьца 1ехьа.                Г1оли ехьа лазарна,                Бекхам бехьа хьегарна.                Сихлой, суна                Ницкъ ма бехьа,                Лен ма лехьа –                Вониг кхоьру хазарна…                Собардехьа, къайла ма яла сел сиха хьо! – мохь тухуш цунна т1аьхьа. (Хих дуза долало бIаьргаш.)

- Бераллехь хьийзинчу
даккъашка вуссий,
Лаьмнашка, арешка
г1ийла б1аьрг кхуссий,
Х1иттинчу б1аьргаш чу
сирла хиш дуссий, 
Даймахке хьоьжу со,
Я Залжалала.


Тезетехь техкаш го
вайн бошмаш, хьаннаш,
Г1айг1анех юьзна го
тог1енаш, 1аннаш,
Дайн кешнаш доьхначохь
упханийн аннаш
Хьулдан да воцуш го,
Я Залжалала.


Вай дина ярташ го
тишъелла, г1ийла,
Го сирла шовданаш
дай боцуш мийла,
Вайн хьомсар ков-керташ,
каш санна, шийла,
Сов ирча карайо,
Я Залжалала.


Т1аккха со, дог духий,
аьрцнашка волу,      
1ийжачу кийрара
мохь – ц1ог1а долу!   
Яьссачу тог1еша
соьца мохь олу,
1адавой, воьрзу со,
Я Залжалала…



КЪАЙЛАВОЛУ. СЕРЛОНИЙН ЛОВЗАР.


12-гIа сурт


КАЗАХИЙН КОЬРТА ШАХЬАРАХЬ – АЛМА-АТА. ГАЙРБЕКОВ МУСЛИМ А, БЕРСАНОВ СА1ИД-БЕЙ А. ДУХАРШ ХЬАЛХАЛЕРРА ДИСНА Т1ЕХЬ.



СА1ИД

Кху Юкъарчу-Азин г1амарийн арахь юха а бийки Мурида пондаран мерз. «Даймахке сатийсар», «Дартан йожар» нуьцкъала иллеш ду цуьнан. Нехан дегнаш ч1ог1а айдина цуо. Нах сатесна бу Даймахке бухабаьрза. Гуонах массара а хоттуш дерг цхьаъ ду: «Вай ц1а дохуьйтур ду ца боху?»


МУСЛИМ

Харцо т1еяларх и данне а дац, вайн къам пана дер ду бохуриг. Бакъонна а ю шен зама. Вай лакха айбина латто еза нийсонан байракх, вай ц1адирзанчул т1аьхьа а вешан нийса некъ д1абахьа. Цул т1аьхьа а бевр бу цхьа нах вайн къомах ка яьтташ. Вай царна бахьанаш карадайта ца деза, вайн коча эха. Вайн, ворх1е а да ца лелла воьлхуш, балхамаш беш. Иза эхь хилла къонахошна. Вай а лелар дац доьхна.                Хьалхлерачул а х1инца ойсаре къа хьега дезаш ду вай, вешан къам а, мохк а ларбарехьа. Вайгарчу хьоло вай цунна декхарийлахь до. Вайна юккъехь меттиг бита ца беза: вовшашна оьг1аз эха, т1аьхьашхула ле, хьаг1 лело, моттарг1ниш лело, к1еззиг долчу х1уманна т1ехь къийсадала, вовшийн васниш ян; ч1ог1а бертахь долуш, вошалла деш, деладелла, декхаделла, хьуьнарца гайта деза вай; жимма а хьуьнарг дерг - хьалхатоттуш, - охьацаийзавеш, вовшийн - аьтто беш. Вовшийн ч1ог1а доладеш, миччахь а вайх цхьаъ нисваларах. Уггаре коьртехь, баьрччехь дерг иза - вай т1етаь11ина 1илма 1амор, дешарца хилар. Х1орраммо а ша-шена т1ехь къахьегар, шеца долу вонаш хердеш, диканаш 1а1ош.


