Бакъ йолу нохчи йо1е

Ас даггар ч1аг1о йо шуна      
Нохчи йо1 сел оьзда хиларн   
Хьан дош цо хадийр дац хьуна
Мел ч1ог1а ахь доьйне дилларх

Аьхьено бижабин ши б1аьрг
Иштта а ц1ие йелла беснеш
Шен дег чохь дижадеш 1аьт1нарг
Ма хуьлла халхетам байбеш

Сел мерза йиста и хуьлу   
Сел дика дош а цо олу
 Ненан г1илкх мехе ца дуьллуш
 Нохчи йо1 аьхьенах йолу

Ас даггар ч1аг1о йо шуна
  И амал цуьнгахь бен ца хиларх
 Дуьнен т1аьхь мел долчу х1уманах
Хуьйцур дац цо Нохчи г1иллакх

Ас даггар ч1ог1о йо шуна
Со муьт1ахь хиларна цунна


Рецензии