Ненан кодекс

Хаалахь со йийсаро ву хьуна
Бийцаре биллинарг Нахчо-Мохк белахь
Хьо вижа кашдераг хьан Даймохк бу хьуна
Нагахь сан вуьззина хьо къонах велахь
Хаалахь со йийсаро ву хьуна
Бийцаре биллинарг Нахчо-Мот белахь
Дуьнен т1аьхь уггарел и оьзда бу хьуна
Нагахь сан вуьззина хьо нахчо велахь
Хаалахь со йийсаро ву хьуна
Йийцаре йиллинарг нахчо йо1 йелахь
Ткъа цуьнах тоьжна вайн г1иллакх  ду хьуна
Нагахь сан йуьззина и нахчо йелахь
Хаалахь со йийсаро ву хьуна
Дийцаре диллинарг вайн г1иллакх делахь
И г1иллакх ларадан со къонах ву хьуна
Дай-ненан вуьззина со во1 а велахь
Дериг а х1уманна со йийсаро ву хьуна
Йийцаре йиллинарг сан Нана йелахь


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →