Вена г1алахь..
Нехан мохк, ца девза адамаш, трамвайнан социйла, суна х1инц-х1инца довза дуьйладелла некъаш, адамийн амалш, леларш... Хаза йу-кха хьо, х1ай Вена-Г1ала, бохуш массо аг1ор д1асахьоьжура со. Мохк хийра белахь а, цхьа тамашийна сан дагна гергара, шен хазачу басаршца эсала б1аьрг хьостуш бар-кха иза. Х1оразза а дагна йезайелла шахьар, цу шахьаран урамаш довза г1ертара со. Тахана а сайна цуьнан некъаш кхин а дика довзийтархьама, трамвай соцу меттигаш а, церан лоьмарш а, муьлхачу хенахь уьш д1а-схьа йоьлху хаархьама а, сайн доцчу г1уллакхца лахахьуо йолчу туькана йахана цхьацца сайна к1ез-меззиг х1уманаш а эцна йуха йирзина, со 1ачу ураме кхаччалц д1айоьду трамвай ларйеш лаьттара со. Схьакхечира трамвай а, нах хьалабевлира, царна т1аьххье со а. «Die Stra;enbahn f;hrt los» (Д1а йолалуш йу трамвай) аьлла кхайкхира кондуктор. Кху чохь тахана дукха нах а бацара. Цхьа шина социйлана дехьа йуха а сецира, дайчу боларца хьалайелира цхьа тамехь йоккха стаг а, берийн ц1ийнан парке бераш дуьгуш йолу кхиархо а, шеца цхьаьна массех бер а долуш. Бераша «Tante» олура цуьнах. Уьш т1ехьа д1абахара. Йоккха стаг соьгара цхьаъ йоьхуш санна, т1ех1оьттина лаьттара. Суна моьттира-кх иза лаьттина. И йоккха стаг охьахаийта дагахь хьалаайъайелира со, ц1аьххьана дагатесира суна, - «х1ара аса шена х1итточу г1иллакхех кхетар а йац, со стенна лелхаш йу кхунна хьала? кхиберш санна парг1ата ца 1аш» - бохург. Йуха сайн хьалаайъайалар кхечу х1уманна хилча санна, нисйан оьшуш йоцу коч нисйийриг а хилла йуха охьахиира со. Ц1аьххьана кийра бат1о санна, сан кийрахь цхьаъ иккхира, берриге а дег1ан ницкъ гулбина сан дог тохаделира. Сан кийрахь иккхинчу эхь-бехко – «хьо хийрачу махкахь хиларха, г1иллакхаш ма дац хьуна хийра» - бехк баьккхира соьга. Эхь-бехко ц1иййина йуьхь йогуш дукха сиха хьалаг1еттина, охьахаийтира аса и йоккха стаг. И массех м1аьрго шарал йахйелира суна. Эццехь сайн г1иллакхах кхеташ долчу адамашна, дуьххьара хаал сагатделира сан. Ткъа кхузахь ца оьшара сан г1иллакхаш, нахана аса х1ун леладо а хуур дацара. …Суна хетарг хила, а там бара иза. Йоккха стаг гуттар а ч1ог1а кечйелла йара, коьртахь беретка а, цу чуьра ара йаьлла ц1ен басар дина месийн к1ужал а йара. Ц1ийла п1елг а 1уттуш хьаькхча санна, хьаьрса ц1оцкъамаш а дара ц1ен дина. Куьйган м1араш а йара ц1арула ц1ен басар дина. Гуш бара йоккхачу стеган ц1ечу басе болу безам. Шерачу к1адех кухта а, когашна т1е йижна а йоцуш жимма шуьйра хеча а, цу т1ехула д1айаьстина йоьхна пальто а, логах хьарчийна чечакхаш йолу шарф а йара. Къоналлин куьзгана хьаьжна кечйелча санна йара йоккхастаг. – «Ма тера йац-кха хьо сан дененах» - аьлла дагадеара суна. – Йуха… Ойланаш… И х1унда хила йезаш йара сан дененах тера, сайна иза дага а х1унда деарара ца хаьара суна. Хетарехь, г1иллакхаш а, синмехаллин хазнаш а коьрте а йевла, сайна и хаза ламасташ 1амийна йолу денанана дагайеъна хилла хир йу-кха.
