1аьнан 1уьйре
Дашо з1аьнарш лай т1е 1енош,
Малхо шен кеп х1иттайо.
Шакуьзганах тулг1еш къегош,
Хиш карзахе, ловзуш го.
Дато мархех к1ажарш юцуш,
Ц1аста санна, ц1ийелла.
1аламе шен къайле юьйцуш,
1аьнан 1уьйре хазъелла.
Баххьаш т1ехь лайн к1ужалш хьийзош
Ламанаш го самукъне.
Генаш ийзош, г1ура ц1ийзош,
Хьаннаш хьоьжу цу суьрте.
Сан Даймохк, хьох хьоьгуш г1ийла,
Ас геналлехь яьккхи хан.
Сатийсинам ахь а хилла,
Совг1ат дели, 1уьйре хьайн!!
Свидетельство о публикации №223122601242