СА1ИД

Дера, ду, ас и къамел х1окху вайн газета т1е доккхур.

 
МУСЛИМ

Мурид ч1ог1а хьашт вара вайна тахана. Цуо набахти чохь дохуш долчу шерашкахь, дикка белхаш бина хир бара. Мел зе ду вайна иза.


СА1ИД

Мацалла нах ца балийта…


МУСЛИМ

Цунах-м кхетара вай массо а. Шаверг к1елхьара ваккхалур вуй? Мацалла леш болу, я бойуш болу нах вайга сацалур ма бац. Вай жима къам ду. Амма т1ейог1учу хенахь вай дан г1ертарг (динна къам кхиор) алссам пайда бахьар болуш г1уллакх ду, цхьа стаг, я моссийтта стаг мацаллех к1елхьара воккхучул а. Оцунах кхета деза массо а. Хиллала иза дина хилча, кхиниг цхьаъ ваха мегар дацара цу набахтичу, мел а хир бара, цу «хьекъалчан» куьйгаш маьрша а хир дара? Цо дина зулам а х1ун дара, мацаллах хьалха баьхна советан доьзалш? 

   
СА1ИД

Оцу аг1ора хьаьжча нийса ду иза. Цул т1аьхьа мел белла уьш, мел леш бу уьш, мел лийр бу уьш кхиъ? Вайха ма ца хаьий - х1ун хуьлу а. Ишттам, набахтехь вара аьлла ца 1аш, кехаташ цхьа мор схьатосу цуо. Иза цигахь садоккхуш ву моьттуш а вац со. Х1инца, Сталин велла хилча, шайн т1ехь ц1ий доцурш дукха нах арабохура бу, ма боху. Кехаташ чу-м делла цуннаъ.


МУСЛИМ

Аравалийтахь, катоьхна кхуза схьавало веза иза. Ас сайна т1елоцу оьшу кехатийн кечам бар. Т1аккха, болх, ч1ог1а жигара бера бара кху Алма-Атахь. Куьйгаш ца тоьуш лаьтта, говза куьйгаш, Муриди саннарш. Оцу доьзалх х1ун хилира цуьнан? Хьуна хаьий цунах дерг?


СА1ИД

Шура к1ант эцна г1аскхи болчу д1аяхна, шайн ц1а.


МУСЛИМ

Вайгарачу хьолехь дика болх хир бац цунах. И к1ант нохчи ма ву, цуьнан нана г1аскхи хиларх. Цуьнчарна везар вац иза. Цигарчу 1едал нахана а товр вац иза, шайна юккъехь. 1ашт доцург ду иза, уггаре а хьалха, оцу к1антана, шен. Суна, Шура кхетаме хетара хьуна.


СА1ИД

Делахь а, к1ант йозанца, кхетамца кхиор ву цо. Кхин д1а деша ваха а аьтто хила мега.


МУСЛИМ

Шен нахаца ца кхиинчу цунах х1ун стаг хир ву? Вай коьртехь дийцина г1иллакхаш д1адевлча, буха х1ун дуьсур ду цунах?

 
СА1ИД

Мурида, декъазчу синна нисбели-кх и болх а. Уггаре а иза ваьгнарг т1е-м х1оьтти цунна.


МУСЛИМ

Вайна х1оьтти, алахь, вайн - дерриг а къомана. Цхьа Мурида к1ант хилла ма ца 1а. Цхьаъ вукхунна т1аьхьа нислуш, ч1ог1а кайохийна вайн, кху т1аьхьарчу б1ешарахь. Халкъана чу са дан ца дуьтуш, когадола меттиг ца болуьйтуш. Вайн боцу т1емаш т1елоьцуш. Цхьанхьара - «деха куьйгийн» - белхаш бу х1орш.


СА1ИД

Цхьа, динна халкъо д1аяхьа тамехь йолуш 1и яц вайн билггала яьккхина. Цхьа некъ, цхьа кеп ца хилча ера яц. Вай кхачаделла д1адевр ду.


