АЬРГ1А ЙО1Е

АЬРГ1А ЙО1Е

Нагахь сан йовзаз со велхьаара
Малх г1отту заманан хазалла
Хьан 1уьйре дика йаз велхьаара
Хил мегар ас динарг дозалла

Т1аккхам а халаъ ма дацара
Хьан амалх кхета а кхетта
Барамал сов ваьлла хьоьц г1иллакх лаца
Сайн лаам духа а теттина

Нагахь сан кхагаро вожаваз
Хина чам со бовзаза велхьара
И бала хьуна т1е товжийна
Парг1атта ваьлла со велхьара

Т1акхам а халаъ ма дацара
Хьан амалх кхета а кхетта
Барамал сов ваьлла хьоьц г1иллакх лаца
Сайн лаам духа а теттина

Нагахь сан Мартанан тулг1еш
Ас хьуна лерина ца хиллехь
Хьан доьхьа дешнаш а гулдеш
Иллеш ас дохуш ца хиллехь

Т1акхам а халаъ ма дацара
Хьан амалх кхета а кхетта
Барамал сов ваьлла хьоьц г1иллакх лаца
Сайн лаам духа а теттина


Рецензии