Халкъан хьекъал. Мерзаниг а, къаьхьаниг а - мотт

Чеченские пословицы о языке
(ШолгIа рубрика еша кицанийн хьалхарчу элпашца лакхара охьа)
Н-охчийн ворданахь – нохчийн илли ала, гIумкийн ворданахь – гIумкийн илли ала.
О-йла ца еш аьллачо, юьхьIаьржа х1оттаво.
Х-азачу хабаро сатийсаман (деган) чиркх латабо.
Ч-урта тIера йоза бIе шо даьлча дIадан долало, ткъа аьлла дош эзар шарахь а дицлуш дац.
И-ра мотт – совгIат, беха мотт – таIзар.
Й-оI езачу кIантана гали деши а, гали хаза дешнаш а оьшу.
Н-енан шуьрица Iамийна мотт валлалц биц ца ло.
М-ерзаниг ян аьлча, мотт беъна, къаьхьаниг ян аьлча, юха а, мотт беъна.
Е-са доьшучунна еса доьшуш зама а йогIур ю.
Т-уьрал а ираниг мотт бу.
Т-ахана харцдерг дийцинчух кхана цхьа а тешар вац.
А-ла дезачохь аьлла дош – тоха езачохь тоьхна топ.
Н-ахаца чорда ма хила, амма сов кIеда а ма хила.
Д-ош, аьнгалин пхьегIа санна, экама ду.
Е-са ворда чIогIа ека.
Н-ехан баганаш совцалур яц.
Н-ахах вониг ахь дийцахь, наха хьох лаьцна диканиг дуьйцур дац.
А-ллал олуш, меттара ала.
ТI-ех мерза ма хила, тIе мел кхаьчначо вуур ву хьо.
Е-са туьта чIогIа ека, беса корта дукха бека.
Кх-о шо кхаьчна бер долчу хIусамехь шаверриг юха мотт Iама волало.
О-хуш аьлларг – оруш карийна.
Ч-овхорах кхера ма ло, хьастарх Iеха ма ло.
У-рд деха дика ду, мотт боца дика бу.
Ш-ена луъург дуьйцучунна, шена ца луург хеза.


Рецензии