МУСЛИМ

Вайна, куьйгана а, дашана а ц1ена болу: дешна нах, яздархой, хьехархой, лоьраш, хьуьнар долу нах оьшу. Уьш мичара бевра бу? Дера, бу, вай уьш кхиабахь, вайн берашка вай дешийтахь, вай уьш 1амабахь.


СА1ИД


Суна хаза хета хьо иштта дог-ойла йовха лаьтташ волуш. Вай хьолехь дагадог1у х1умнаш дац уьш. Вай ц1адирзича а вайн карахь х1ун долуш хир дара вай?


МУСЛИМ

Цкъачунна вайн дегнаш чохь хилча а ду доккха х1ума. Ва амма, Муридна а дайна, вайн дегнаш дуьненан х1умнах 1ехаделла дассалой, т1аккха вайн цхьаммо а вон болх бан ца оьшу, вай ваьш х1аллак хилла д1адовр ду кху дуьнет1ера.


СА1ИД

Х1окхуьнга хьажахь, - цхьа кехат д1акховдадо Муслиме. – Х1ара хьуна гина хир яц хьуна, МУРИДА кестта язйина байт ю х1ара. Кехатца схьатесна цо х1ара соьга, иштта-м, кхин а ю уьш шортта.


МУСЛИМ

1ожалла.
Со-м хезнаъ ваций, х1ай, Элчано баьхнарш,                Къор1анийн к1оргенаш йовзаза ву;                Аганан уьн-т1ера упхане яьхьна                Ойланаш йийшор а даьссаниг ду.                Суна сайн декхаршлахь адмалла го;                Къаш летор къахьделла, мелан чам кхетта,                1азапийн бодано серло а етта,                Девзинарг даржоргахь некъ гуш ву со.                Ас мацах дуьйна схьа латтанаш хьешарх,                Со-м 1аьршийн маь1дане кхачанза вай;                Хьежийна г1елбелла б1аьргаш сан лиэшарх,                Хьаьжна ган кхоьллинарш ганза ву, х1ай.                Вахаран урдона х1ун ло ас т1аккха?..                Мелана х1оттийна х1оллам а бац.                Со-м кхиънаъ ваций, х1ай, меле ког баккха,                Мел боцуш вирзичахь, Далла а тац. 
 
- Са1ид, со иштта кхета-кх кхунах, дикка ладог1лахь соьга.
Аллах1 вуйла хаьа вайна, Иза вовза везий а кхета вай, амма вайн сино кхечу новкъа дуьгуш нисло вай. Вайн сино вай Аллах1ан хера дохуш нисло, я дуьненан балхана т1ейоьду вайн ойла. Т1аккха и новкъа долий, вайн вешан са даа доладо, вай догуш хуьлу Далла хьалха вай бехке хеташ: т1аккха вайна моттало, вай Делан дуьхьа дахар д1атуьтту хьуна, я – цу дахаран дуьхьа, вай Аллах1 вицван волаво хьуна. Амма иза хеташ дерг ду шиа, х1унда аьлча Аллах1 вайн сица волун дела, ткъа вайн са –  Цуьнгахь долун дела а. Оцунах вай кхетча, вайна атта хир дара ваьш дан дезачунна нийса хьесап дан.


СА1ИД

Маржа-я1, Мурид, ма маьрша хила везаш вара хьо, хьайн йозанца болх беш.


МУСЛИМ

Кхузахь д1асакъаьстар ву вайша. Дала диканехь вовшахтухийла вай.



ДоьалгIа дакъа



13-гIа сурт



МУРИД ВУ ЛАЬТТАШ, НАБАХТИЙЧУЬРА АРАВАЬЛЛА. КАРАХЬ ЦХЬА МОХЬ БУ. Д1АСА ХЬОЖИЙ ЦХЬА Г1АЖ СХЬАОЬЦУ – 1АСАНА.



