Без права на забвение

     Бакъо йац дицдан

Даймохк,
Тхан хьоме, Даймохк!
Дерриг къам хьох херди
Къизаллехь…
Кхелхинарш
Ца кхуьуш дIабохка,
Ирча некъ
Бира цуо мацаллехь.

Буо йиси
ХIусамаш, йарташ…
Буо диси
Дай бирзина кешнаш…
Йиеза йиси
Туокхе аренаш,
Харцоно
Къеждира лаьмнаш.

Кхойтта шо… (!)
Хийрачу махкахь
Даьккхира,
Шайн сий а лардеш.
Гаттуоно
Цадуохош эхь-бехках,
АллахI а…,
Даймохк цабицбеш.

Цамгарех,
Iазапан балехь…
Эзарнаш кхелхира дIа.
Висира…,
хийланиг, байлахь,
Дайн Весет
Дезаш лардан.

Даймохк,
Тхан хьоме, Даймохк!
Хьо боцург
Дуьне ма-дац.
Йа АллахI!,
Къинхиетам бай тхох,
Луохьа Хьайн
Маликийн орца!

Дуьненчохь
Бац-кха кхин ницкъ,
Даймохк,
Хьох даха тхо!
Делехь ду
Массеран а рицкъ,
Йа АллахI,
Ахь собар луо!

Тхан дахар
Хоьца доьзна ду,
Бицлур бац
Хан-зама дIаидарх…
Даймохк,
Дагчохь хьо мел бу,
Шекуо йац
ЦIа доьрзург хиларх!

Дахо Iалви
23.02.1987  ш.

ХIара байт зорбане йеш лакхахь хIоттийна йолу сурт-иллюстраци а авторан (Дахо Iалви) йу.


Рецензии