Къор1анан 1илма

Резванова Айза.
Диехар! Кхайкхам!

Нохчийн къомаца б1е шерашкахь къуьйсуш, бакъ болу некъ, бакъ долу 1илма вайн дегнашна хиера даккха къахьоьгуш. Вайн дегнаш чуьра бусулба - нохчийн орам бакъо дукха бахьанаш лелийна цу Делан мостаг1аша. Дуьззина Къор1анан 1илма а ца 1амадойтуш. И хьоьхуш болу вайн Эвлийааш а, устазаш а, 1еламнах а х1аллак беш, 1азап латтийна вайн къомана т1ехь. Уггар а хьалха 1амо дезаш дерг дара вайна Къор1анан 1илма. Дахарний, даларний йуккъехь цхьана пардунах дина ога бен ца хилар гойтуш. Т1аьхьарчу масех шарахь уггар а коьртаниг, Къор1анан 1илма 1амо аьтто баьлла вайна.

Со ала г1ерташ дерг: Тахана дерг кхана доцуш дуьне ду х1ара.
Кхин долчу 1илманел а хьалхара дерг ду Къо1анан 1илма. Тахана вайн аьтто болччара и 1илма 1амо къахьегар ду вайна коьрта. Вай кху телефон чохь байташ йоьшуш а, иллешка, эшаршка ладуг1уш йоккху хан а ца йолу вайн и Къор1ан 1амош. Цул совнаха вайна кху дуьненахь а, эхартахь а уггар а мехала карон йолу хан йу иза. Дуьнен чохь адамашна декъала некъ бовзийта, Дала кхиндолчу йозанел а, уггар а иэсехь атта соцуш, 1амо атта кхоьллина йоза ду иза. Шайт1ано ойланаш вайн керча йо, йуха хьийза йо, теша ца дуьтуш и вайна атта 1емарг хиларах.

Айса иэрна йайъина хилла хан и Къор1ан деша сайна  1емар дац моьттуш. (Иза а ма ду шайт1анан амал туолор.) ,,Т1аьхьа йисина со Къор1ан 1амо. Х1инца сан коьрто схьалоцур дац" бохучу ойлано сецош.
И бакъ дац.
Къор1ан 1амо цкъа а дац т1аьхьа. Вай доьшу ламаз - Бисмилла а дийцарехь санна ца хуьлу ша  доьшучу хенахь. Цхьана элпаца а нисдалар вайна совг1ате хир ду кху дуьненахь а, цу эхартахь а.

Аллах1 - Дела реза хуьлда цу тхан хьехархочунна, Хьуьсейнна! Ма хаза а, дика а, кхетош хьоьху цуо и Къор1анан йоза.

Сан хьоме Йижарий, Вежарий, цу Къор1анал деза кхин 1илма ца хилар вайна хууш ду. Хьовсийша и 1амо шайна а, берашна а, 1амонза верг!
Дахарехь вай сагатдеш долу дериг ирс а, къийсамашкахь толам а цу Къор1анан 1илманца бу - кх. Вайн декъала некъ бу иза.
Дала аьтто бойла вайн!
Дала иманехь нисдойла вай!
Дала, кху дуьнен чухула, эхарта вай деш долу некъаш, йалсаман чохь  совцадойла вайн!
Ларамца, Безамца шун Йиша!
***
Сайн дуьне дара сан, ас сайна кхоьллина,
Ирсана мел оьшург шена чу гулдина.
Дахаран некъ а сайн лааме берзийна,
Ас сайна ша - г1ала хиллера йоьттина.

Дуьненан ни1маташ,
Хьал бахам ца хилла.
Дахаран хьесап дан
Со ох1ла ца хилла.
Къуор1анан хьехам бен,
Нийса некъ ца хилла.
Аллах1е безам бен
Тешаме ца хилла.

Вежарий, Йижарий,
Сан дехар ду шуьга!
Кхетабеш, хьехалаш
Ирсе некъ доьзална.
Дуьненахь, эхартахь
Декъал некъ хилла.
Вайн Делан Къор1анца,
Гергарло хилар.;;
2023.
Дала декъала дойла вай а, массо бусулба а!!!


Рецензии