Математика
ХIуманан дукхалла, масалла, шорто йовзийтаран Iилма
хилла ца Iа математика
«Математика – Iилманийн паччахь, арифметика – математикин паччахь», – аьлла немцойн вевзаш волчу Iилманчо Гаусса. Школехь цхьа а Iилма дац дешархоша цхьайтта шарахь Iамош, нохчийн моттий, оьрсийн моттий, математикий доцург. Оцу цхьана бакъдолчо а бIаьрла схьагойту церан массеран мехалла.
Математика – иза хьесап даран Iилма ду. ХIуманан дукхалла, масалла, шорто йовзарехь Iаламат доккха гIо хуьлу цуьнгара. Цо гIо до логически кепара ойлайан, жамI дан, коьртаниг схьакъасто, цунна тIе йеррриг ойла йахийта.
Математикин, цуьнан мехаллин хьокъехь башха-говза аьлла Iилманчаша:
«Iаламехь долу массо хIума а дуста йиш йолуш ду, массо хIума дагардан йиш йолуш ду». (Н.И. Лобачевский)
«Математикин хаамех пайдаэцар говза а, пайден а хир дац, уьш кхоллараллица Iамийча а, ша-шен ницкъаца, хьуьнарца царна тIе муха вахалур ву дешархочунна хиъча а бен». (А.Н. Колмогоров)
«Стаг математик хилалур вац, цуьнца цхьаьна шен сица иза поэт а вацахь». (Вейерштрасс)
«Iаламо математикин маттахь къамел до, оцу меттан элпаш – гонаш (круги), кхосаберш (треугольники), математикин кхийолу куц-кепаш (фигуры) йу». (Г. Галилей)
«Йиш йолчу кепара иза цхьажимма самукъане дан дезаш, вуно чIогIа мехала ду математикин Iилма». (Б. Паскаль)
«Логарифмаш йукъайахаро, астрономан къинхьегам аттачу а боккхуш, цуьнан оьмар йахйина». (Лаплас)
«КIорггера химин Iилма Iамо луург математиках кхеташ хила веза. Математика йевзаш вацахь, физик бIаьрзе ву». (М.В. Ломоносов)
Хьесапдаран Iилма кхолладала доладелла эзар шераш хьалха. Цуьнан тарих йуьйцучохь уггар хьалха хьахайо Китай, Мисар (Египет), Желтойн мохк (Греция) иштта дIа кхиболу мехкаш а. «Арифметика», «Математика», «Геометрия» дешнаш желтойн маттара, ткъа «Алгебра» дош – Iаьрбийн маттара схьадаьлла ду. Хууш ма-хиллара, арифметика – диъ хьесап (вовшахтохар, тIерадаккхар, эцар, декъар) Iамош долу математикин йуьхьанцара дакъа ду. Оцу йукъа даладо ишта дарже даккхар а (возведение в степень), орам лахар а (извлечение корня).
Тахана школашкахь 11-чу классехь ЕГЭ-н гурашкахь дIалучу экзаменех коьртачех цхьаъ ю математика. Иза ишта дIало 9-чу классехь а. КIезиг ца хуьлу хIора шарахь и экзамен ледара дIайелларш. Оцу дерригено гойту, математика тесна дита йиш йолуш Iилма цахилар.
Хьесапдаран Iилманан кандидатан, докторан даржашка кхаьчна, хьанал къахьегна а, тахана а къахьоьгуш дуккха Iилманчаш бу вайн къомах схьабевлла. Уьш вайн дозалла ду.
Ткъа мехкан йукъардешаран школийн йуьхьанцарчу классашкахь хьесапдаран Iилма нохчийн маттахь хьехар йукъадаккхарна тIехь дашца а, гIуллакхца а гIолоцуш схьабаьхкина а, схьабогIуш а дуккха говза нах бу вайн. Лерамечу Iилманчаша Чокаев Катис, Дадашев Райкома, Арсанукаев Iабдуллас, Халидов Мусас, Хамирзоев Сулеймана, Манкиев Аюба, Янгульбаев Вахас, Умархаджиев Салавдис, Якубов Iайндис, иштта кху доккхачу дуьненан Iилмано а чIагIдина ду, йуьхьанцара Iамор (кхетош-кхиор а тIехь) берашна хуучу маттахь бен хуьлийла дац, аьлла. Йуьхьанцара дешар берашна уггар гергарчу маттахь вовшахтухуш хилча, хьалхарчу Iалашонехь хила дезарг хьесапдаран Iилма хуьлу.
