1- я папка
Уважаемые братья, вы только подумайте, куда же мы катились пока не закрылись женщины. Мне стыдно вспомнить даже свою форму тогдашнюю. Хотя я и была не совсем в маечке. Я глубоко благодарна тем кто возвратил нас в закрытую форму. Мне вспомнить стыдно себя в той кофточке, как маленькая девочка. Нет мы (чеченские женщины) оделись не по арабски. А по мусульмански. Но согласна я с вами в одном. Мы не должны ходить в черном, как чёрные вороны. Можем красивые, светлые платьи и платки носить. Я 1963 - го года. И я помню когда мы ходили в школу, нас заставляли дедушка с бабушкой носить платки и платьи с длинными рукавами. А в школе учителя не разрешали заходить в класс в платках. У меня статья на чеченском яз.об этом на газете ,,Даймохк" ещё 2009 году напичатана. Написала о том, как нас переоформили. Надо просто подумать кто мы? И какую одежду должны мусульманские женщины носить. Нас ни кто не должен заставлять одеться так как подобаеться женщинам в имане. Нам подсказывают наши же сердца.
Я вас уважаю мои дорогие братья! И пишу с большим уважением к вам. Но я хочу чтобы вы не скрывали от себя истину глубины души.
И вот нам всем вопрос:
Почему наши женщины закрываються с ног до головы когда делают намаз? Становимся перед Аллахом только на намазе?
И почему должны переодеться после намаза в лехкую одежду? Потому - что это наряд общий, тоест наряд безбожников?
Нащи женщины закрываються потому что они поняли то что они после намаза тоже ходяться под тем же небом, и на той же земле дарованный Аллахом.
Я считаю что мы должны подумать об этом. А не рассуждать такое красивое одеяние. Эти платьи и платки так укращают нащих женщин и девушек. Что лаже приятно смотреть на них. А вы посмотрите на фотографии и вспомните одежду 80 - по 97 год. Чуть не в майках и платьи такие прозрачные. Разве это привело бы нас к хорошему? Не надо обсуждать одеяние закрытую. Наоборот. Надо учить с малых лет девочек покрыться.
С уважением к вам, мои дорогие, уважаемые братья!!!
Дагадаийта оьший ца дицделларг,
Карла даха а, б1аьргаш дуьхьлахь дерг??
Цатарлун дерг оьший даге кхийдо,
Цкъа а берта дог ца дог1у дерг?
Мостаг1 ву - кха, мел хан йаларх дукха,
Дайшца мостаг1алла лелийнарг.
Мостаг1 ву - кха, йамарт мостаг1чул а,
Дайша лайна бала бицбинарг.
Дайна зезаг, б1аьсте, аьхке йоцуш,
Басах даьлла, цхьаъа лепар доцуш.
Цхьалха дисна иза, девзарш боцуш,
Ба1 а сетта, ша цул хаза лоруш.
Малхо дагош, дакъош, хьийза жаззаш,
Мажделла г1аш, махо ц1ийзадо.
Т1аккха йог1у, дог1а дахьаш мархаш,
1алам, зезаг цара лийчадо.
Денло зезаг шена терго йина,
Шен дог хьаста, кхеташ ваьлча цхьаъ.
Хазло зезаг, къагош куц 1аламан,
Иштта йу - кха амал кхолламан.
.....
Резванова Айза
Хьан ойланех со кхета.
Амал а дац ца кхета.
Цхьа йиш - ваша ма ду вай,
Кхиъна кхерчахь Даймехкан.
Биъна кхача нохчаллийн,
Дегнаш йаьхьах дуьзина.
Нохчий ду вай миччахь а,
Дика туоло г1евттина.
Бакъо йоцуш м1аьргонна,
Делан дикнах дог дилла.
Алхьамдулиллах1!
Резванова Айза
Ирсе кхиалахь
Йелалуохьа сан Маьлхаьзний!
Хаза б1аьргаш къиегадеш.
Йиекхалухьа хаза б1аьсте,
Хьайн б1аьргашца йелайеш.
Хьо йу ненан деган йовхуо,
Б1аьргийн серло. Дашо малх.
Хьо ду зезаг, 1алам къаго,
Хаза, ирсе кхиалахь!
