Ас-сой товсари

Хьан б1аьргах оьг1у хиш
Жовхаршах тарделла
Хьан лерран боларра
Т1аусех тарделла

Ахь олу дешнашех
 Сайн омар дина
   Ма ч1ог1а идир со 
  Хьо сайна   магйина

Хинйисте со веъча   
Йеларе доккхуш
Ирахь 1ен со веъча
Нахала вог1уш

Хьаставел ас аьл дош 
  Туьйранца дуьйцуш 
Ма дош ца хийти хьун
Ас хьайга  дуьйцург

Сай ненан во1 вар со
Сай денаъ  везаш
Йишина ваш вар со
 Вешийна виезаш
 
Ма атта хийти хьуун
Со корзах ваккха
Ма ч1ог1а г1оьрти хьо
Соьр г1алат даккха

Шей во1-а виезачу   
Деъ-ненаъ доьхьа   
Шей ваша виезачу   
Йиш-вешин доьхьа 

Деши сан ц1еначу   
Безаман доьхьа
Йитти ас реза хил
Хьо нехан аьхье


Рецензии