Буйнахь кехат т1оьрмиг, цу чохь схьакъаьсташ т1аьхь латийна зезагаш а долуш кол йара цуьнан цу т1оьрмигчуьра схьакъедаш. Нисса сайна иза дуьхьала 1аш хиларна делахь а, йа муьлхачу а кхечу бахьанан делахь а, цунна т1е сих-сиха б1аьрг х1уттура сан. Йуьхь т1ехь куц даран г1ирсашца къайладаха г1иртина хебарш дара. Хьекхначу х1уманаша сизаш динера хебарх. Бакъду, хьажар а, ша йолчохь хиъна 1ар а ч1ог1а г1ийла дара цуьнан. Цхьа тамашийна ойла д1айаьхьна, дикачу иччархочо 1алашоне санна цунна т1е б1аьрг боьг1на 1ара со. Сан хьажар йукъах даккха санна, йа со шега лерина хьоьжийла хууш санна ц1аьххьана соьга хьежира иза. Со, айса х1ун дан деза а ца хууш йелайелира, альча а, йелакъежир-кха. Суна дуьхьала кеп х1оттош санна жимма йелакъежира йоккхастаг. Озачу цуьнан къена беснеш т1ехь хершнаш кхин а алсам доьвлира. Х1инца, Вена-Г1алин цхьана йоккхачу P;tzleinsdorferstrasse олуш йолчу парке схьа кхочуш дара тхо. «Танте» т1ехьара шен 1уьналлин бераш а эцна тхуна йуххахь нислучу не1аре схьайолаелира. Йоккхастаг цу берашка хьоьжуш, цаьрга цхьацца дуьйцуш, хоттуш, наггахь йела а луш къамеле йелира. Буйнарчу кехат т1оьрмаг т1е, уьш лардеш дай диллина куьг дара цуьнан, х1инца б1аьрг кхийтира сан цуьнан п1елга т1ехь болчу дашочу, йа можачу х1озах. Йуха а дагатесира суна нохчийн къоман баккхийнах а, сайн денана а…
… - Иза д1айаьлла масех шо дара… Суна цкъа а дагара ца йолу иза. Массо а х1ума дара цуьнан хаза: - йистхилар а, г1иллакхаш а, йелайалар а, кхин а масане дара уьш. Баба дийна йолуш ша-тайпа дара дахаран денош. Цхьа ша-тайпа са а, дог а, кийра а 1абош токхе дара. Доьзалехь а, куьпахь а, йуьртахь а массара а лоруш йоккха стаг йара иза.
- Х1ара йоккхастаг гича суна сайн баба дагайаран бахьана цуьнан п1елгара дашо х1оз бара.
… - Бабин п1елгахь а бара дашо х1оз. Цо иза цкъа а д1а а ца боккхура.
И шен п1елгара дашо х1оз, ойланаш йеш 1ашшехь, цхьа синтем байча санна, хаддаза хьийзабора йоккхачустага. Цкъа-шозза цунна т1е б1аьрг х1оьттира сан. Цуьнан цхьадолу х1уманаша со ойланашкахь йуха а сайн денана йолче, аьлча а. хиллачу ойланин уьйт1а, тхайн дехачу раг1у к1ела йигира.
Баба цу раг1у к1елахь, малх цакхетаче дечкан лоха г1ант а дуьллий цу т1е ***й 1ара.
… - Мел хан йаккха йеза дуьненчохь хьан к1оргачу хьежарх кхета, ойланийн м1арашца мел ахка дезар ду дуьненан дахар? Х1ун ган деза б1аьргашна, х1ун хаза деза лергашна, х1ун лан деза сино а, дег1о а, баккъалла а, хьан безачу, лакхарчу, к1оргачу, кхетамечу хьежарх кхета? Цул сов, хьан дог эца а, – бохуш хьоьжура со цуьнга, цунна йуххе г1ант а х1оттийна, и г1ант меллаша техкош, цкъа шина когана т1е х1оттош, йуха цхьана аг1ор йолу коган маь1агаш т1ете1ош, техкадора ас. Цуьнан х1уманех сакъералуш 1ачу суна сайн ойланехь сацам ца карабора. Суна дукхайезара сайн денана. Суна даима цуьнца хила лаьара. Цунна уллохь! Иштта дукхадезара цуьнан ц1еначу амалера хьалхалера х1уманаш. Цо уьш башхачу маттаца суна дийца а дуьйцура.
