Нене- орца

Сирлачу берланташц къагийнчу шун т1ехь
Шур чопанц сихонца сай куьйгаш дилина
Вай дайша схьакховдинч оьздачу г1иллакхехь
Ца кхиакх Хьун схьалха мерза кхач билла
Маржа я1-кх соьг кхача дош а ца дитакх
Адамаш даггара ца хастйеш Нана
Сан рог1ехь жимма а мог1а ца бисакх
Хьоминаг даггара Хьун илли ала
Ма къезга ийги со Хьан ирсен когашка
Кийр бузош даггара Хьоьц хан ца йаькхи
Тахана сан мот бу тийсалуш, эгош
1ожалло ирсен некъ соьгар д1а баькхи
Сан Нана Хьо къинтер йер йуй-теш суна
Эг1артахь во1 ву аьл т1е оьцар вуй-те
Ас деш дол до1анаш тоьи те Хьуна
Баьрза т1ехь доьлху дог д1а хезар дуй техь
Х1ей латта,йа латта, ва 1аьржа латта
Ма къайла йаькхи ахь сан хьомсур Нана
Мохь тухур бара ас х1ар дуьне г1аттадеш
Белхабеш сай Нене кийрара бала
--------


Рецензии