2023
Резванова Айза
Зезагал хазйелларг
Боккхачу х1орда т1е йирзина,
Х1ун ду те ахь дуьйцург цуьнга?
Го суна шайн амал хийцина,
Тулг1еш йу ладоьг1уш хьоьга.
Хьан бала шен кийра чу уьйзуш,
Хетало и х1орд а тийна.
Ане а хьан даге кхаъ кхийдош,
Геннара йуьйлуш го серла.
Хьо - м йу 1аш, зезагал хазйелларг,
Хьайн буйнахь зезаг а хьоьстуш.
Хьо бахьнехь дуьне а марзделларг,
Ву лелаш ойла хьох хьерчош.
*****
Резванова Айза
Поэма
Бер кхета берех
Ишколе ваханза,
вара к1ант жима.
Цициган к1орне к1айн,
карийча цунна.
Воккхавеш и к1орне йигана керта,
Цуо иза йаьккхина хиллера къайла.
Т1е воьдий, жима куьг цунна т1е хьоькхуш,
,,К1айдарг" ц1е тиллина, воккхавеш, воьлуш.
Лелара жима к1ант самукъа даьлла,
К1орне а цу к1антах йаьллера йоьлла.
Суьйранна денйиша йеара уьйт1а,
И йара цу к1ентан дог иэца кийча.
Цуьнга цуо дийцира к1орнех цициган.
Сов ч1ог1а лерина, ойланца беран.
- Деца! Ва Деца! Схьахьажахьа соьга!
Олуш к1ант велира шен къайле йаста:
- Мел хаза ду цициг, карийнарг суна.
Мел ч1ог1а доьлуш, со хьоьсту цуо, тайна.
Схьа йола Деца,
И гайта ас хьуна!
Мел ч1ог1а везаш, т1е хьерча и суна!
Олуш к1ант вахара Децийн куьг лаьцна.
Керташкахула д1а,
Самукъа гайта.
К1айдарг т1е деара к1антана сиха,
Муц1а доьлла, ц1унашла хьиекхийча санна.
Гуш йара муц1ар а, йакъайелла, йеха.
Мацаллуо б1арздина, б1аг1ара даьлла.
Йуха а вист хили к1ант хьаставелла:
- Ма хаза хьоьсту цуьо со, хьажахьа Деца!
Децийна гуш верг шен вешин к1ант вара.
Цуьнан дог хьаста цуо
х1ъу дийр дара.
Денйиша т1е тайра лаамза цунна.
Дог хьостуш, цуо к1анте элира т1аккха:
- Дера ду и - м хаза, хир ду кхиъа хаза,
Ц1андина, дузийна,
Дола вай дича.
Воккхавеш, кхаъ хилла,
Къежина виела.
К1анта шен дагахь дерг къадийра сиха:
- Деца, ас мегар дуй,
Йуург йала цунна?
Х1ун йала мегар ду?
Молий цуо шура?
Денйишас элира,
Там беш к1антана:
- Мегар ду дера,
и йезарг йу цунна.
Вай иза дузийна,
Даьккхина ловза.
Личийна, дуьтур ду
Хьан амал йовза.
Сихонца вахана,
веара к1ант схьа.
Шурийн кад х1оттийра
К1айдаргна хьалха.
Цу шинна къамелах
Ша кхетча санна.
Сапарг1ат даьлла
1аш к1айдарг а дара.
Ши - кхо бутт белира,
К1айдаргах ийна.
Дериге самукъа
Дара и цуьнан.
К1анта и хьоьстура нанас бер санна.
Цуо цунна луш дара
Мел диезарг шена.
Беъна т1е кхечира дешаран мур а,
Ишколе дешаре
Вахара к1ант а.
К1айдарг ца кхетара
Х1унда к1ант лела.
К1езигчу ханна а,
Ваьлла шех хиера.
Ишколе дешаре
Ваха к1ант ваьлча.
К1айдарг а доьдура
И новкъа ваккха.
Урамехь геннахь к1ант,
ц1а вог1у вайча,
Дуьхьала додура
Сингаттам гайта.
Иштта д1айелира
Зама, бутт гергга.
Берашна девзира
Гергарло церан.
Цхьаннах а бацара
Кхерам цу шинна.
Делахь а хилла - кх
Цхьаъ кхарах хьегна.
Цхьана хенахь ,,т1ап" аьлла,
К1айдарг д1а дайра.
К1анта и лоьхура,
Синтем д1а байна.
Сов ч1ог1а сингаттам
Дагна са баьлла.
Орца цуо дийхира
Кийра ц1е йалла.
- Деца! Ва Деца!
Схьайолахьа соьца.
Дахийтахьа вайша цкъа,
,,Марта" хи долчу.
Берашна гинера
Цигахь к1айдарг.
Хир ду и тилделла,
Сагатдеш, лелаш.
Сов холча х1оьттина
Денйиша т1аккха.
Дог доьхна вешин к1ант,
Шен б1аьрга вайча.
И сиха йахара, куьг
Лаьцна цуьнан.
К1айдарг схьакарийна,
К1ентан дог хьаста.
Массанхьа кхечира
Ишиъ и лоьхуш.
Цхьанхьа ца карийна,
И шиъ ц1а дог1уш.
Цхьа зуда лаьттара,
Шайн к1ет1а йаьлла.
И хилла, кху шинна
Тидам бан йаьлла.
Цуо т1аккха хаьттира:
- ,,Лаа шу лелий?
Цхьаъ йайна, лела - кх шу, схьа гарехь суна?"
Деца йист хилира,
Сингаттам хьиег1аш:
- Х1аъ, лела, ца карош,
К1айн цициг, жима.
Цу зудчо г1адйахана,
Кхаъ боккхуш санна.
Элира кху шинга,
Сов реза хилла:
- ,,Цициган к1орне ас
Лур йу шуьшинна!
Схьадуьйлал кху уьйт1а,
Харжа и шайна!"
- Ма дика ду тхойшинна
И карийна аьлла.
Ден йиша хьаьжира
Вешийн к1ента б1аьра.
Бахана х1орш бевлча,
Раг1у к1ел церан.
Нанах йекхаш йайра
И к1орнеш кхарна.
Цхьа к1орне схьа йоккхий,
Йекхчара ненанах,
Зудчо схьаоьхьура,
Хазйеш и кхарна.
- ,,Хьажал, мел хаза йу,
Шура санна к1айн.
Йеккъа цхьа к1айдарг йу - кх,
Х1ара д1ахьуо шайна".
Т1аккха схьа йаьккхина,
К1айн - къорзаниг,
Иштта схьа гайтира,
Кхин цхьаъ а, кхин а.
Мохь бетташ ,,маьув" бохуш,
Шайн нене кхийдаш.
К1ант реза ца хилира,
Цхьаъа цхьа иэца.
Эхх1ар а, элира денйишига к1анта:
- Д1а дахийта вайша!
Ца йеза уьш суна.
Денйишас хьоьстура,
Дехарш деш цуьнга.
- Схьаиэца, цициг мел хаза хир ду - й цунах!?
К1анта д1а уозийра
Денйишийн куьг.
- Д1адахийта вайша,
Йитина уьш.
- Мегар ду делахь - х1ета,
Д1адоьду тхойша.
Дог1ар ду тхо йуха,
Хийцалахь ойла.
Элира денйишас:
Хьожуш зудчуьнга.
К1адвелла хетарехь,
Сан жимнаг х1инца.
Баракаллах1 хьуна а,
Тхан дог хьастарна.
1одика йойла шун!
1ие делахь, шайна.
Олуш, кех делира
К1ант, денйиша а.
,,Мегар. Шу г1уо, таккха",
элира зудчуо а.
Цу ц1аьнна шаьш девлчи
к1еззига гена.
- Цхьа х1ума дийци ас?
Вист хилира к1ант:
- Схьа дийцахьа, сан Диканиг!
Денйишас аьлча:
- Схьа х1унда ца ийцира,
Ас дийци хьуна.
Шен нанина са гатдеш,
И йоьлхура йара.
Ткъа вайна и доьлхий
Хуур дацара.
Ас а ма гатдо ч1ог1а,
Сайн нанна са.
И х1унда ца йог1у - те бохуш ц1а?
Олуш к1ант д1а тийра,
Ойлане ваьлла.
Денйишас элира,
дог туохаделла:
- И синтем ма бара
ас лоьхург а хьуна.
Ц1а йан и хьан хилча - м,
Х1ун хала дара суна!
Делан кхел йу лелаш,
Ца къаьстош цхьа а.