Дег1 хийрачу махкахь делахь а, марзо а, са а, сатийсамаш а Даймахкахь хиларна, сан сатийсамаш, дагалецамаш кхочушбан санна гиначу кху йоккхачу стагах са къералора сан.
… - Йерстана а, йа оза а йацара баба. Йуккъерчу барамехь дег1ан куц дара цуьнан. Куьйгаш хаза хетара суна цуьнан, нийса, деха дуткъа п1елгаш а долуш. Къахьегначу куьйгех тера дацара. Бакъду, хьанала къахьегна куьйгаш-м дара уьш. П1елгахь, цкъа а охьа ца боккхуш хилла болу дашо х1оз а бара цуьнан. Кхин 1ен а ца йелла, аз к1ад а дина, хьажийтахьа со хьайн п1елгарчу х1озе элира ас. Тийналла йохо сайна цхьа тамашена доллушехь, и йохо кхоьруш санна дайчу озаца элира аса. Цхьа минот сов хан а йелира (суна и минот шаре йелира) и дуьхьала йист ца хуьлуш, йуха схьахьаьжира иза соьга, хеталора цхьа генара мохь а тоьхна айса иза схьакхойкхуш йу. Хилла хир йу-кха иза шен ойланашкахь масийтта шо гена йаьлла хилла. Масийтта шо хьалха хилла долу цхьана ирсечу дийнахь шен к1антаца стоьла йуххехь чай а молуш къамел деш, йа дадас 1аьн д1а дилла дечиган гуьйрагах йоций туьппалгаш а йохуш, дитт буха 1индаг1е хиина лаьтта к1аде даржина, цу т1е гола а йоьг1на, йуург охьайуьллуш, мохо к1аден йистош хьалакерчош реза йоцуш дог а эт1аш, дада х1ума йаа сехьа валаре хьоьжуш, (сих-сиха дуьйцура цо иза суна). Йа кхечу ирчачу дийнахь, шен вокхахволу к1ант кхелхина 1адайина лаьтташ. Муьллох а шен дахаран иэсера де дагатессичи, йелххал бен дог ца диссинера цу мискан. Лаьттан б1аьра хьежар г1ийла дара цуьнан. Ц1аьххьана схьахьаьжира баба соьга. Маттехь хазош дацахь а, - «ахьа соьга х1умма а элирий?» - бохург санна схьахьаьжира иза. Г1аьххьа йохар а долуш, - х1оз, дашочу х1озе хьажийта со бохура ас-м…, йуха а элира аса цуьнга, цунна шен ойланашкара кху карарчу хене схьакхаччалц некъ беш ца хезнехь а аьлла.
- Хьуна дукхазза ма гина х1ара ва йо1, - элира цо.
- Х1умма а дац, суна йуха а хьажа лаьа, - йелайелира со.
П1елгара схьа а баьккхина хьа белира цо иза соьга. Айса дехнарг кхочуш хиллехь а, ц1ий йелира со. Цуьнан и х1оз хьала а лаьцна, леррина цхьа б1аьрг т1е а бахийтина, вукху б1аьргаца цу чухула хьоьжура со, сих-сиха х1оз хьовза а беш. Со цучухула х1ун ган г1ертара сайна а ца хууш. Бабина, а дайна, масолг1а гуш бара суна и?
Со хаал хилчахьана…
Йуха а шен ойлнашкахь йаха ца йуьтура аса иза сайн цхьацца хаттарш деш. Даима цо сайна цхьацца дуьйцийла луучу аса, - баба, муха стаг вара дада аьлла хаьттира аса, суна дуккха а хаа лаьара сайн дедех дерг. Со дуьненчу йалале дуккха а хьалха кхелхинера иза.
Кертара не1 йиллина, боги чохь сискал таса ахьар дохьуш сехьа йолуш йолчу сан нанас элира, дада диканиг вара, бегаше а, самукъане а. Дага дог1ий хьун Мама, марнене хьаьжна элира цо. Вай гергара зудчо, оха коьртахь полоскаш лелош реза йоцуш, - полоскаш лелош болчу зударийн коьрта ц1е йера йу боху, х1инца х1ун дийр ду-те кху вайн кертара зударша? аьлча, дадас муха элира цуьнга? - шучара х1ун дийр ду-м ца хаьа суна, х1ара тхайниш-м эцца кет1ахь охьадоьдуш долчу татол чу кхийсабелчахьана, ц1е а д1айовр йу аьлла, йелайелира нана. Диканиг вара дада.
