ХIай, нохчо!

     ХIАЙ, НОХЧО!


ХIай нохчо!, Хьо зуьйш ву замано...
Хьо зуьйш ву хиламийн чалхаш...
Хьо зуьйш ву йахьечу амало...
Хьо зуьйш ву хIиллечу хабараш...

Вай боху: «Ма-довла дАкъаза!
МостагIшна, доггаха, там бан ма-гIерта!
Тоде шайн гIиллакхаш, схьадолу аз а...
Цхьаъ бу вайн дай а, тIедуху верта а...».

Амма хIун дер-ткъа?! Къорачунна цахеза...
Мел аларх йа дийцарх... йух-йуха..., эзарза...
Хам боцуш ларийнарг – ма-дайна хийлаза...
Хадийнарг – ма-хаьдда, цахаьдчи даланза!

«Вай цхьаъ ду!» – цхьаволчо аларах,
«Вежарий ду!» – гуламехь кхайкхорах...
Йукъ-йукъара гIиллакх а гайтарах...
Наггахьа йахь йерг а валарах...

Ма-сихло, хIай нохчо!, теша...
ХIил долчунна оьшу хьан иэшам!
Эхь доцчунна тIе дан эхь дац хьуна,
Йахь йоцчо тешнабехк бо хьуна!

2018 ш. 12 декабрехь


 


Рецензии