Беран дош ларделаш,
Ца дуьтуш цкъа а.
*****
Резванова Айза
Самукъне йара со дуьненан 1аламо хьоьстуш,
Суо ирсе хетара лаамийн серлоне йуьйлуш.
Ткъа ирс сан бакъ долу хиллера бодануо къуьйлуш,
Дегак1оргехь къор1анан йозанаш довза сатуьйсуш.
Буолата хиларх а хийцало эчиган кеп а,
Ломан тарх хиларх а, г1амарах атало т1улг а.
Мел майра хиларх а, замануо иэшадо дог а,
Цхьа Делан Къор1ан ду - кх, олаллех ца духуш цкъа а!
Алхьамдулиллах1!
Аллах1у - Акбар !;
2023
Резванова А.
Адамалла лелош...
Иэхь хеттарг иэхь доцчара
Ма кхоллург хилла,
Иэхь доцуш хьаьвзинарг
Баьрчехьа вохуш.
Ма дала хьо делла,
Х1ай, хаза г1иллакх,
Хьоьца уьйр йоцчарна
Хьан сурт ца девза - кх.
Йахь йоцчара йаьхьан
йуьхь
Ма йагуорг хилла,
Туьтм1аьжиг лелориг
Айвеш, йуьхь йина.
Ма дала хьо делла,
Дог йахьах дуьзнарг,
Доьналла доцчарна
Ца хаьа - кх хьан хам.
Сий доцучара сий
Ма хьошург хилла,
Шайх тешнарг вуллуш
Г1оьлаллийн гура.
Ма дала хьо делла!
Сийлалле кхаьчнарг,
Адамалла хьо йуйла
Ца хаьа - кх царна.
Адамалла йоцуш верг
Сийлаллехь къегар вац.
Адамалла лелош верг
Сий дайна вуьсур вац.
Резванова Айза
Адамалла д1адаьлла бохуш, и ченала ца хьекхош, х1орамма а шеца дендан деза иза! Цамгарна санна дарба лохуш, ламазца карла дохуш. Делан дуьхьа, сайн ницкъ кхочучу барамехь адамаллийн хам а, сий а дан, бохучу ниетца! Адамалла д1адаьлла бохург вай олу хезча, кхиазхоша а дита тарло иза, тесана.
Дала адамалла дийначарах ца лоруш, и дендиначарах дойла вай!
Дала ийманехь нисдойла вай!
2023
Г1иллакхо шен амале а дерзадой, леладо адам.
Ша ца лелош, мало йинначу м1аьргонах жоп доьху, дагт1ехь мокха хьоькх а латтош.
Дала Ша реза волчу тобанах дойла вай!
Р.А.А.
Резванова Айза
Дац шуна иза г1ан, йа дац уьш х1иттийна сарташ.
Нохчичоь йу иза, къизачу мостаг1чо морцуш.
Нохчийн къам ду иза, балано б1арздина уьдуш,
Сан Даймохк бу иза, харцонах д1аиэ ца туьгуш.
Дуьххьара дац иза, т1еххьара хилар сатуьйсуш,
Г1аьттина нохчийн къам, мостаг1ашца Даймохк къуьйссуш.
Вайн дайша ларбинарг, т1аьхье шайн ца йита хецна,
Орамах цахедаш, нохчийн къам дахийта маьрша.
Бакъ болу дай - наной, йижарий, вежарий къоман,
Даима лаьттина Даймехкан г1ортораш хилла.
Муьлххачу халонехь дистина дог1у хи санна,
Нуьцкъала гайтина нохчаша шаьш мостаг1чунна.
Жима къам хиларна, цуьнгарчу ницкъах ца тешаш,
Моссаза т1е летта кериста, Нохчийн къам хьеша?
Амма ца къарделла, къарлур дац тхо лаьттах иэдарх.
Г1овттар ду зезагех, цаг1елбеш толамах тешам!
2021
Резванова Айза.
Диехар! Кхайкхам!
