Къоман хазна ларйархо

   Филологин 1илманийн кандидат, 1илманан лаккхара г1уллакххо, Нохчийн Республикин 1илманийн академина йукъайог1учу гуманитарин талламийн институтан фольклоран а, литературин а секторан доладархо волчу Мунаев Исма1илна, цо халкъан барта кхолларалла ларйарехь деш долу г1уллакхаш бахьанехь, дашо х1оллам х1отто бог1ура аьлла, тешна ву со.  Цуьнца цхьаьна – иза вайн меттан бакъболчу верасех цхьаъ хилла схьавог1уш ву. Ша дийриг доггах, 1аьвшшина дан 1еминчу цунна паргг1ат дийцалац вайн маттаца доьзначух.

«Мотт – иза дуьне ду, дахар ду, - боху цо, - нагахь санна вай иза аьхна, сурт х1оттош, говза, асарца бийцахь, иза даима кхиош, мотт лела харш шордеш, иза дийна латтош вай хилахь».

   1илманча тешна ву, вайн къоначу т1аьхьено меттан чуха схьалацахь, цахуучунна т1екхиа хьовсуш, даима хеттарш деш а, сема а, шайн ойла сема латтош, нохчийн маттахь ойлайеш а уьш хилахь, оцу декъехь вай лакхарчу т1ег1ане девр ду аьлла. Ц1архазмана лелочух беркат хир доций хаьа цунна.
 
   Меттан лазамаш го 1илманчина, уьш буьйцу цо шен къамелехь. «Терахьдош шех олуш долу къамелан дакъа вайн къамелана дайна д1адолуш ду шуна!» – орца дохуш ву Исма1ил. «Ткъаннашкахь хьесап деш система (двадцатеричная система исчисления) йолуш долу къаьмнаш шира лоруш ду, ткъа вайн ткъаннашца дагардар ма ду», – вай самадохуш боху цо.
 
   1илманчо багарбечу лазамийн тай оцу т1ехь хедаш дац. Литтина деши санна ларало Мунаевна зеделларг, цо лерина тидам бинарг:

- Уггар ширачех цхьаъ ларалуш болу вайн мотт къоначарна бовзийтар вайн декхар ду. Ца бовзийтича, церан хиндерг лачкъадо вай.

- Шен мотт дика хуучу берана кхин меттанаш дика 1емар ду.

- Мотт 1амор – Аллах1а вайна делла ни1мат ларар ду.

- Мотт хуучун карахь берг мехала г1ирс бу, адамашца йукъаметтигаш лело аьтто беш г1уллакх ду иза.

- Сийлахьчо дуьненан адамашна тайп-тайпана меттанаш делла. Оцу меттанашкахь доьху адамаша Деле.

- Шалха элпаш, дифтонгаш, аьзнаш … – уьш дерриге 1амо деза шен хеннахь, жимчохь.

- Дика хир дара, меттан паспорт х1оттийча, фольклоран фонд вовшахтоьхча, меткепан (диалектан) дешнаш а т1ехь д1айаздича.

- 60-90 минотехь д1аолучу (йа дагардечу) иллица 1аламат онда ницкъ бу. Оцу ницкъах лаьцна мелла а дийца йиш йу.

- Мотт ларбан беза, иза белча – вай лийр ду, вайн къам лийр ду.

- Тахана санна нохчийн мотт бийца, цунах беркат эца аьтто хилла бац цкъа а. Иза ларбар доьзалера д1адоло деза.

- Мотт ларбархьама, иза бийца беза, кхио беза, сий-пусар дан деза цуьнан…

   Нохчийн фольклоран 9 том арахеца аьтто баьлла Мунаевн. Тахана 10-чу томан ойлайеш ву иза. «Муьлхачу жанран говзарш оцу йукъа йахийта лерина ду?» – хоьтту ас 1илманче. «Фольклоран муьлхха жанр мехала йу, оьшуш йу, ларйан декхар ду», – боху цо. Къоман хазна ларйарехь шена мел к1езиг г1о динарг а виц ца во Мунаевс, даим царна баркалла бохуш хуьлуш ву иза.

   Кху йозанашкахь вай 1илманчех довзийтинарг – цо дахарехь кхочушдинчу а, таханлерчу дийнахь а эвсараллица кхочушдечу а г1уллакхийн цхьа цуьрг, цхьа жима аг1о бен йац. Дала пурба лахь, т1ейог1учу хенахь мелла а алсам довзуьйтур ду вай къоман хазна ларйеш схьавог1учу вайн ларамечу махкахочун хьуьнаре, беркате г1уллакхаш.


Рецензии