Вайн маттахь ду терахьаш, йозаллин (вес), йахаллин (длина), хенан (время), чухоаран (объем) барамаш билгалбоху дешнаш. Масала, хIорш ду уьш.
Аьрша – кхузткъе цхьайтта сантиметр барамехь йохалла (оьрс. аршин).
Буй – цхьана куьйга (керайуккъехь) схьаэцалуш йолчу хIуманан барам (оьрс. горсть).
Ге – нанапIелганий, йуккъерчу пIелганий йуккъера йукъаметтиг.
Гектар – бIе соти йа итт эзар йеакIов метр барамехь майда.
Гирда – кхо чептар; шийтта кийла чуйоьду жима моьрка (дечиган доккха чийлик).
Гирка – 700 грамм барамехь чухоам.
Грамм – кийланан эзарлагIа дакъа.
ГIулч – волавелла воьдучун шина коган йукъаметтиг (оьрс. шаг).
Дол – куьйган гоьле кхаччалц долу пхьаьрсан дакъа.
Дужа – цхьа тайпа шийтта хIума (оьрс. дюжина).
Кана – йух-йуххе диллинчу шина куьйга (шина куьйган керайуккъехь) схьаэцалуш йолчу хIуманан барам (оьрс. две горсти).
Кийла – эзар грамм (оьрс. килограмм).
Мазал – ткъе йиъ кийла чуйоьду шина гирданан барамехь йолу моьрка.
Мискъал (мискъал-заррат) – йозаллин жима барам.
Пунт – йиъ чептар, йалхитта кийла сов (16,38 кг) барамехь йозалла (оьрс. пуд).
ПхьагIат – пхьаьрсан йохалла.
Сажа – кхо аьрша (ши бIе кхойтта сантиметр) беха, латта дусту барам (оьрс. сажень).
Сом – пхи эппаз, бIе кепек (оьрс. рубль).
Соти – гектаран бIоалгIа дакъа, цхьа бIе йеакIов метр барамехь майда (оьрс. сотка).
Туьма – итт сом.
Чаккхарма – эзар кхузткъа метр (1060) барамехь меттиг (оьрс. верста).
Чептар – хIума йусту барам, пунтан доьалгIа дакъа, йиъ кийла.
Чийрик – доьалгIа дакъа (оьрс. четверть). Шеран чийрик – кхо бутт (оьрс. квартал), сохьтан чийрик – пхийтта минот.
Шай – пхи кепек.
Ше – нанапIелган, цIазапIелган йукъаметтиг.
Эппаза – диъ шай, ткъа кепек.
Нохчийн берийн хьесапдар, ойлайар шайна уггар гергара болчу маттахь хуьлун а дела, хьесапдаран Iилманан вайн дахарца йолу уьйр йоккха йолун а дела, беркате Iаткъам беш хир дара математикин самукъане тIедахкарш, шардарш, логикин кепара ойлайан йезачу кепара хIиттийна хаттарш дешархошна нохчийн маттахь довзийтича. Цо гIо дийр ду хьесапдаран Iилмане а, нохчийн матте а болу вайн берийн безам чIагIбарехь, дешархой логически олучу кепара ойлайарехь совбахарехь, физикин, химин, ткъа иштта кхидолу Iилманаш Iамо а церан аьттонаш хилийтарехь.
Масала, «Жуьтехь маса гIаз хилла?» цIе йолчу оьрсийн маттера гочйинчу тIедилларо (задачо) гIо до, самукъане чулацам болу иза, математикин моделан - нисдаран - гIоьнца кхочушдан.
ТIомайаьлла йогIура гIезийн жут. Дуьхьала йогIура ша цхьа гIаз.
- ХIей, бIе гIаз! – элира цо.
- Тхо бIе йац, – элира хьалхайаьллачо. – Тхан жуьтехь хIинца йолччул йелхьара, кхин оццул а, цу тIе жуьтехь йолчийн ах а, кхин а жуьтан доьалгIа дакъа а, цу тIе хьо а тхоьца йелхьара, тIаккха хир йара бIе гIаз.