Нохчийн къомаца б1е шерашкахь къуьйсуш, бакъ болу некъ, бакъ долу 1илма вайн дегнашна хиера даккха къахьоьгуш. Вайн дегнаш чуьра бусулба - нохчийн орам бакъо дукха бахьанаш лелийна цу Делан мостаг1аша. Дуьззина Къор1анан 1илма а ца 1амадойтуш. И хьоьхуш болу вайн Эвлийааш а, устазаш а, 1еламнах а х1аллак беш, 1азап латтийна вайн къомана т1ехь. Уггар а хьалха 1амо дезаш дерг дара вайна Къор1анан 1илма. Дахарний, даларний йуккъехь цхьана пардунах дина ога бен ца хилар гойтуш. Т1аьхьарчу масех шарахь уггар а коьртаниг, Къор1анан 1илма 1амо аьтто баьлла вайна.
Со ала г1ерташ дерг: Тахана дерг кхана доцуш дуьне ду х1ара.
Кхин долчу 1илманел а хьалхара дерг ду Къо1анан 1илма. Тахана вайн аьтто болччара и 1илма 1амо къахьегар ду вайна коьрта. Вай кху телефон чохь байташ йоьшуш а, иллешка, эшаршка ладуг1уш йоккху хан а ца йолу вайн и Къор1ан 1амош. Цул совнаха вайна кху дуьненахь а, эхартахь а уггар а мехала карон йолу хан йу иза. Дуьнен чохь адамашна декъала некъ бовзийта, Дала кхиндолчу йозанел а, уггар а иэсехь атта соцуш, 1амо атта кхоьллина йоза ду иза. Шайт1ано ойланаш вайн керча йо, йуха хьийза йо, теша ца дуьтуш и вайна атта 1емарг хиларах.
Айса иэрна йайъина хилла хан и Къор1ан деша сайна 1емар дац моьттуш. (Иза а ма ду шайт1анан амал туолор.) ,,Т1аьхьа йисина со Къор1ан 1амо. Х1инца сан коьрто схьалоцур дац" бохучу ойлано сецош.
И бакъ дац.
Къор1ан 1амо цкъа а дац т1аьхьа. Вай доьшу ламаз - Бисмилла а дийцарехь санна ца хуьлу ша доьшучу хенахь. Цхьана элпаца а нисдалар вайна совг1ате хир ду кху дуьненахь а, цу эхартахь а.
Аллах1 - Дела реза хуьлда цу тхан хьехархочунна, Хьуьсейнна! Ма хаза а, дика а, кхетош хьоьху цуо и Къор1анан йоза.
Сан хьоме Йижарий, Вежарий, цу Къор1анал деза кхин 1илма ца хилар вайна хууш ду. Хьовсийша и 1амо шайна а, берашна а, 1амонза верг!
Дахарехь вай сагатдеш долу дериг ирс а, къийсамашкахь толам а цу Къор1анан 1илманца бу - кх. Вайн декъала некъ бу иза.
Дала аьтто бойла вайн!
Дала иманехь нисдойла вай!
Дала, кху дуьнен чухула, эхарта вай деш долу некъаш, йалсаман чохь совцадойла вайн!
Ларамца, Безамца шун Йиша!
***
Сайн дуьне дара сан, ас сайна кхоьллина,
Ирсана мел оьшург шена чу гулдина.
Дахаран некъ а сайн лааме берзийна,
Ас сайна ша - г1ала хиллера йоьттина.
Дуьненан ни1маташ,
Хьал бахам ца хилла.
Дахаран хьесап дан
Со ох1ла ца хилла.
Къуор1анан хьехам бен,
Нийса некъ ца хилла.
Аллах1е безам бен
Тешаме ца хилла.
Вежарий, Йижарий,
Сан дехар ду шуьга!
Кхетабеш, хьехалаш
Ирсе некъ доьзална.
Дуьненахь, эхартахь
Декъал некъ хилла.
Вайн Делан Къор1анца,
Гергарло хилар.;;
2023.
Дала декъала дойла вай а, массо бусулба а!!!
Резванова Айза
Дуьхьал г1уо вай,
Б1аьсте йу д1о йог1уш,
Вайн лаьмнашкахула
некъаш дохкуш.
Маьлхан з1аьнарш лепа кхаьънаш дог1уш,
Лайнзезагаш лаьттахь
гучудохуш.
Дуьхьал г1уо вай,
Б1аьсте мара къовлуш,
Дегнашчуьра заза
сама доккхуш.
Сингаттаме г1айг1а
малхехь йойъуш,
Вайн сатийсам
б1аьстенна д1агойтуш.