МУРИД

Боданах етта ю буьйса.                Дитташа дайн шабар до.                Стиглара седарчий хьуьйсу,                Ойлане, оьций, д1ахьо.                Стенга хьо – соьга ма хетта,                Беха некъ билггала бу.

               
Т1ЕВОГ1ИЙ ДЕХЬО СОЦУ ХЬАЛХАЛЕРРА ПАРТИ.


ПАРТИ

Хьо гена воьдий некъахо?


МУРИД

Некъ ма-ббу воьду-кх. Хьо юха а тилвелла лела?


ПАРТИ

Хьан некъ цхьаъ бу – набахтийчу. Цкъачунна к1елхьара вели хьо.


МУРИД

Иштта ма алахь. Нийса муха хир ду ас алий хьоьга, илла а, билла а хьо коча веана хилча: жимчу гона юккъера араваьлла, кхин а боккхачу гона юккъе вахана алахь.


ПАРТИ

И дешнаш тоьур ду, хьо юханехьа оцу хьан «жимчу гонна» вухаверзон.


МУРИД

Х1инца тоьур дац, хьан протокол дац. Я, хьан соьга цхьаъ дайта дезар ду. Ткъа со собаре хир ву, х1окхул т1аьхьа.


ПАРТИ

Хьайниг бакъ ду тахана, амма кхана хьан собар кхачийча, со гергахь хир ву хьуна.

 
МУРИД

Хилахь дера ву ас хьо дохко воккхур. - Т1еволало, шегара г1аж ойбий. Важа шен герзан т1еветтало. Х1ара, т1аккха, шегара мохь цу г1ожех уллий д1авоьду. Важа латта вуьсу кхеравелла ваьхьанчохь.



14-гIа сурт



МУРИД А, СА1ИД А. НОХЧИЙЧОЬ.


 
МУРИД

Х1инца вай вешан ц1ахь ду, вайн махкахь. Ц1ера даьхна, даьржина лелачу хенахь, х1уъа лелийна хиллехь а, х1инца доллучунна т1ехь вешан халкъана масал хилла д1ах1итта декхар ду вай. Доккха жоьпалла ду яздархочунна т1ехь дерг. Цундела, муьлххачу а ледарлонах, муьлхха а вониг шегара даларх ларлуш хила веза яздархо. Сихвала мегар дац цхьана а х1уманна т1ехь... «Собар! Собар! Кхин цкъа а собар!» - баьхна вайн дайша. Иза дицдан мегар дац.


СА1ИД

Мурид, говрана нуьйра тилла езара т1ера д1аволало вайша? Яздархойн бартан «корта» оьшу.


МУРИД

Нуьйра тилла ца езаш шен меттехь ду г1уллакх. Хьоьца собар ду, хьукма а ду, белхан зеделларг а ду.


СА1ИД

МУРИД, вайна 1абада керлачу апаре чохь д1а яхьа еза. Ткъа цу балхана ондда хьуьнар оьшу, иза хьоьгахь ду. Хьан шортта керла ойланаш ю 1аь1ана, оцу хьан тутьтичу тарцалуш. Хьайга дукха а ца дуьйцуьйтуш реза хила веза хьо. Дукхахболчу яздархошна а го хьо цу меттехь - тахана.


МУРИД

Дика ду т1аккха, сайга дукха хьедойтур дац ас и х1ума, со реза хир ву.

 
СА1ИД

Муслиме кхаъ боккхур бу ас т1аккха, цунна ч1ог1а хазахетар ду хьо реза хиллий хиъча. 


