Леча Ясаев. Хьарам

   Шийлачу 44-чу шарахь цIерпоштнекъан йистошца Iахка бисина эзарнаш, бIеннаш эзарнаш дагалоцуш.

   Йаьссачу йистйоцчу арахь охьабаьхна бIеннаш эзарнаш дагалоцуш.

   Адаман доцчу хьелашкахь дийна биса гIиртина а… дийна бисина а болу бIеннаш эзарнаш дагалоцуш.

   Иза тарих (истори) йу.

   Иза вайн тарих йу.

   Халкъан хьуьнаран тарих.

   Йамартлонан, тешнабехкан тарих, йаа-мала а доцуш, хьелий дIасадига леринчу шалон тIехь цхьана дийнахь дийнна халкъ шен Даймахках а, долахь мел долчух даьккхина, шен махкана эзарнаш чаккхармаш гена дIадигначу пачхьалкхан куьйгаллин боьхачу гIуллакхан тарих.

   44-гIа… Кхазахийн мохк… Лачкъа меттиг боцу шело, дегIах а, сих а чекхболу мох. Дийнна доьзалш мацалла леш бара. Цицигаш а, жIаьлеш а хIун ден дара, дехкий а, шаьш кIелхьардовлуш, довдуш дара махкахбаьхнарш болчуьра. Адамаш кхетамах довлура, акхадевллачу, адаман сибатах къаьстинчу адамаша адамийн декъеш дууш меттигаш йаьхкира.

   Дерриге а хилла… ХIораммо а шен-шен кепара тIеэцнера мацаллин Iожалла. Цхьаммо халла хезаш доIанаш дора, меттара гIатта гIора а доцуш… кхечо, барзо санна, цавалархьама, напха - боданехь, буса лохура.  Мухха висина а дийна висархьама…

   Ишттачу цхьана буьйсанна, уьстагI а беана, цхьана къоначу нохчичо шен берриге лулахой гулбинера: йуххерчарна а ца луш, шен хIума къайллах шена йуучех вацара иза…

   Цо схьакхайкхинчарна йукъахь цхьа воккха стаг вара. Мацалло гIелвина волу иза, карахь схьавалийнера.

   «Кху тайпана хаза хьожа йалсаманехь бен хила йиш йац», - неIсагIех чоьхьа ма-веллинехь, йуучуьнга сатасарца элира цо. ТIаккха, йехха соцунгIа лаьттинчул тIаьхьа, меллаша хаьттира цо: «Везачу Дела дуьхьа алахьа, Хьаьжа-Мурд, бакъдерг, хIара хIун уьстагI бу?»

   Иштта хаттар шега дийр ду аьлла дагадеана а хилла воцу хIусамда вуьйхира, амма ма-дарра дийцира цо: «Суна доккха сий ду сайн хIусамехь хьо тIеэцар. Делан цIарца доьхуш ву хьо… Ас жоп лур ду тIаккха: и уьстагI ас лачкъийна бу».

   Хала тийналла хIоьттира.

   «Ахь суна бехк ма билла, кIант. Сан оцу кхачанах кхета йиш йац», – элира къеначу нохчичо, халла хезаш.

   Масех де даьлча и стаг мацалла велира.

ХIара суна дийцинарг ву Эвтарара С-Э.Докуев.

Проза.Ру сайтан Ясаев Лечин агIон тIера хIара дийцар нохчийн матте гочдина Гайтукаев Асламбека.


Рецензии