- Ва-а хаза дара, со маре йеана дукха хан а йалале, со йара диларш чохь йолу ведар а эцна и керта д1а дотта йоьдуш, уьйт1ахь лаьтташ дада вара, вайн жима гомаш йажош. И гомаш суна т1аьхьайаьлла со д1а уьдура, ва-а дада, ва-а дада бохуш мохь а хьоькхуш, ткъа дадас - йо1, и хьайн керара ведар охьах1оттаде, - аьлла мохь туьхира цо. И гомаш соьгара ведарна т1аьхьа йаьлла хилла шена со йуург йохьуш йог1у моьттуш. Ма вийлира дада соьха цу дийнахь. Йелайелира баба а.
Сан нанас хьалха а дукхозза а дуьйцуш хезнера суна, тахана а дуьйцура.
- Хьалха (со къона йолуш), шун деца жимма дов далар а хилла, цкъа ийг1ина йахара со. Амма д1айаха ара йолу аьлла, чуьра ара а йаьлла не1саг1ел дехьа лами т1е ма йаьллехь, ч1ог1а дохко йаьллера, амма йуха йерза даго ца йуьтура. Ма г1олахь д1а бохура шун дас, цуьнга ла а ца дуг1уш, дукха ч1ог1а цунна даьт1начу дагана, х1уьттаренна ц1а йахара со. Сарралца кевне д1а хьоьжуш, марзахошах цхьаъ т1аьхьа вог1уш нислахь дуьхьала ара йала дагахь 1ара. Нанас а хоьттура соьга, - йо1 хьо бераш доцуш ма йеана, буьйса йоккхуш хир йац хьо, са довш лаьтта, 1аш йацахь д1аг1ой йала - бохуш, амма аса ца олура со ийг1ина йеана йуйла. Сарахь ков д1адаьстина марнана уьйт1а йелира, и йог1у гушшехь сихха дуьхьала йедда бет т1е п1елг а буьллуш, шена суьртаца гойтура д1а ма алалахь, д1а ма алалахь бохуш. Нана дуьхьала йелира,
- Хьенех, марша йог1ийла хьо! Хьо ма лела - аьлла,
Марнана несех кхеттера, хиира цунна шен несо ц1ахь ца аьллийла ша ииг1ина йеана хилар. Йоккхачустага жоп делира.
- Эцца, сайн ваша Жабал волчи йеанера со йуьрта, цига йеанчуьра, Курбика ц1а йог1уш йелахь цуьнца цхьаьна д1аг1ур йу аьлла, шу а гур аьлла хьа сехьа йаьллера со-м.
- Иштта кхин ц1ерачаьрга со ийг1ан йеанийла ца хоуьйтуш ц1а йирзира тхойшиъ.
Уьйт1а кхоччушехь шун дега схьакхайкхира мамас (марнанас).
-К1ант, дукха корта биттина, дехарш а дина схьайалийна йу хьуна аса х1ара. Со захалш хьалхахь йуьхь1аьржа х1оттий ахьа, - бохура, бехкалла вохуьйтуш шун да.
- Кхин хьоьгара х1ума даьлла х1ара зуда д1аг1ахь сан царна хьалха х1отта йуьхь йац хьуна, хезин хьуна? - аьлла, иштта цхьа хаза машар бира мамас тхойшинна йукъахь.
Цул т1аьхьа сан да-нана гича эхь хетий, д1а къайла волура шун да. Цунна бакъалла а моьттура аса цаьрга д1а дийцина сой ийг1ина йар. Йуха мамас т1аьхьа йеача, со йуха йаийта бохуш дехар дина. Аса х1умма а ца дийцира сайн ц1ерачаьрга, безам ца балийта шун дех. Т1аккха шун денанас а г1о дира суна цунна эхь хоьтуьйтуш.
- Мама, дага дохий хьуна и? - бохуш йоьлура сан нана.
Баб а йелайелира.
Нана кхача кечбан уьйт1арчу ц1а чу йахара.
