Кхетаман бустам

   КХЕТАМАН БУСТАМ


«Де доьхна ву-кха со...
Ваха-вАла меттиг а боцуш...
ТIетовжа стагга а воцуш!»…
- Аьлла тIевеънариг,
"Ваша ву!" ва олий,
ТIелоцуш хилла-кха
Вайн Къонахчу Дайша!

Шайца ва цхьана -
ДIанисвой,
Кхерчанах йовхо лой,
Латтанах дАкъа лой,
ХIусаман тIалам бой...
Охьа хаош хилла-кха иза...
Вайн оьздачу Дайша!

Боцучу аьттонца...,
Шен Дена - шен Нанас ва винчу Вешина,
Гаттуо хиларе ца хьоьжуш…
Цу халчу заманахь, таронах - таро йой,
Иштта тIелаьцнариг, нохчеха ву олий…
Куьйга кIела ва лоцуш
Хилла-кха… вайн Яхь йолчу Дайша!

Паччахьан Iедало...
ГIебартойн..., гIумкийн а, суьлийн а...
Элех шаьш тарбелла ва хиллачу кIиллошна...
Олалле нах берзон гIерташ,
Ва церан лаамаш тидаме лоьцуш...
Дик-дика, Даймахках, дакъош а хедош,
ДIатийлина вайн Латта!, хийлаза, кхоамза, къиза...

Тахналца а ду иза хам боцуш хьоьшуш...
БаркаЛлахI доцуш,
Пусур а доцуш!
Бусулба волчуьнга
ШариIат ва доьхуш,
АллахI а реза веш,
Нийсо а ва йоьхуш!

Вайн тахне, Вайн кхане...
Йезар-кха хила…
ЦАДИЦДЕШ ИЗА!

2019 шо, балабоссаран 7-гIа де.


Рецензии