Т1еман бален илли

Мичхьар  бели хьо, мичхьар кхечи хьо
Ох ца лехна болу ирча, 1аьржа бала
Ненан доьлху дог, дайшка оьху мохь
Къастан доьзалаш, хьоькху берийн ц1охь
Х1ей боьду стиглар кхокха
Ирсен-векал алхазар
Доозал дехьа бийца кхокха
нохчийн къомехь болу лазам
д1ахаийта хьоме кхокха
дайан адамаш багийна мохк
орца деха хьоме кхокха
к1елхьар баккха нохчийн мохк
Ясъйел шахьараш, уьду адамаш
Бийца бух боцу, дей а, нанойн каш
Ладоьхч хезаш йац, тоьпан г1овг1а бен
Орцах валахь тхун, веза Аллах1  дел
Мацал-хьогалла 1оьху хьайбанаш
Орцах мохь тоьхча еса майданаш
Доьзалн схьалха Дада хьийза воьхна-  гот
Хаза дош ала д1ацалуь цуьн  мот
Лакъаджакуман мох цо т1е туьхи
Везчу деле цо 1ожал  шиен йийхи
Доьзалн баал ца ган, делер валар доьхаш
Гуола х1оьтти Дада, ах1и аьлла воьлхаш.

1995 год.


Рецензии