Раг1у к1елара кевне д1ахьаьжча, урамехь д1аса лелачу нехан когаш гора кевна йуххула кет1ахула т1ехбуьйлучу нехан. Лаьттаний, кевни йукъахь меттиг йара и деха ков-керт кхачадаллалц. Йуьрта йукъара схьа мел вог1учуьнан когаш лардеш, иза доккхачу кевна т1е кхаьччи, ков а даьстина цхьаъ чоьхьа ца волу техьа бохуш сатуьйсуш 1ара баба. Даима а са туьйсура цо шен йо1аршка. Сих-сиха баг1ахь а, даима а бабина йухахь 1ен йиш а ца хуьлура церан. Шайн баккхийра доьзалш а болуш, нехан ц1ент1ехь зударий бара децаг1ар. Бакъду, ша йацара баба уьш деладенна схьа а баьхкина, уьш шен баьрчехь 1ойтар болуш. Йахь йолуш йоккха стаг йара баба. Марера зударий ц1а ийзоший, йух-йуха дуьйла бохуший, иштта х1уманаш цадезара цунна. Йа кхечу нехан наноша лелош а ца дезара цунна. Делахь а, х1инца ша йоккха хилча, алсамо са туьйсура цо цаьрга. Тахана эзар мачаш т1ех а йевли вайн кет1ахула, ткъа цхьа а вайн ков а даьстина чоьхьа а ца йели, бохуш ойла йора цо.
- Йо1, хьада йалол зоки чохь (г1уммаг1чохь) суна ламаз эца хи дал, - элира бабас соьга.
- Баба, х1инца а молла ма ца кхайкхина, йа сахьт т1е а ца хьаьжна вайша хьуна муха хаьа ламазан хан хиллийла?
- Оцу вайн ц1ийнан 1индаг1, вайн уьйт1а йукъал т1ех даьлча вайна малхбузу хан хуьлу.
Хьаьжира со, боршам санна уьйт1арчу битон хьаьхна лаьтташ йолчу лаьттене, цхьан аг1ор 1индаг1а, вукху сонехь кхетта малх а болуш шина декъе йекъч санна йара. Со хьаьжна йалале йуьртара доккхачу междигера молла кхайкха волавелира. Аса кхин х1умма а ца элира, со кертара кранта т1ера зока хих йуьзна уьйт1а йалале, ков даста ма-лло схьа а достуш уьйт1а иккхира лулахо.
Са а кхачийна - Асмаъ, во Асмаъ - бохуш мохь а бетташ.
- Вон кхаъ бохьуш йеана хьуна со. Хьенех д1айаьлла хьуна...
Эцна марчо а ма дац, бина цхьа а кечам а ма бац бохуш шен кучах кайеттара цо.
- Со ламаз а эцна д1айог1у, д1а чу г1о - элира бабас.
- Хьажахьа, аса х1ун когаш ларбинера, хьа ков дастаре сатийсинера, ткъа хьа-м даьсти ков, ирчачу кхаана, - бохуш ойла йеш сацайелира, йуха соьгара зока схьа а эцна, йуха шен лохачу г1ента охьахиира баба.
- Йо1, хьада йалол со йолчу чохь чоьхьа ма ваьлли лаьтташ долчу т1орказ схьа а деллий, цу чу ма кхевдди, т1ехула аьтто аг1ор куьг ма 1оьттинехь 1уьллуш тукар, саба а хир ду хьуна, цу йуххера шипанер лакхачохь чакх са а гуш т1оьрмиг чохь кисий, бамбий хир ду хьуна, уьш а схьаэца, ткъа ишкапчуьра сан ц1ена йовлакх а, со х1ицца чу йог1у хьуна ламаз а эцна.
Жамаса, аса хьайга аьлларг де, - т1етуьйхира цо.
- Дависа баба, гергара, лулара, махкара цхьаъ велчи хьо йаха йезаш йу теша, - бохуш сайг-сайга луьйра со.
- Массарна а марчо луш, кисеш луш хуьлу-кх хьо.
- Хьада йало, хьайга бохург де.