Жуьтехь маса гIаз хилла гучудолу, дуьйцучун чулацаме хьаьжжина, хIокху кепара нисдар (уравнени) хIоттийча x + x + х:2 + х:4 + 1 = I00. Нийса жоп: ткъе йалхийтта гIаз хилла жуьтехь.
Кхин цхьа шира тIедиллар а далор ду вай кхузахь. Цхьана жаIуьно кхечуьнга боху:
- Суна хьайн цхьа уьстагI лохьа, сан уьстагIий хьайчийл шозза дукха хир дара тIаккха!
- ХIан-хIа, цул а хьайн цхьа уьстагI ахь суна лохьа, вайшиннан уьстагIий цхьатерра хир дара, – жоп делла шолгIачо.
«Мас-маса уьстагI хилла хIора жаIуьнехь?» – ду кхузахь хаттар.
Цигахь (математикин модель) нисдарийн (уравненийн) система хIотто йеза: x + 1 = 2(y - 1); x - 1= y + 1. Система кхочушйича хаьа вайна, хьалхарчу жаIуьнан – ворхI, ткъа шолгIачун – пхиъ уьстагI хилла хилар.
Оцу тайпана башха чулацаме тIедахкарш Iаламат дукха ду. Цара дешархойн ойла самайоккху, уьш логикан кепара хьесапдаре кхойкху, гIо до математикехь нисдаро а, кхечу кхетамаша а чулоцучу маьIнех гIоле кхета.
Математика – хьесапдаран Iилма – классехь, экзаменехь эшна ца Iа. ХIуманан хьесап деш хилар, Дала магийначу дикчу некъана а, шайтIано хаздечу вочу хIуманашна а йуккъехь харжам бан Iамар, тIаьхьало йерг а, йоцург а довзар, хIора дийнахь, сохьтехь шена хьалха лаьттачу дезаршна, гIуллакхашна йуккъера коьртаниг къастор, шен берриг ницкъ иза кхочушдарна тIебахийтар, ойлайеш хилар – оцу тайпана хьесап дахарехь даима оьшу жимачунна а, воккхачунна а.
Поэтан Эдильсултанов Iаббасан ду вай аьллачуьнца догIуш могIанаш:
Кхиош гIиллакх, дуза дог,
Оьзда баккха боккху ког,
Дерриг де ахь лелош чот:
Бедар, амат, буьйцу мотт…
Дерзош, ала лаьа: пайде а, мехала а долчу математикин Iилманан дакъош, вуно чIогIа вовшашца зIе йолуш, дозаделла ду, шайн бух – диъ хьесап а, эцаран таблица а йолуш. Цундела, халонех а ца кхоьруш, цуьнан цхьа а дакъа йукъах а ца дуьтуш, Iамо йеза вай массара а математика.
Свидетельство о публикации №223070501155
Исбаьхьаллин произведени кхоьллина ахьа м математика юуьйцуш, цуьнан мах хадош.
Суна ч1ог1а пайдехьа, мехала а ду х1ара (статья, дийцар)карор.
Хьалха байташ язйеш физикаца йолу уьйр алсам хеталора суна поэзица. Цулт1аьхьа геометрийн пропорцишца йог1уш, йусталуш хеталора байташ.
Х1инца т1аьххьара йаьзйина цхьана байт юккъе х1ара дешнаш кхолладеллера:
"Солнце выдвинет вновь теорему основ,
И в траве засверкает роса.
Из причудливых снов рифмой песенных слов
Стихотворная ляжет строка"
("Я любила дожди" Роза Д.)
Х1окха сайн дешнаша математикин т1еиза сан ойла. Баркалла , Асламбек, и мехала болх кхолларна.
Йозанца г1алаташ хила тарло сан. Бехк ма билла.
Ларамца, Роза Дахаева
Роза Дахаева 2 02.09.2023 18:39 Заявить о нарушении
Оьрсийн маттахь исбаьхьаллин дош говза йаздеш йу хьо. Дика хир дара, хьайн байташ ахь "Проза.ру" сайта т1ехь а йовзийтича!
Ларамца,
Асламбек Гайтукаев 05.09.2023 07:08 Заявить о нарушении