Сан Довта-Марта Ачхой-Мартан

Лаьаркха цкъа мукъне хьо даггар хасто
Дег1астан шахьаршех юккъера къаьстан
1ашхонн а, Мартан а юкъера зезаг
Хаалахь хедар бац хьоьга  сан безам
 Бамба сан ва к1еда  Мартанна тулг1еш
 Нена байт ва сана 1ашхонна тог1еш
Вай дахар лардеш йол и Орца хьаннаш
Ч1аг1онна х1иттина Кавказан лаьмнаш
Я Аллах1 сан дела хастам бу хьуна
Х1ар 1ашхо-Марта кхолларна тхуна 
Ериг а Кавказан  ирсенна зезаг
  Хаалахь хедар бац хьоьга сан безам
Тхан дайш а, нанош а иллешкахь йийцин
Мостаг1аш оьмаршкахь къизалца цистин
Реза ву хьан сий деш эг1арта ваха
Хьан доьхьа ирсен некъ дуьнен т1аьхь лаха
Ца йолу хьо сунна даггара цкъаа
Кийра бу буьзина ламан х1аваэх
 Юй теша дуьнен т1аьхь хьоьц хазал къовса
 Цхьа а юрт, йа г1ала хьо санна товша


Рецензии