Ахь биекхам бехьа
Кхолламо хьаьстича ирс диекъа хьоьгуш,
Ойланца вайн некъаш вовшиеха тоьгуш.
Дахаран хьиесап а сан дуьхьа лоьруш,
Ахь биекхам б'ехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьуо суна мел везна хуур ду хьуна.
Хьуо цхьаллехь висича сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш.
Кхолламе къайлаха соьца ирс доьхуш,
Ахь биекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьуо суна мел везна хуур ду хьуна.
Суьйренца со йог1у ураме вуьйлуш,
Безаман нур-з1аьнар лаца сатуьйсуш.
Йа мерза ойланаш къахьйан ницкъ лоьхуш,
Ахь биекхам бехьа сан дог хьегнарг, суна,
Хьуо суна мел везна хуур ду хьуна.
*****
Свидетельство о публикации №223122601250