Не1 д1а а йиллина чоьхьайаьлча лаьтташ дара сан дененан т1орказ. Дечках дина дара иза. Т1ехула хаза кечдина а дара, суна даима а хазахетара иза. Жимчохь мел ч1ог1а лаьара цу чу хьажа, цу чохь цхьаъ ду моьттура. Цу чохь, бабин шен т1ейуху х1уманаш а хуьлура, йуха цхьацца к1адеш а. Цхьа к1аде дагадог1у суна, къегаш а долуш, парча дара и, бабас и т1орказ хьа масозза доьллу цу к1адех б1аьг кхетара сан. Дечиг санна ч1ог1а долуш дара иза. Делахь а, и къегаш хиларо хаздора, аса жимчохь дукха кучамаш тийгира цунах сайн ойлнашкахь, сайн туьйранехь цу к1адех тегна коч а йухий хуьлура со… Цу т1орказчуьра дечгийн, цуьнца иэйелла цу чохь цо д1адиллинчу сабийн хьожа йог1ура. Со и къега парча к1аде хьоьжуш, жимчохь сайн хилла ойланаш дага оьхуш лаьтташехь, баба чуйеара. Цо ма-бохху г1ирс вовшаха туьйхира аса...
Соннехь 1уьллуш ламазан кхакха бара, даима а бара и цигахь, иза цуьнан шен меттиг йара. Баба даима а шена т1ехь ц1ена х1ума дезаш йолу, тиш йеллий, зарз йоьллий х1ума т1е йухуш йоцу, ткъа х1ара ламазан кхакха ма тишаниг лела бо кхо, шена йо1арша эцна ламазан куз а ишкап чохь хьа а бастанза 1уьллуш бу, цул хьалха несо эцна беанарг, к1еда, аьхна болу иза а, цхьа ши з1е суьлхьанаш докхачу маьждиге д1адахьийтинера цо. Ткъа х1ара тишбелла, даим когаш т1е боху меттехь шен чо баабелла д1абаьллера, и ламазан кхакха, т1ом баьлча, тхо т1амах девдда ц1ера девлча, Г1алг1ичу д1адоьлхуш а цига д1а баьхьна, цигахь а лелийра оха иза. Цига д1адахале лулар Шапа1г1еран ц1ийна бухара тоьли чохь а лелийра. Тоьли чохь т1ема хенахь бисмал а, этхьиг а 1емира суна, т1ехула кеманаш хьийзаш мел сиха 1емара уьш. Т1ех1оьттинчу кхерамо йух-йуха а доьшуьйтура тишделлачу кехат т1ера к1улхьанаш а. Массара а кер-кера а оьцуш и кехат сихха харц-бакъ шайна хуучу аг1ор доьшура, стиглахь кеман г1овг1а ч1аг1 мел ло а, кхин а сиха доьшуш, и дешча бомбанаш а ца тухуш т1ех дер ду бохуш. К1ъулхьа а, бисмал а йаздинчу кехатал совнаха цхьа хаза хьалхалера Къуран а дара. Т1ом белахь а, ц1ера цхьанхьа а г1ура вац ша аьлла буха сецна волчу сан дас а, девашас а и Къуран, цхьа хаза мукъ болуш урс а, кхин цхьацца к1езг-мезга х1уманаш а г1аскхаша чу лилхича цаьрга шайн боьха куьйгашца ца хьиейайтархьама аьлла боккхачу аьчкан йай чу а йехкина иза кертахь диттан уллехь ор а даькхина д1а боьллинера. Ткъа т1амо герзан д1аьндаргаца дег1ан чов йина ца ваьхьнехь а, вочу лазарца лаьцна ваьхьира тхан да. Цо ша валале дийцинера ша и д1а боллар а, мича боьллина а. Г1алг1айн махкара ц1а дирзинчул т1аьхьа дукха лийхира оха и, дукха ихкира дитт к1елар а, кертара динна беш а, амма йай хилла меттиг а йацара. Дукха хан йаьлчи а лийхира иза сан девашас, вашас а эчиг лоху г1ирс а беана, латта т1ехула и д1аса хьийзош вукхо «ц1узз» аьлла г1овг1а массоза йо, латт хьала охкуш, цигахь йа аьчган сара карош, йа аьчган цуьрг карош. Ткъа Къуранчуьра йай кара ца бира. Кара а бийр бацара и, т1еман хенахь гуш гонаха адам а доцуш, массанхьа ца гуш б1аьргаш дара, иза лаьттахбуллуш йухахь кхин цхьа а ца хиллехь а, ца гуш ца дисинера.
