Къинхиетаман до1а
Мискачуьн г1ийла хьакъ хьоьшуш
Дуьненна наь1матах пусар а ца деш
Лелачу къоманна дехьа ахь геч
И мостаг1 шиен тиебе ма дарра хуъшехь
Цуьнан ницкъ мелла бу ма дара гушшиехь
Корзаха и вуьйг1уш, сийзазза веш
Леллачу къоманна дехьа ахь геч
Къамо ца лехнариг цунна т1екхачадеш
Элчан некъ д1а туьтташ, Дин сийзаз деш
Наной а белхабеш леллачу тобашна
Йа Аллах1, сан Дела, дехьа ахь геч
Ноябрь 1999 год. Ачхой-Мартан
Свидетельство о публикации №223100901112