Т1аьхьиене весет
Тахана ас дуьллу йоза
Ца биезарш мах хеддош, шайн дегмаш 1абор ду
Ца кар деш сан дегчуьра доза
Ца г1ерта поэтан некъе со вала
Ас деш дерг т1аьхьиене весет
Тахана Нохчи-чохь болу х1ар бала
Дериг а къоманан тезет
Хьуна ма кхочийла т1екхуьу т1аьхьие
Бодане х1ар 1аьржа диенош
Йог1ийла шу зама ца дуьллуш аьхье
Нохчий къам ирсенца дебош
1999 шо. Т1иехьара-Март. Ачхой- Мартан
Свидетельство о публикации №223101000452