Эрч ваьлла нахчо

Ма верза т1аусин киепе
Хьаж т1ера бода д1а бакха
Бехк боцург бехке веш ма кхайкха жоьпе
Ма г1ерта цуьнгара ирсен дакъ дакха
Хьайн даржах б1о булуш цергаш ма гайта
Бахамах г1ортолла йоота ма г1ерта
Мискачун шиен къоьлах ойла ма йайта
Божабе совбала цуьн къажбелч коьртар
Адамаш дуьнен т1аьхь бес-бесар ду хьуна
Х1оранне ойланаш шиен амалц йу хьуна
Сих ма ло уьш литта хьайх къинош летош
Диканиг йа г1онаг шин декъе къестош
Ма моталлахь бовха малх хьайн цхьанне г1отту
Буьйсан и сирла бут хьай доьхьа хьоьжу
Дуьнен риц1 мах хадо дац хьуна атта
Эг1артахь жоп даларх хилалахь кхоьруш
Йиталахь хьайн т1аьхьен байтамал аг1о
Корт та1ба меттаг ахь царна ма бита
Дуьнен т1аьхь ахь йинчу диканан ч1аг1о
Ма кара йийра йу кхана хьун иштнехь


Рецензии