МУРИД

Сан керла йозанга ладог1ахь, Са1ид, х1ара кхин а т1ехь «воттан» хьекха дезаш-м ю сан, делахь а хьуна хазийта лаьара суна, хьоьга алийта.
Упханан уьне а ваьлла,                Аганан уьнехьа хьаьжча,                «Къонаха вехна-кха», - аьлла,                Адмашлахь шен юьсуш ц1е,                Чхам-м-м                Олий, хеталой,                Дог 1овжадо.                Дависа шен,                «Со»                Бохуш, ваха а вехий,                Тап-алий                Ван аьллах даций!                Къонаха-м,                Веллера аьлла,                Адмашна-м вицлур а ваций.                Вахарехь ши некъ бу:                Шен хьаште боьдуш берг – цхьаъ.                Халкъан дукъ узуш берг – цхьаъ,                Цаьршиннан вовшашца                Безам а бу.                Халкъан дукъ узуш хиларх,                Шен хьашт а                Дицдан тарлац;                Шен хьаште кхевдина,                Халкъ дицдича,                Адмаллин чоьтахь висац.                Ткъа стеган                Адмаллин барам                Цу некъийн леларца бусту:                Халкъан дукъ озаргахь                Алсам мел вели,                Адмаллехь вуьйлу и сов;                Шен хьаште хьаьддачохь                Чехка мел вели,                Адмалла,                Жим-жимлуш,                Дов.                Верриг а                Шен хьаште 1еха ма вайта,                Халкъан дукъ узуш а                Ирхенаш яха.
Х1ара иштта юьхь хира ю цу поэмин.


СА1ИД

Ц1е билггала яьллий хьан?



МУРИД
«Воккхачу стеган къамел».


СА1ИД

Энгельсан «1ер-вахаро билгалбеш бу кхетам», - бохург, ахь кхин а к1аргбина гойту кхузахь.


МУРИД

Суна хаьара ахь лоццушехь т1ум схьалоцур юйла. Ладог1алахь: «Ша, къа а хьоьгуш, вовшахтоьхначу 1ер-вахаро бен, билгалбан йиш яц стеган кхетам» - иштта хир ю цу билгалдаран кеп.


КХУЗАХЬ КХАРНА Т1ЕВОГ1У ПАРТИ, Х1ИНЦА КХУННА ЮХХЕ ВАЬККХИНА ШИ БЕЛХАЛО А ВУ.


ПАРТИ

Ас аьлла дацара хьоьга, со даима а хьуна гергахь хир ву. Хьуна ма сиха «т1емаш» девла. Ас уьш д1ахедор ду хьан, «Дарт».


МУРИД

Ахь соьга х1ун де боху? Ма бали ваьлла хьо суна, вала-м ткъа. Хьайн новкъа д1аг1охьа, сан некъ хадо а ца г1ерташ, сан хьоьца бала а бацара.


ПАРТИ

Хьо реза хила ца веза хьайга кховдинчу балхана, цигахь кхиниг ву хила везаш, хьо вац.


СА1ИД

Мила ву и къастош верг?


ПАРТИ

Къамел хьоьца деш дац, хьо волчохь 1ад1е хьо.


МУРИД

Хьо мила ву тхо чехо, г1иллакх юххехула а ца даьлла хьуна.


ПАРТИ

Сан г1иллакх и сан парти ю, кхин долу акха х1умнаш оха лоруш а дац.


МУРИД

Хьо суна т1аьхьара волу, я ас хьан батт дур йо.


Кхузахь т1евог1у цхьа г1алг1айн милицин эпсар.

Эпсар

Батт а, мотт а ас хьайниг хьаха бу ц1ийша бузур. Ас хийла шучера и буьзна-кх.


МУРИД
Хьо мичара вела х1инца? Хьашт доцург ма дийца.

Эпсар
Шу нахчалгаш бахьанехь дохийна тхо а. Амма кхин д1а тхан дош ницкъ болуш хир ду кху махкахь.

Мурид
Дакъаза ма вало хьо, тиларчу вахана таро йу хьо. Х1акхара тилийна, кхерийна, 1ехийна хир хьо. Со кхетар ву хьох, хьо ле ма вайта кхаьрга.

Эпсар
Хьуна цхьа некъ бу - иза Сибреха боьдуш а бу.

