Нахчмехкан берланташ

1илманчаш даиман къуьйсу
Берланташ дуй техьа Кавказехь бохуш
Хийла цар аьчкан-барз туьйса
Дашона т1улгаш а лоьхуш
Дог эт1аш,тиларчу эгаш
Ойланаш хийла цар йина
Г1ераш а ,баьрзанаш,г1амарш а киегош
Дог1машна аьрна ниц1 бина
Ладохал т1и веъна накъост
Хьо аьрна ломахул кхерст
Хьайн гондхьарч нахех б1аьрг тоха
Охь кхоссий буйнара ц1ест
Мел ч1ог1а дашо ахь лехарха
Ц1естаца луьттуш а г1ум
Ломахул г1ашло хил леларха
Кардийр дац хьуун кхузахь х1ум
Тхан дашо- тхан г1иллакх ду хьуна
Тхан дато – къонахчуьн дош
Берланташ – маьхкарийн б1аьргаша ду хьуна
Ма бет хьайн аьрна и гоч.


Рецензии