Курачу йо1е

Ма г1ерта сан дегчу хьажа
Ма леха соьгара г1алат
Вай доцу г1иллаккхаш ма г1ерта харжа
Цу некъац дац хьун вайн 1адат
Сан дикал соьгахьа йита
Нагахь сан соьгахь из йелахь
Сан амал ша йолчохь йита
Нагахь сан аьрха из йелахь
Ма г1ерта со дакъаз вакхха
Сан некъ а духа а бетташ
К1оршаме ма хила соьца сел атта
Сан дегах лазар а детташ
Сан биркъал соьгахьа йита
Сан деган лазамга хьоьжуш
Бертаза, доьйнаца со д1а ма титта
Цайашарц сан безам хьоьшуш
Ма г1ерта сунна хьо къахьйа
Безаман ца хуьлу къаьхьал
Сан ойла ма титта аьхье
Къастор вай шадерриг т1аьхьа
Шиек ма ял, кхуьур ю мааса
Туьх таса этт1ачу чоьйне
Ахь сайна мел йина васс а
Ца йуьллу ас хьоьца доьйне
Ма г1ерта сан тиешам хьеша
Ма г1ерта сан тиешам эшо.


Рецензии