Деган делхар

Нохчи- чоь, со лойла хьан къинна
Хьан чоьйне лазам ма къиза хила
Хьан дега 1овжамма ма къаьхьа хила
Хьун хазаз харцо а ме къезаг йиси
1аьржа баал Нохчи-чоь хьун хьайна биси
Мостаг1аш дукха туьх хьан чоьйне тийси
Нохчи-чоь со велха хьан бален
Хьан лата т1ададеш йижарийн белхаран
Хьан дег1 а мардихкинч наноша дохьа
До1анашц хьо ларйинч тхай дайша дохьа
Де-нене мохь биттинч берашна доьхьа
Со велха Нохчи-чоь хьан орца доьхьа
Нохчи-чоь, лойла со хьан доьхьа къора
Ца хаза лазамца хьоьг оьху узам
Хабарш а ца хаза харцонах дуьзан
Баккхие беш хьоькху мохь шаьш хиларх буьзан
Ненан мот белхаран ша байлахь бисарн
1адаташ делхаран шаьш риц1ах хийцарн
Нохчи-чоь. Хьун гинарг ганза хил веларкх со б1аьрзе
Хьан чоьйне къурдашка б1аьре ца хьежа
Къастинчу доьзалан балех ца леч1къа
Адамийн сурт ца ган, дирзанч сел эрча
Нохчи-чоь волийла хьун орцах Элча
Аллах1а делера кховдадеш геч а
Нохчий-чоь со лойла хьан доьхьа

1999 год. Ачхой-Мартан


Рецензии