***
Апти Бисултановга.
Нохчийн къоман орам хилла,
Хьан дагчуьра х1ора дош а,
Нохчаллийн б1ов йуттуш билла,
Нохчийн лаьмнийн тархех баьлла,
Т1улг санна ду нохчийчунна.
Ма деза ду нохчийн къам а,
Цу хьан дагна, тхуна Хьо а санна!
РА.А.
Цкъа мацах вай ший а нисделчи цхьана,
-,,Ма кхийда сан дагчу!" - ахь сайга аьлча.
Цу дешан ойла йан синкхетам боцуш,
Вас лаьцна йара со, сов оьг1аз йахана.
Цул т1аьхьа замано лаамаш кходуш,
Г1айг1ане йигича иэс даххал гуора.
Хийлаза и кхайкхам ойланехь г1уьттуш,
Сама белира сан кхетам, хьан деган хьолах.
Хьо бен сох кхета верг кхин цхьа хир воцуш,
Шовданаш ас мийли сайн кийрахь хийла.
Замано 1амий со, дош а ца олуш,
Сайн бала сайн деган пенашкахь къийла.
Р.А.А
Резванова Айза
Цкъа мацах луо дара маьрша,
1а дуззий дог1ура и.
Тахана датийча, хьаьшна,
Сахиллац дуьллура кхин.
1уьйренца тхо ара лелхий,
Ца к1ордош, ловзура лайх.
Ца 1ебаш, луо йуккъе каьрчий,
Коч - мача хуьлура к1айн.
Ца туьгуш чу дерза буса а,
Хехкалуш салазаш т1ехь.
Хьакхалуш йацара шело,
Беснеш а йогура ц1ен.
Ткъа лаьттахь тхан б1аьргаш хьоьстуш,
Седарчех къегара луо.
Латтарх и 1аьнуо ца дешаш,
Ца к1адлуш ловзура тхо.
Х1инца и хан дагалоьцуш,
Со берех къа хеташ 1а.
Луо а дац 1а дузош х1инца,
Дог дузош дац самукъа а.
Резванова А.
1а ду дог1уш, лаьмнех хьаьрчаш,
Аренашкахь мехаш ц1ийзош.
Йийсарш хилла, хьаннаш лаьтта,
Шелоно ша йуккъе лаьцна.
Резванова Айза
Сулиева Зураиэ.
Вайн Дала диканиг дойла,
Хазачу кхоъе туьдийла.
Хьан г1енаш, денйина буьйса,
Сахиллалц хьо хьоьстуш 1ийнарш!
Цхьана гой те -хьуна вайша,
Г1енаха 1аламе йаьлла?
Вайшиннах сакъераделла,
Зезагаш гой серладевлла?
Даймахка хьо йог1уш теша,
Кхаъ хилла шарлур ду некъаш.
Б1аьстенан зазанах лепаш,
Кечлур йу со хьо т1е иэца.
Ларамца!
***
Зура Сулиеван жоп:
Айзига
Хьо маьрша лелийла, Айза!
Дог дика хуьлийла хьан!
(Сан ненан ц1е йара "Дайза"
Ма хаза йара и хан!)
Догц1ена, дика хьан ойла
Гуш йу вай массарна а!
Йог1ур йу со йинчу эвла,
Са ч1ог1а ас тийсарна.
Аллах1а пурба лахь, гур ду
Хьомечу Нохчичохь вай.
Вовшашка маршалла лур ду,
Дуьллур ду марзонан т1ай!
Дала мукъ лахь!
Далла дика хаа!
Цкъа тхан да - нана а, йиш - ваша а, дехой баьхкина, самукъа даьлла 1ара тхо. Цхьацца дуьйцуш, йукъу делира ненан дозалла хьиехор. Иштта а коча йолчу тхан нанна тайнера тхан денвашас ден къамел.
Цуо дийцира:
- Делан Аьлчано (с.1.с) кхузза т1е ч1аг1деш аьлла: ,,нанас аьлларг деза ду аьлла".
Тхай дегахьа даима уозабезам беш йолчу аса эли, забар йеш, дегахьа йирзина:
- Ва х1ай! Дада, и деши а, дети а, ц1еста а мидалаш нанина ма йелла цу Дала! Дена цхьа а мидал ма ца йисина т1аккха. Да ма ву коьртаниг чохь.
