Т1ЕМАН ДОГ1АННА ВОТА

Са хьийзаш корехьа ойлане воьжжа
Дог1ана вотане ладуьйхар ас   
Дог1ана илли дар г1айг1ане доьжжа
 Схьахазош кест-кеста кхуьссуш шеен ткъес
  Ас хаьттар дог1ане – алахь ахь соьга 
Стен ду хьан делхара сел г1айг1ане
Хьалха сан ма дац хьо б1аьстенна декаш
Т1адамаш кхуьссу ахь ког эйъабеш   
Ша йетта вотан г1овх духа а яьккхина 
Ам наь1мат ца хуьйцуш делар цо жоп
  Сайн г1ийла илли ас берашна даьккхина
Ца хазийт Нохчийн-чохь кхуссуш йол топ.

1996 г.


Рецензии