Г1аскхаша хьалабаьккхинера и цу чохь цхьаъ йу моьттуш. Ишта т1епаза дайра Къуран а, хаза мукъ болу урс а. Иза дагадеъча дог дет1ара сан дененан, - ваха хиина хир ву-кх хьуна уьш йаьхьнарг - олий. Ткъа ламазан кхакха-м биснера вайгахь, иштта мехалла хетта хир бацар х1ара къоладечунна. Гуш дара цу т1ехь ламазан дуккхазза а х1иттиний.
Бабас даиман а иштта до1а дора – «Аллах1 Веза Воккха Дела, сан 1ожаллина биллина мотт кхаа дийнал, кхаа буьйсанел а бах ма балийталахь» - бохуш. Бах а ца белира, цамогуш ма хилла шина дийнахь меттахь 1иллира, кхозлаг1чу дийнахь кхелхира.
Ткъа ламаз диначул т1аьхьа чехка гулбина г1ирс а эцна вон кхаъ бохьуш йеанчу, Румисаг1аьрга йахара иза. И шена мел оьцуш хилла марчо дукханний саг1ана лула-кулахь мел веллачунна д1аса лора цо.
Ойланехь мел гена некъаш дайтира соьга йоккхачустеган п1елгарчо дешийчу х1озо.
P;tzleinsdorfer Schlosspark ц1е йолчу паркин социйла йу аьлла кхайкхира, со сайн ойланашкара йуха йеара бакъ йолчу хена кху трамвай чу. Кхиорхо берийн тоба а эцна уьш не1арш д1а йастайеллачул т1аьхьа охьабиссира. Циггахь социйлехь со а охьайоьссира, со жимма г1аш хьала йаха дагахь, дег1ана дика дуьйца-кха г1аш лелар бохуш ойланаш йеш г1аш хьала йолайелира, ткъа йоккха стаг чохь йолуш трамвай кхид1а а хьалайахара. Тхайн уьйт1а чу йерзале кешнийн керт йара, оцу кешнашна т1ех а ваьлла ваха везаш нислора уьйт1а. К1ад а йелла хьала кхаьчна йолчу суна кешний кертара з1ара д1а а даьстина не1 д1а а йиллина сехьа йелира суна трамвай чохь гина йоккха стаг, цуьнга хьаьжжинчохь сацайелира со а. Куьйгаш жимма боьха дара, латтах дуьзна, буйнахь и ше кехатан т1оьрмиг а бара хьарчийна, д1акхосса кечбина, цхьа х1ума шегахь хилла и йуха ца карош санна д1асахьоьжура и ши куьг д1аса а туьйсуш, соьга хьа хьаьжира и, т1аккха жимма йела а йелла аса т1оьрмиг чуьра салфеткаш хьала а йаьхна д1а кховдийра цунга.
- Danke (баркалла) - аьлла схьа а аьцна, куьйгаш ц1анда х1оьттира иза.
Цхьаъ дийца а йолайелира. Ткъа доьхнарг, суна мотт ца хаар дара. Цо дуьйцучух ца кхетара со. Дуьхьал бийца мотт а бацара. Шен т1оьрмиг чуьра зезагаш шина кошана йуххе д1адоьг1нера цо.
…………….. - … .
- Mein Mann und meine einzige Tochter sind hier begraben - со кхетарехь шен ц1ийнда, шен цхьаъ бен йоцу йо1 а йу цигахь д1айоьллина бохура цо. Б1аьргара хиш х1инца ца сецадора цо, шайх татол хилла хаддаза охьа оьхура.
Х1инца со кхийтира т1ера куц-кеп, хат1 а, лелар а, мотт а мухха хиларх, кийрара баланаш цхьатерра беза а, ирча а хуьлу. Муьлха къома хьо хиларх а, уллера хьайна дукхадезаш долу адамаш бакъдуьненчу д1адахчи и лан хала хуьлу, кийрахь бала массара а ша-тайпа къуьйлу. Х1инца тера хийтира суна х1ара сайн дененах. Цо а д1аьвоьллинера шен ц1ийнада а, кхоъ к1ант а … Цуьнца йилхира со а, сан ши куьг хьа а лецира цо.
- Со цхьалха йу, суна кашт1е зезаг дог1а цхьа а хир вац со д1а йаьлчи - бохура цо.