Мурид

Юха ма ваьллахь айхьа леринчу т1ера, боьрша ма хиларг, - аьлла, шен буйнара таьптарш Са1иде д1а а лой, вукхунна т1еволало. Киснара урсан м1аьчиг йоккху.


СА1ИД

Мурид! Ма! Мегар дац хьуна! Хьо карзах вог1уш ву хьуна иза, собаре хила. Собаре!

Эпсар дукха кхералой  дIавада г1урту, эццехь ког тасабаларца охьакхета.  Цунна корта дIакхетта цIий долало.


Эпсар

Туьйхи цо суна, урс туьйхи, со вуьйш ву иза! Ц1ий, сан ц1ий ду… 



МУРИД ЦУННА Т1ЕХЬОДУ Г1О ДАН, ТКЪА Парти а,  ШИ САЛТИ 1АДДА ЛАЬТТАШ ВУ, ХУЬЛУШ ДЕРГ ХУЬЛУЬЙТУШ.


МУРИД

Са1ид, лоьрашка кхайкхахьа, сихха, кхунна кхин доккха х1ума цахилла, амма ц1ий д1аэхахь, ледар г1уллакх хир ду кхунах. – Эпсарна т1евоьрзу: - Къинт1ера вала суна.

Парти

Хьажал, Мурид, ахь хьайх динарг. Х1инца набахти вахана ца 1аш, ч1ир а йуьйли хьох. Цара хьо вуьтур ма вац, тхох маьрша ваьлчи а.

Мурид

Суна хаьа,  х1ара хьан куьйга кечбина болх буйла, иза ж1аьла санна суна т1етасар. Шуна а дукха хан ца йисна... Тхо цхьаьна ц1ийн нах ду, тхуна некъ карор бу вовшийн дегнашна т1ебоьду, амма шу пана довра ду, цкъа а дуьненан т1ехь хила а ца хилча санна. Ткъа халаноша, баланаша тхо йалсамане дуьгур ду, тхо духур дац, къарлур а дац, йан шуна а, йан шуна т1аьхьабог1учарна а.

СА1ИД Д1АХЬОДУ ЛОЬРАШКА КХАЙКХА, ТКЪА ШИ БЕЛХАЛО Т1Е А ВОГ1ИЙ МУРИДАНА ЕТТА ВОЛАЛО, ОХЬА А ВУЬЛЛИЙ, Т1Е МИРАШ БЕТТА ЦУННА. МУРИДА БЕТТА МОХЬ ХЕЗА:

- Тхо кхачалур дац шуьга! Кхачалур дац!..- Аз д1адов. Иштта жимма хан йолу, цхьа а меттах ца хьовш.


1-ра САЛТИ

Оцунна чохь са дуй?


2-г1а САЛТИ

Ду. Ткъа цунна чохь?


1-ра САЛТИ

Валаза ву х1инца а. Амма ц1ий дукха д1аихина кхуьнан. Ши сахьт сов д1адаьлла, лоьраш схьакхочуш-м бац.


2-г1а САЛТИ

Вайшимма цхьацца цигаьрка оза, юха а. Уьш схьа маца кхочу а ца хаьа?


1-ра САЛТИ

Мегар ду, динна ботт оза а-м. Валу.(Д1авоьду ши а.)            

     БОДА БАЬРЖА.

 
ПхоьалгIа дакъа



15-гIа сурт



ЮХА ЦУ ШИННЕХ ЦХЬАЪ ХЬАЛХА СХЬАВОГ1У.


1 - САЛТИ

Ве а г1ерташ стаг верна, Муридана кхел йина тоьпаш тоха. (Д1авоьду.)


СА1ИД СХЬАХ1УТТУ.

Муридан тоьпаш тоха цуьнан бехк болуш х1ума а дац иза. Нагахь тоьпаш тохаза 1аш дацахь суна тоха, со ве. Мурид, Нахчийн халкъана ч1ог1а оьшуш яздархо ву. Цуьнан ч1ог1а мехала белхаш бу болийна, чекхбаха безаш. Со ву шуна: ве а, ирах олла а. Мурид маьрша ваккхар дехар ду сан а, массо а яздархойн а, дерриг нахчийн халкъан а.


