Жималлийн оганах
Жималлин оганах тевжина,
Йилхира со, 1ана яхана.
Барз боцуш безамах битина,
Хьан кхалхар даго цалайна.
Амма хьан аматта – м деана,
Лаьттара схьахьоьжуш тийна.
Жималлехь санна цхьа эсала,
Сан б1аьра хьийжира г1ийла.
Хан – зама д1аидарх гена,
Ца волу хьо дагна хиера.
Цундела безамна сирла,
Сан деган шовданаш 1иена.
*****
Свидетельство о публикации №224011501256