Тешам боцчу йо1е

Ма къиза карчйи ахь сан дега ойла 
Сайха чекх са гойтуш ма хьовзи ахь
 Суннам ца лиънера вай безам лойла 
Ма ч1ог1а херйи-кха юкъ меттиг ахь
Ца хиан хаз дешнаш хьан доьхь ас  1амийра
Набаран суй боцуш  д1акхоьхьуш   хан
Безаман и архаш ахь атта хадийра
Хьайг болу дег-безам белхабеш сан
Ма виезаш хилла со Везачу Дала
Хьан 1аьржа ойланах сох ца ви лай
  Баькхи цо соьгара дуьненна бала
Ц1е тесна даги цо  вайн юккъер т1ай.


Рецензии