ВАЖА САЛТИ СХЬАХ1УТТУ


2 - САЛТИ

Муридан даьлла орца тидаме а лаьцна, кхиэло сацам бина: ткъа шо чохь даккхийта. Сацам т1аьххьара а бу, хуьйцур болуш а бац.



16-гIа сурт



ТУТМАКХ СХЬАХ1УТТУ З1АЬЪНАШЦА.



МУРИД

Маржа, дог тийсало, х1отта кечделла,                Безаман ойланаш лелхайо.                Дерачу д1овшан кад барамза мелла,                Г1орасиз хилла, г1ийла «ах1» до.
Текхалац соьга кхин вахаран ворда:                Цунна т1еботтаза мохь бисна бац.                Ирчаллехь дуьстина, соьгарчух тардан                Лаьтта т1ехь ирчаниг лелла хир дац.

ЗАМГ ЮЛА ЮККЪЕ.
 
Геч хир дуй техьа сан                къаьхьачу къиношна?                Халкъо сох къинхетам                бийр а буй те?                Сайн хьаштийн хама ца беш,                декъазчийн гошна                Даим ас там лехар                лорур дуй те?
Геч хир дуй техьа сан                къаьхьачу къиношна?
Геч хир дуй техьа?..

                ЗАЗА ТIЕ ЙОГIУ, ХIАРА ЧIОГIА ЦЕЦВАЬЛЛА ВУ.


ЗАЗА

Дахаран тулг1еша                Вайга ца хоьтту.                Х1ордачел дуккха уьш                Мехала ю.
Бамбин мотт безначохь                Т1улгаш т1е доьтту.                Хийла вай лиънар дан                Г1орасиз ду.


МУРИД

Суна хьо евзи?                Хьо муха кхаьчна кхуза?                Я хьо г1аларт ду, со санна?


ЗАЗА

Мурид, со йицъелла хьуна, дага ца йог1у?                Г1алартах лела-м вай, 1амийна ду.


МУРИД

Ойлано оллийна корта базбелла,                Балано хьовзийна, вахар тазделла,                1азапо 1овжийна, вацар хазделла,                Суна хьох нацкъара г1аларт тарделла.


ЗАЗА ЦУЬНАН З1АЬАШ Д1АЙАСТА ЙОЛАЙО.


ЗАЗА

Суна-м и дешнаш хьан хазделла.                Гуш ву хьо мелла а тишвелла.                Бохамна, х1етте, къар ца велла.                Собарца ч1ог1а хьо тарвелла.

 
МУРИД

Кхуза хьо кхаьчнехь, хьо ч1ог1а са ду.                Со «цхьаллехь» чохь валлун ворх1 бутт а бу. 

               
ЗАЗА

Г1ора сан чаг1динарг хьан аьрха 1а ю.                Геналлехь хиларах а, со хьоьца ма ю. 

               
МУРИД

Жех1алчу жайнаша жимчохь 1ехорна,                1есачу некъа т1ехь айпаш лехьорна,
Мел боцуш, эрна дукъ айса текхорна,
Дог дохкодаларца Деле со хьоьжу.


ЗАЗА

Сан санна, кийрахь са хьийзаш,                Хьегаро 1ийжадахь дог,                Дийцахьа, ойланехь хилларш,                К1еззиг сан байбехьа ког.

 
МУРИД

Дахаран некъ тайначара,                Некъ боьхнарг                Вицвеш го суна.                Иштта ду сан г1уллакх –                Г1айг1анийн уьйриг.                Янне а бен-берсо яц,                Вицвича тоьлура                Вахаран некъ боьхна 1ийриг,                Некъ боьхнарг тергалвеш                Нехан а дац.


