Ца дицделларг

Резварова Вйза

Дагадаийта оьший ца дицделларг,
Карла даха а, б1аьргаш дуьхьлахь дерг??
Цатарлун дерг оьший даге кхийдо,
Цкъа а берта дог ца дог1у дерг?

Мостаг1 ву - кха, мел хан йаларх дукха,
Дайшца мостаг1алла лелийнарг.
Мостаг1 ву - кха, йамарт мостаг1чул а,
Дайша лайна бала бицбинарг.

Дайна зезаг, б1аьсте, аьхке йоцуш,
Басах даьлла, цхьаъа лепар доцуш.
Цхьалха дисна иза, девзарш боцуш,
Ба1 а сетта, ша цул хаза лоруш.

Малхо дагош, дакъош, хьийза жаззаш,
Мажделла г1аш, махо ц1ийзадо.
Т1аккха йог1у, дог1а дахьаш мархаш,
1алам, зезаг цара  лийчадо.

Денло зезаг шена терго йина,
Шен дог хьаста, кхеташ ваьлча цхьаъ.
Хазло зезаг, къагош куц 1аламан,
Иштта йу - кха амал кхолламан.


Рецензии