Нохчийн йоза тодархьама, вовшех дагадовлар оьшу-1
Нохчийн меттан хьехархочо аьлла: «Шайна цахуург хатта; сан а велара, шун санна, хатта стаг». Дешархоша ойлайеш хилла: «Вайн хьехархочунна ца хууш х1умма а ма дац, цунна х1унда оьшу-те хатта стаг?!» Хено кхетийна дешархой а: хьехархочун а хилла-кх хатта-дагавала дезаш дуккха а х1уманаш, балхо гулдина чолхе хаттарш...
...Дуьззина цхьана шарахь - 2009-чу шеран шийтта баттахь – «Даймохк» газетан корреспондентан даржехь болх бина ас. Оцу хенахь нисделла долу цхьа х1ума хьахо лаьа суна, ша иза доккха х1ума дацахь а. ЖОЬЖАХАТИ дош газето г1алатца («х» элпан меттана даима «г1» элп дуьллуш) йаздеш хиларан тидам бинера ас.
Редакторан г1овсе ас олу: «Цхьадолу нохчийн дешнаш тайп-тайпанчу дошамаш т1ехь цхьатера йаздеш цахилар хууш ду вайна. ЖОЬЖАХАТИ дош массо а дошамо цхьана кепара йаздеш ду. Вайн газетехь, иза мухха нисделлехь а, жоьжахати дош «г1» элпаца йаздеш схьадог1уш ду-кх…»
«Дика ду, - олу цо, - х1инцачул т1аьхьа вай а йаздийр ду и дош нийса». Сох жима бахьана а хилла, цигахь цхьа элп нисдира, амма «Даймохк» а, «Орга» а газетийн редакцешкахь бинчу балхах доккха беркат делира суна а. Беркате т1е1аткъам бинарш - оцу хьукматийн зеделларг долу говзанчаш-журналисташ бара. Доккха баркалла ду сан царна!
...«Мохь» дош ду дошамашна йукъахь. Кхаа маь1нехь лелаш ду иза: а) (кхойкхуш) тухуш болу мохь; б) гибуллуш (хьалаойбуш) болу мохь; в) жижигца хуьлуш йолу мохь. Дукхаллин терахьехь и кхо дош тайп-тайпана йаздар долуш ду: а) маьхьарий; б) маххьаш; в) махьарш. Тидам биний ахь цуьнан, дешархо?!
...Зорбанан даша т1ехь болх беш, сан а дуккха хаттарш гулделла. Дошамашна т1ехь а, вайн муьран зорбанехь а вайн мехкан коьртачу шахьаран ц1е нохчийн маттахь йеа кепара йазйеш хиларан тидам бира ас (Соьлжа-Г1ала; Соьлж-Г1ала; Соьлжа-г1ала; Грозный-г1ала). Цунах лаьцна шакъаьстина статья а кечйира вай. Дисина хаттарш т1аьхьо дийца а мегар ду....
Вайн дошамашна йуккъехь карош доцуш, маьждигехь, радиохь, телевиденехь а (хьехамашкахь) вайна сих-сиха хезачех дешнаш ду, шаьш, коьртачу декъана, бусалба динца доьзна а долуш: «г1опал», «муъмин», «куфралла», «къебат», «бид1ат», «исраф», «асхьаб», «важиб», «делил», «мустахьаб», «тарих», «мирба1»... Уьш х1инца вайн матта йукъа даьхкина ларалуш дешнаш ду. Уьш а, уьш саннарш а дошамашна йукъа дало дезара, уьш нохчийн маттахь йаздаран кеп а ч1аг1йина.
Дешаран доза дан а дац, иза чекхдолуш дац цкъа а. Айхьа 1амочух самукъа а долуш, цунах асар хуьлуш, к1орда а ца дойтуш, хууш дерг даима т1едуза хьожуш ваха веза стаг. «1илма 1амаде, аган чуьра г1аьттичхьана лахьти чу виллалц», - эрна аьлла дац-кха т1аккха. Вовшех дагадовлуш хилар сов ца хилла-кх цкъа а.
Свидетельство о публикации №223072401158