ЗАЗА

Сан деган хьоьцара герго                Дохо йиш йолчеха дац.                Ч1ог1а ю ас йохьу терго, -                Хьол хьомсар цхьа а сан вац. 
Цкъа а кхин ара ца вала,                Сан даг чохь сецна ву хьо.                Вицве ахь соьга ма ала,                Аларах виц хьо ца ло.


МУРИД

Довха ду хьан дешнаш, барамах тилла…                Безаман сийна ц1е кхераме ю:                Маршонехь вовшашна герга ца хилла,                Вовшашка кховда некъ                Боцуш ма бу.


ЗАЗА

Хьегар бен вайшинна язделла дацахь -                Декъазчел декъаза вайша ма ду...


МУРИД

Яцахь а дег1ана зоьртала,                Суна хьох турпал хили.                Герга а хенахь ца г1оьрта, -                Гергара накъост хили. 
Х1инца хьо йоцуш йиш яц сан.                Х1инца хьо – дерриг а ду.               
Нох-чий-чоь, Ц1ен-Берде, сан к1айн Г1арг1ули!!!


ЗАЗА

Хьо волчу Расул Гамзатов веъна, - аьлла, хабар ма хезира?


МУРИД

Веънера.


ЗАЗА

Брежневга вист хилла, хьо аравоккхуьйтур ву ца бохура цо?


МУРИД

Вахарехь ши некъ бу:                Хьан хьаьвда дузуш берг – цхьаъ.                Халкъан дукъ узуш берг – важа.                Шен хьаьвда стамделчхьана,                Халкъан дукъ дицдеш верг,                Адмаллин чоьтахь висац.
                Цо беана некъ иза бара.

               
МУРИД ЦКЪА КЪАЙЛАВОЛУ, ЗАЗА ША НАБАРХА ЯЬЛЧА САННА Д1АСАХЬАЬВЗУ.


ЗАЗА

Мел хаза ду, мел хала ду                хьоьга тийсар са.                Дийнан ял со йоцуш ма ю,                наб кхетац буса.                Мерза хьийза сан са хьуна,                мерза 1ийжа дог.                Кийра богу. Кийра - хьуна.                Хьоьгахьа туьйсу ког. 
Язделлий те 1аьршан йоза                вайна вовшийн ган?                Дог1ур дуй дезна доза -                хьегар кхачадан?                Мел хала ду, мел хаза ду                хьоьга дег1а ла.


КХУЗАХЬ ВУХАВОГ1У МУРИД. КЕХАТИЙ МОР БАХЬАШ. 



МУРИД

Ц1ен-Бердан мукъам со аьлла ваьлла. Х1ара тептарш ду хьуна. Цкъа мацца а айхьа йозанца болх беш хилахь, вайшинна к1айчу безаман цхьа сурт х1оттур ду ахь, сан жима Г1арг1ули.

Сан валар ч1ог1а ма къала:                Хьалхарниг соьгахь ю раг1.                Нахала г1ийла ма яла:                Ишттаниш лайна бу нах.


ЗАЗА

Вайшинна некъ чекхбаьлла? Кхин ладам болуш х1умма а дац вайшинна?


МУРИД

Вайшимма чекхбоккху вайшиннан некъ, ва амма, некъ вайшиннан боьрзур-м бац вайшинца. Ткъа боккъал а ладам берг дийна дерг ду, ва амма, боккъал а дехаш дерг, иза 1ожаллин мотт биллина хир ду. 

               
ЗАЗА

Некъ болийначу кхечи вайшинни, ша боьрзуш. К1айн г1арг1ули го суна - жуттана т1аьхьайисна ша - цхьалха. Юха а суо! – ши а т1ам бойна – ц1ийх юзна г1арг1ули.


МУРИД

Даймехка хьаьттахь хьо цхьалха яц.                Ши т1ам хьан бойнехь – орамаш ду.                Ц1ий хуьйдина долу уьш - нуьцкъала ду.                Хьан до1ана жоп дала Аллах1 а ву.
 
 

 
 
 
КИРХЬА


Рецензии