Жиманиг жимачух кхета... Поэма
Поэма
Бер кхета берех
Ишколе ваханза,
вара к1ант жима.
Цициган к1орне к1айн,
карийча цунна.
Воккхавеш и к1орне йигана керта,
Цуо иза йаьккхина хиллера къайла.
Т1е воьдий, жима куьг цунна т1е хьоькхуш,
,,К1айдарг" ц1е тиллина, воккхавеш, воьлуш.
Лелара жима к1ант самукъа даьлла,
К1орне а цу к1антах йаьллера йоьлла.
Суьйранна денйиша йеара уьйт1а,
И йара цу к1ентан дог иэца кийча.
Цуьнга цуо дийцира к1орнех цициган.
Сов ч1ог1а лерина, ойланца беран.
- Деца! Ва Деца! Схьахьажахьа соьга!
Олуш к1ант велира шен къайле йаста:
- Мел хаза ду цициг, карийнарг суна.
Мел ч1ог1а доьлуш, со хьоьсту цуо, тайна.
Схьа йола Деца,
И гайта ас хьуна!
Мел ч1ог1а везаш, т1е хьерча и суна!
Олуш к1ант вахара Децийн куьг лаьцна.
Керташкахула д1а,
Самукъа гайта.
К1айдарг т1е деара к1антана сиха,
Муц1а доьлла, ц1унашла хьиекхийча санна.
Гуш йара муц1ар а, йакъайелла, йеха.
Мацаллуо б1арздина, б1аг1ара даьлла.
Йуха а вист хили к1ант хьаставелла:
- Ма хаза хьоьсту цуьо со, хьажахьа Деца!
Децийна гуш верг шен вешин к1ант вара.
Цуьнан дог хьаста цуо
х1ъу дийр дара.
Денйиша т1е тайра лаамза цунна.
Дог хьостуш, цуо к1анте элира т1аккха:
- Дера ду и - м хаза, хир ду кхиъа хаза,
Ц1андина, дузийна,
Дола вай дича.
Воккхавеш, кхаъ хилла,
Къежина виела.
К1анта шен дагахь дерг къадийра сиха:
- Деца, ас мегар дуй,
Йуург йала цунна?
Х1ун йала мегар ду?
Молий цуо шура?
Денйишас элира,
Там беш к1антана:
- Мегар ду дера,
и йезарг йу цунна.
Вай иза дузийна,
Даьккхина ловза.
Личийна, дуьтур ду
Хьан амал йовза.
Сихонца вахана,
веара к1ант схьа.
Шурийн кад х1оттийра
К1айдаргна хьалха.
Цу шинна къамелах
Ша кхетча санна.
Сапарг1ат даьлла
1аш к1айдарг а дара.
Ши - кхо бутт белира,
К1айдаргах ийна.
Дериге самукъа
Дара и цуьнан.
К1анта и хьоьстура нанас бер санна.
Цуо цунна луш дара
Мел диезарг шена.
Беъна т1е кхечира дешаран мур а,
Ишколе дешаре
Вахара к1ант а.
К1айдарг ца кхетара
Х1унда к1ант лела.
К1езигчу ханна а,
Ваьлла шех хиера.
Ишколе дешаре
Ваха к1ант ваьлча.
К1айдарг а доьдура
И новкъа ваккха.
Урамехь геннахь к1ант,
ц1а вог1у вайча,
Дуьхьала додура
Сингаттам гайта.
Иштта д1айелира
Зама, бутт гергга.
Берашна девзира
Гергарло церан.
Цхьаннах а бацара
Кхерам цу шинна.
Делахь а хилла - кх
Цхьаъ кхарах хьегна.
Цхьана хенахь ,,т1ап" аьлла,
К1айдарг д1а дайра.
К1анта и лоьхура,
Синтем д1а байна.
Сов ч1ог1а сингаттам
Дагна са баьлла.
Орца цуо дийхира
Кийра ц1е йалла.
- Деца! Ва Деца!
Схьайолахьа соьца.
Дахийтахьа вайша цкъа,
,,Марта" хи долчу.