Сан куьйгаш шен куьйгашна йуккъе а къуьйлуш цхьа баркаллаш бохий хаара суна, ткъа ца кхетара со. Миска, со йевзаш а йоццушехь, сан ц1ей, со муьлхачу къома йуй хаар бен, кхин хууш х1умма а доццушехь, ша буьйцучу маттах со кхеташ йоццушехь шен дог к1ад деллачохь со уллера хетта, шен кийрара бала балхо х1оьттина хир йу-кх х1ара…
Сайна дага догг1учу дешнашца - ма йелха, ма йелха - ала г1ертара со цуьнга.
-Wein nicht, Wein nicht, - бохура аса йух-йуха цуьнга, ишта жимма литтина тхойшиъ д1асакъаьстира.
Со лаьттира дикка, иза охьа йаххалц. Иза трамвай т1е хьала ма йаьлла со кешний керта йуххехула йаьлла д1а йоьдуш гуш дара суна йоккхачу стага д1а дийна ши зезаг. Йуха суна и гича ч1ог1а дакъаз йаьлла йара, могуш йоцийла гуш дара, х1инцалц ц1ен бос бетталуш басар дина болу к1ужал а бара цуьнан шен х1инцалера дахар санна баса баьлла. Болар а дара кхин а телхина. Сан куьйгаш йуха а хьа луьйцура цуо, аса хоьттучу могаш-парг1атах, жимма иза а кхетара, жимма со а, ткъа хьал гуттара вон дуйла гора. Суна дагатесира сайн дененан до1а, 1ожаллийн мотт бах ма балийталахь бохуш долу. Аса нохчийн маттахь элира цуьнга и до1а, кхаа дийнал, кхаа буьйсанал сов ма бахлойла хьан 1ожаллина биллина мотт! И йелха а ийзош цу йуккъехула йела а луш Данке бохура цо. Аса шена цхьа дика боху моьттуш хилла хир ду-кха цунна, делахь а сайна а ца хаара суна айса и х1унда аьлла, цунна йухахь цуьнга хьажа ц1ийнда, йа йо1 а йоцуш метта йоьжна йисича лело цхьа воцуш хир йу аьлла. Ткъа сан до1ан жоп лург Дела вара, Цунний бен ца хаьара цуьнгара хьал.
Цул т1аьхьа а гира суна и цкъа-шозза. Бакъду, йистхуьлуш-м ца гира, аьчкан б1ог1амех йиначу кертара д1ахьаьжча, цхьаъ хиан 1аший кошан йуххехь, йуха а цкъа трамвайчохьий. Цхьа бутт сов хан йаьлчу хенахь дара со мотт 1амош йолчу заняташкара ц1а йог1уш йара. Цкъа т1ех йелира со керта д1а а ца хьожуш, йуха цхьа хийцам хилча санна хетта цхьа пхи йалх г1улч1 йуха йеана д1а хаьжира кешний керта. Баккъалла а хийцаделлера, х1инца йоккхачу стеган т1е йог1уш лаьттинчу шина чуртана йухахь кхин цхьаъ а дара. Кхийтира со, х1инца х1ара йоккха стаг кхуза ц1а йирзинийла гуттаренна а. Кийрахь цхьа лов аьлла хийтира, миска, мила хилла-те кхунна йуххехь т1аьххьарчу дийнахь, куьг схьа лаца а, т1аьхь велха а бохуш ойланаш коьрте хьийзара. Циггара йуха а йирзина зезагаш духку туькана а йахна, д1адуьйш долу зезагийн курс а, жима бел а эцна чехка кешнашка йухайеара со. Цкъа ринжаа д1а даьстира аса, йуха ког чоьхьа баккхале сецира, аса х1ун лела до теши, керста кешнашка йог1уш йу-кха со аьлла, йуха а сайн ойланаш д1а а теттина зезаг ведарчуьра хьала а даькхина керлачу кошана, йоккхачу стеган ц1е т1е йазйина лаьттачу чуртана йуххе д1адуьйг1ира.
Х1ун ала деза ца хаьара…
Сан кийра шелбеллера.
Цхьа йесаллехь со цхьалха цхьаъ хетайелира суна.
… Со сайн ойланашка йуьгу некъаш хедийра цу йоккхачустеган кхалхаро.
Свидетельство о публикации №223032200568