Йа АллахI, хьан гIийла миска лай вагIахь...

   Веданан кIоштан БелгIатахь ГIирма-Солтин, Селин доьзалехь 1928-чу шарахь дуьнен тIе йаьллачу Азманера дIайазйина вай хIара назма. 

   Шахтимиров ГIирма-Солта дика вевзаш Iеламстаг хилла. Иза Эрсана вахана а волуш, тIехIоьттина 1944-чу шеран февралан 23-гIа Iуьйре. Йуха шен доьзална тIе ца кхочуш, вайнах махкахбаьхна шолгIа шо долчу хенахь (шен 57 шо хан йолуш) дIакхелхина ГIирма-Солта.

   Лазартнехь волуш мотт сецна цуьнан. ТIаккха кехат, къолам даийтина, назма дIайазйан кхиъна. Тховса-кхана лийр ву ша, ша-шена дешна шуна, кIант-м шиъ вара шен, йоI декъаза хIума йу, Азманан доладелаш, аьлла хилла цо цигахь нисйеллачу шен стунйише.

Йа АллахI, хьан гIийла миска лай вагIахь,
Дас-нанас аьллачунна тIехь чекхваьлла вагIахь,
Дог реза къинтIера уьш бевлла вагIахь,
Со везаш эцалахь, ва Везан Дела.

Вешера вошалла хиланза вагIахь,
Несера несалла хиланза вагIахь,
КъинтIера вели со, Хьан дуьхьа, Дела,
Хьоьгара йал йеза, ва Везан Дела.

Хьалхара кхерч, лаамза, со боьхна вагIахь,
ШолгIаниг Хьан кхиэло бохийна вагIахь,
КхозлагIчух валаза ца ваьлла вагIахь,
Хьан кхелана реза ву, Хастаме Эла.

Бехк боцуш, ДегIастанах хьегна дегI дагIахь,
Хьаналчу хьацарна даьцна дегI дагIахь,
Га доцу маргIал-гIа дитина вагIахь,
Цуьнан терго Ахь йелахь, ва Везан Дела.

Хьо цхьаъ веш, шахIадат со далош вагIахь,
Хьан Элча Мухьаммад со бакъвеш вагIахь,
Сайн устаз Мубарак къобалвеш вагIахь,
Декъалчу тобанах тохалахь, Дела.

Саоьцу мулкалмот муьтIахь де, Дела,
Бартхотту маликаш резаде, Дела,
Жоьпашкахь Ахь нисвар Хьоьга доьху, Дела,
ЙуьхьIаьржа хIоттарах ларвелахь, Дела.

Мелла а алсам оцу дерригенах лаьцна деша кхузахь ("Азман" цIе йолчу вайн йозанашкахь): http://proza.ru/2016/10/19/2112


Рецензии