Буоберан доладар
ХIинцачул 20 шо хьалха, 2003-чу шарахь, Эр-Риядехь Iаьрбийн маттахь арадаьлла муьлххачу заманахь а мехала хила хьакъ долу цхьа жайна. Жайна хIоттийнарш бу – IабдуллахI бин Насир, бин IабдуллахI Ас-Садхьан. «Буоберан доладаран дозалла» цIе йолу и жайна нохчийн матте гочдина Iеламстага Магомедов Сулиман-Хьаьжас. Цунна а, жайнин авторшна а Дела реза хуьлда! Боцца оцу жайнин чулацам бовзийта лаьа вайна.
Жайни тIехь дуккха а делилийн буха тIехь гайтина, буобер кхабарна тIе бусалба дино боккха тидам бохуьйтуш хилар. И тидам тIебахийтина буобер кхабарна а, и Iалашдарна а, цуьнца йолу йукъаметтиг ларйарна а, цуьнан дахар ирсечу новкъахь хилийтарна а. «Бусалба нахана пайден а волуш, оьзда стаг хир ву цунах тIаккха», – боху авторша.
Жайни тIехь йаздо: «Сийлахьчу Къуръана чохь 23 айат деана буобер Iалашдарна а, цуьнан терго йарна а тIехь сутара веш. Веза-Сийлахьчу Дала буоберийн даьхни ларде, вочу агIор оцу тIе ма кхийда аьлла, омра даре терра, Цо чIагIо йо, цунна тIекховдар даккхийчу къинойх дуйла а, и бахьана долуш чIогIа Iазап хир дуйла а хоуьйтуш».
Буоберан хьокъехь диссийначу айатийн бухехь билгалбаьхна оцу декъехь бан беза белхаш:
1) Буоберана бохам ца хилийтар;
2) цунна дика болх бар, цуьнан дохнна пайда тIебохьуш долу хIума лахар;
3) цуьнца йогIуш йолу дика зуда цунна йалор;
4) цунна дика болх барна тIехь сутара хилар;
5) шен агIонгахьара цуьнца йолу йукъаметтиг ларйар.
Дуккха а масалш далош, авторша билгалдаьккхина, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхиболчу нахал къинхетаме а, буоберех дог лозуш а хилла хилар.
Буоберан доладарехь сутара веш Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Со а, буоберан доладийриг а Йалсаманехь иштта хир ву» (Цо шен хьажон, йуккъера а пIелгашца ишар йина, и шиъ кIеззиг хера а боккхуш).
Жайни тIехь билгалбина буоберийн доладарехь болу пайданаш:
1) бусалба стага буоберан доладаро Йалсаманехь Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лулахь хиларе вуьгу.
2) Буоберан доладар, иза кхабар а, кхиадар а, цуьнан Iуналла дар а тIедоьгIна ду хаза долчу гIиллакхна, цIена болчу кхолламна, къинхетаме долчу дагна.
3) Буоберан доладар, цуьнан коьртах куьг хьакхар, цуьнан ойла хазйар дог кIаддеш ду, цуьнан дакъадалар дIадоккхуш ду.
4) Буоберан доладаро тIедохьу дуьненан дахарехь доккха дика, йоккха сийлалла, Эхартахь дерг ца хьехийча а.
5) Буоберан доладаро жигарадоккху хьагI лацарх, адам цадезарх ша дIацIанйелла йолуш, шен коьрта Iалашо адам вовшийн дезаш, оьшуш хилар долу цIена йукъаралла кхоллар.
6) Буоберан сийдарехь, цуьнан гIуллакхе хьажарехь, и Iалашдарехь, цуьнан Iуналла дарехь, и кхабарехь сийлалла йу, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) буоберан хьокъехь дийцинарг кхочушдеш цо къахьегарна. Оцу балхаца Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везаран билгало йу.
7) Буоберан доладаро бусалба стеган даьхни алсамдоккху, цIан а до, оцу даьхнех бусалба стагана дика накъост а во цо.
8) Буоберан доладар – хастамечу гIиллакхех ду, бусалба дино тIелаьцна а, уьш шегахь дерг хастош а долуш.
9) Буоберан доладарехь доккха беркат ду, буобер кхобуш волчунна хьанала долуш, иза рицкъанехь сов а воккхуш.
10) Буоберан доладаро и шен чохь долчу хIусамах дика хIусам йо, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ма-аллара: «Бусалба нехан хIусамех дика хIусам йу шена чохь буобер дерг, цуьнга хьажар дика а долуш».
11) Буоберан доладарехь хьан тIаьхье ларйар ду, хьо веллачул тIаьхьа хьох дисинчу байшна кхиболчара дика болх бар а ду.
Жайни тIехь леррина билгалдаьхна буоберан доладар тIелаьцначун декхарш – шен хIусамехь буоберан доладар бахьанехь АллахIа шена дика динчо лардан дезарш. Ткъа вайх хIоранга ойла йойтур йолуш бу жайна дерзош авторша балийна хьехам-кхайкхам:
«Тахана (шел тIаьхьа буьсур болуш шен кегий доьзалш болуш) буоберан доладеш верг – шена белхи беш ву. Цо шен боцчу доьзалшца лелийна болу некъ цуьнан кегий доьзалшца а лелор бу. Шайн куьйга кIелахь долчу буоберашка хьовсийла уьш, шайл тIаьхьа буьсур болчу кегий доьзалшка кхиберш хьовса шайна луур хиларе терра. Тахана буобераца хьо дика хиларе терра, кхана хьан байшца а дика хир бу. Ахь динчун бекхам хир бу хьуна. Ахь динарг дика хIума делахь, диканна дуьхьал дика хир ду хьуна, дIадолийнарг сийлахь а ву. Ахь динарг вуон хIума делахь, вуонна дуьхьал вониг хир ду хьуна, дIадолийнарг сийсаз а ву».
Свидетельство о публикации №223060701179