Берашна гинера
Цигахь к1айдарг.
Хир ду и тилделла,
Сагатдеш, лелаш.
Сов холча х1оьттина
Денйиша т1аккха.
Дог доьхна вешин к1ант,
Шен б1аьрга вайча.
И сиха йахара, куьг
Лаьцна цуьнан.
К1айдарг схьакарийна,
К1ентан дог хьаста.
Массанхьа кхечира
Ишиъ и лоьхуш.
Цхьанхьа ца карийна,
И шиъ ц1а дог1уш.
Цхьа зуда лаьттара,
Шайн к1ет1а йаьлла.
И хилла, кху шинна
Тидам бан йаьлла.
Цуо т1аккха хаьттира:
- ,,Лаа шу лелий?
Цхьаъ йайна, лела - кх шу, схьа гарехь суна?"
Деца йист хилира,
Сингаттам хьиег1аш:
- Х1аъ, лела, ца карош,
К1айн цициг, жима.
Цу зудчо г1адйахана,
Кхаъ боккхуш санна.
Элира кху шинга,
Сов реза хилла:
- ,,Цициган к1орне ас
Лур йу шуьшинна!
Схьадуьйлал кху уьйт1а,
Харжа и шайна!"
- Ма дика ду тхойшинна
И карийна аьлла.
Ден йиша хьаьжира
Вешийн к1ента б1аьра.
Бахана х1орш бевлча,
Раг1у к1ел церан.
Нанах йекхаш йайра
И к1орнеш кхарна.
Цхьа к1орне схьа йоккхий,
Йекхчара ненанах,
Зудчо схьаоьхьура,
Хазйеш и кхарна.
- ,,Хьажал, мел хаза йу,
Шура санна к1айн.
Йеккъа цхьа к1айдарг йу - кх,
Х1ара д1ахьуо шайна".
Т1аккха схьа йаьккхина,
К1айн - къорзаниг,
Иштта схьа гайтира,
Кхин цхьаъ а, кхин а.
Мохь бетташ ,,маьув" бохуш,
Шайн нене кхийдаш.
К1ант реза ца хилира,
Цхьаъа цхьа иэца.
Эхх1ар а, элира денйишига к1анта:
- Д1а дахийта вайша!
Ца йеза уьш суна.
Денйишас хьоьстура,
Дехарш деш цуьнга.
- Схьаиэца, цициг мел хаза хир ду - й цунах!?
К1анта д1а уозийра
Денйишийн куьг.
- Д1адахийта вайша,
Йитина уьш.
- Мегар ду делахь - х1ета,
Д1адоьду тхойша.
Дог1ар ду тхо йуха,
Хийцалахь ойла.
Элира денйишас:
Хьожуш зудчуьнга.
К1адвелла хетарехь,
Сан жимнаг х1инца.
Баракаллах1 хьуна а,
Тхан дог хьастарна.
1одика йойла шун!
1ие делахь, шайна.
Олуш, кех делира
К1ант, денйиша а.
,,Мегар. Шу г1уо, таккха",
элира зудчуо а.
Цу ц1аьнна шаьш девлчи
к1еззига гена.
- Цхьа х1ума дийци ас?
Вист хилира к1ант:
- Схьа дийцахьа, сан Диканиг!
Денйишас аьлча:
- Схьа х1унда ца ийцира,
Ас дийци хьуна.
Шен нанина са гатдеш,
И йоьлхура йара.
Ткъа вайна и доьлхий
Хуур дацара.
Ас а ма гатдо ч1ог1а,
Сайн нанна са.
И х1унда ца йог1у - те бохуш ц1а?
Олуш к1ант д1а тийра,
Ойлане ваьлла.
Денйишас элира,
дог туохаделла:
- И синтем ма бара
ас лоьхург а хьуна.
Ц1а йан и хьан хилча - м,
Х1ун хала дара суна!
Делан кхел йу лелаш,
Ца къаьстош цхьа а.
Беран дош ларделаш,
Ца дуьтуш цкъа а.
Свидетельство о публикации №223122701593