2-я папка

Резванова Айза
Туьйра.
Жимниг.

Б1аьстенан йуьххьехь, хаза, сирлачу дийнахь,  котаман к1орнех, цхьа наьнк1орне йара кертана боьг1начу хьокха буьххье а йаьлла: «1уьй -1'уьй, 1уьй -1уьй" бохуш, кхойкху кеп х1иттош. Т1аккха ша шех йоккхайер долуш, ши т1ам тухуш, хилла  йаьллачу борг1алах тарлора цунна ша. Делкъа хан хилча, йеъана схьа х1оьттира борг1ал. Борг1ал шена йайча н1аьнк1орне керт т1ера чу кхоссайелира.
Борг1ало цуьнга  хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю кхузахь?
- Со, со, кхойкхуш йу,- жоп делира, к1орнено.
-Муьлха хан йу ахь кхайкхош  ерг?- хаьттира борг1ало.
К1орнена ца девзара и хаттар.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира иза.
Цу балхах кхеттачу борг1ало йуха а хаьттира:
-Ц1е муха йу хьан?
- Ца хаа суна, - аьлла, корта охьа баьрзийра к1орнено.
Борг1ало элира:
- Т1аккха ас хьох ,,Жимнаг" эра ду. Реза йуй хьо?
- Реза йу, - элира к1орнено.
- Т1аккха, Жимниг, цкъа а кхайкхиний ахь цхьа а хан?
- Со тахана 1уьйраннадуьйна йу  кхойкхуш, элира, жимнига.
- ,,Къу - къу - къукъ" Цундела ю-кх хьо йиш а хаьлла. Цхьаммо а ца хьехна хьуна, муха, йа маца кхайкха еза?
- Х1ан - х1а. Ца хьехна, - аьлла жоп делира жимчо.
-И х1ун ду ткъа? Ца хьег1на бохург? - аьлла, цуьнга д1ахьежира Борг1ал. Т1аккха элира:
- Делахь - х1ета, тахана дуьйна ас хьоьхар ду хьуна муха, йа маца кхайкха еза. Ткъа ахь дика ла а дуг1уш, схьалаца деза, хьайна хьехнарг. Барт хилан вайшинна?
-Хила. Со реза йу, - аьлла, т1емаш а тоьхна, кхайкха г1оьртина юха а 1уьй -1уьй,- аьлла, самукъа даьлла, кхоссайелира жимниг.
- ,,Къу - къу - къу" аьлла, борг1ал йелайелира, цу к1орнийн леларх сакъераделла:
- Ткъа х1инца, ас делкъа хан кхайкхор йу. Ахьа тидам беш, ладог1а,- элира, борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, ладог1а х1оьттира жимниг, шен хьехархочух йоккхаеш.
Т1аккха борг1ал кхоссайелла керт т1е хьала а йьлла, кертана боьг1начу хьокха буьххье а йьлла, корта хьала а берзийна, шен аз а тадина, зевнечу озаца кхайкхара.
-  ,,1уь1 - 1арий -1уьй1", - бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхара борг1ал.
Жимниг цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.
Т1аккха Борг1ал шен т1емаш дегадина,  керт буьхьера чу кхоссайеллира.
Йуха хаьттира:
- Т1аккха, Жимниг,  1еман хьо? Реза йуй хьо вайн кхайкхарна?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза йу. Хьан йиш йелахь дешар х1инцца д1адоло лууш йу со.
- Вайшимма дешар д1адуолор ду т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхар ду хенаш кхайкхор. Хьалхарниг ду хьуна, денний, буьйсанний юккъехь моссаза кхайкха еза дуьйцуш. Шоллаг1аниг, хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхуо хьоьхар ду. Х1инца ахь ла дуог1а соьга, лерина.
Уггар хьалха 1уьйкъе  кхайкхош, адам сама даккха деза. Т1аккха, сатосуш г1аьттина, 1уьйра ламазан хан кхайкхор йу ахь. Цул т1аьхьа делкъа хан кхайкхо йеза. Т1аккха малх бузу а, маьрк1ажа а, пхьуйра а ламазан хенаш кхайкхийначул т1аьхьа, набаран хан кхайкхор йу ахь.
Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас а санна, кхиетий хьо? - хаьттира борг1ало.
- Кхиета, элира жимнига.

Х1инца хьаша вог1уш  кхаъ кхайкхуорах дерг дуьйцур ду ас хьуна.
Ладуг1уш йуй хьо?
- Х1аъ! Йу! - олуш, серла йелира жимниг.
 Хьаша варах хаам беш, керт буьххье йала ца оьшу. Цунах дерг х1усам чу а йоьрзий кхойкхош хьо хилча, х1усамда а, нана а самукъа долий хуьлу. Цара олу: ,,Хьаша вог1у бохуш, кхаьънаш дог1уш йу вайн борг1ал" бохуш.

Цул совнаха, дика борг1ал йехачу  кертахь, кхиечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо йехачу кертахь кхайкхар, цуо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн котамашна а, кертана а дола дан а, улле хьийза а, кертахь йита ца еза. Тоьххна, иэккхо йеза и! Ша йехачу кертана а, шен к1арийна а дола деш хуьлу дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал йан а йог1ий, хьан кертахь олалла деш, к1ара д1а йоккху хьоьгара. Т1аккха, х1усамда оьг1аз воьду: «шен к1арийна а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, йай чу тасар бен»,- олий, х1усамдас урс хьокхий, х1усамнанас  сиха йай чу тосу и. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза йуй хьо, цу балхана, Жимниг? - олу борг1ало.
Ша лаьттачахь кхоссайелла, нисса д1ах1оьттина, жоп делира жимнига.
- Со реза йу вайн кхолламна! Кертана дола дан а реза йу!Хенаш кхайкхо а.... хьешах кхаьънаш даг1а а.... нагахь сох к1илло - н1аьна хилахь, суо йай чу тасийта а реза йу,- аьлла, жоп делира, жимнига.
Борг1ална и жоп ч1ог1а тайра.
Цуо элира:
- ,,Доллушехь хуьлу к1охцалг ира"!
2016


Рецензии