Хьо ма ву коьртаниг!
Хьуна ма йог1ара и йериг а мидалш а.
И муха ду?
Жоп ца хьиендеш, дели денйишас:
- Мидалаш цунна йеллехь а, цу мидалшцана схьа ма йелла и нана цу шун дена.
Далла дика ма хаа! - аьлла.
Ойлане деа суна:
- Дела, ма реза ди Ахь тхо, цу т1ехь а! Дала динарг цхьа а дац вон!
Алхьамдулиллах1! - аьлла, йелайели со.;
*****
Далла дика хаа!
Цкъа тхан да - нана а, йиш - ваша а, дехой баьхкина, самукъа даьлла 1ара тхо. Цхьацца дуьйцуш, йукъу делира ненан дозалла хьиехор. Иштта а коча йолчу тхан нанна тайнера тхан денвашас ден къамел.
Цуо дийцира:
- Делан Аьлчано (с.1.с) кхузза т1е ч1аг1деш аьлла: ,,нанас аьлларг деза ду аьлла".
Тхай дегахьа даима уозабезам беш йолчу аса эли, забар йеш, дегахьа йирзина:
- Ва х1ай! Дада, и деши а, дети а, ц1еста а мидалаш нанина ма йелла цу Дала! Дена цхьа а мидал ма ца йисина т1аккха. Да ма ву коьртаниг чохь.
Хьо ма ву коьртаниг!
Хьуна ма йог1ара и йериг а мидалш а.
И муха ду?
Жоп ца хьиендеш, дели денйишас:
- Мидалаш цунна йеллехь а, цу мидалшцана схьа ма йелла и нана цу шун дена.
Далла дика ма хаа! - аьлла.
Ойлане деа суна:
- Дела, ма реза ди Ахь тхо, цу т1ехь а! Дала динарг цхьа а дац вон!
Алхьамдулиллах1! - аьлла, йелайели со.;
*****
Бертаза, бертахь и делахь а,
Геналлехь беха сан махкахой.
Шун некъах дакъа ду суна,
Ас йоьху могшалла шуна!
Диканиг, вониг шух далахь а,
Цу бахьнийна декъахь йу со.
Дуьйлуш, йа доьлхуш шун лазамах,
Дог лозуш, шу доьхуш йу со!
Самукъа, сингаттам шун боллу,
Сих хьерчаш, цу декъахь йу со.
Генара, уллера махкахой,
Шу дезаш, шу доьхуш йу со!
Тевжича а набарна,
Йаьлча а со набарха,
Хе ша х1оттийча санна,
Бут чу хьоьжу корах сан.
Сахили сан дахарна,
Молла кхайкхи ламазна.
Самадели 1алам а,
Хастам бу - кха вайн Далла!
2023
Иштта хуьлу дахарехь,
Дагахь доцуш дог1у 1а.
Марзонца итт - шерашкахь,
Ахь кхиийнарг долу д1а.
Т1аккха цхь'а а хан йоцуш,
Деган баьрче д1алоцуш,
Б1аьсте денло зазза тосуш,
Дог ма ду чохь са долуш!
Кхолламо ша човхуорах,
Йа хьестина, 1ехорах.
Дужуш, г1оттуш, цакъарлуш,
Дахар ду - кха д1аоьхуш.
Р.А.А.
Резванова Айза
Б1аьсте йу ц1айог1уш, д1айахнач новкъа.
Хьозарчий ду декаш, кхаьънашца довха.
1алам ду кечделла, схьайаста бошмаш,
Некъаш т1е зезагийн совг1аташ х1иттош.
Малх санна, дешиха кхелина кирхьех,
Тарйелла кхозуш йу мархаш а стиглахь.
Тачанаш дехкина, детийха къегаш.
Эсала бухдуьйлу шовданаш лаьмнех.
Ткъа б1аьсте йац куьйгаш ластийна йог1уш,
Кузаш цуо даржийна,
Аренаш кхолуш.
1аламна ц1ен - къорза, боз - дараьш доруш.
Кучамаш цуо тегна,
Массо кол лоруш.
Иштта ду х1оьттин хьал, Хьалха - Мартант1ехь,
Б1аьсте йу ц1а йог1уш,
Д1айахнач новкъахь
Свидетельство о публикации №223031601793