Дуьненна г1илакх
Цундела валарха ца кхоьру со
Стен до тиехь къамелаш оьздангал йоцуш
Даржах а, хьелах а тарбелла б1о
Собарде х1ей Нахчо, жимма са туоха
Ма ваккха сиссаза хьо санна верг
Са туоха, х1иттита дериш вай куога
Ца оьшу вовшешна хьекхайан церг
Бакъ дац из, бакъ ма дац вай телхан бохург
Хено шен набарна дигина вай
Ларде вай собарца вовшешна олург
Хили вай г1иллакхан, оьздаллон дай
Дуьне вайх дуьсар ду шиеко а йоцуш
Ам бакъ ду ца оьша хеназа дита
Вовшена дешнаш а, догмаш а хьоьшаш
Боцу бехк г1ерташа г1илачун 1ит
Ма вала дакъаза х1ай оьзда Нахчо
Д1а дакха вай доцу къоманнан васт
Тахана атта ду лаъама керчо
Ам бакъ ду хоттар бу мацца а барт
Июль, 2016 ш.
Свидетельство о публикации №223101000436