Дахи вай, даллалц
Дахи вай.....
Ахь сайн некъаца лоьхучух кхийтира со.
Айса лоьхург иза дацахь а, хьоьца болучу ларамана, хьан хеттаршна жоьпаш луш, хьуна со бахьана долуш вас хиларна кхоьруш, хьоьга ладоьг1уш 1ийра со. Наггахь хьуна ларамаза юьхь дуьхьал хьажар нисделча, велакъежар юккъехула схьахьоьжура, мокхуочу басахь болу сингаттам. Суна ца ган тарлора и сайна цуьнан амат девзина ца хиллехь. Делахь а, бехк бацара хьан а...
Дуьненан г1иллакхаш лоьруш, дахарехь даккхий г1уллакхаш кхочуш деш, эхартан х1усам къаго а, г1ирс кечбеш лелачу хьан, сирлачу дахарна т1ехула 1аьржа т1ам баржош, беана хала мур бара, хьан ойла кхуолийнарг.
Ахь оццул шерашкахь безаман ц1арах йоьттина г1ала, х1ора дийнахь цхьацца т1улг бужуш, г1амарах аталуш, хьайн дагчу 1енаш гинера хьуна. Хьох дозалла деш, хьан дахаре ойла иръеш 1ийна, деган накъост, хьан дахарна мерза стом белла хьоме са дара и 1ожалло къастийнарг хьох.
Ахь цуьнан хам ца бина-м дацара иза.
Делан кхел ю-кх, адамаш зуьйш, лелаш.
Вуоха ца вуьйхира хьо. Ахь иза а хьайн дагчу д1адиллира, х1инцалц лайначарна т1еххула т1е. Иза дахарехь уггар хала а лоруш. Иштта ду-кх дуьненан г1иллакхаш.
Г1орасиз хилар ца дезаш, юха а б1аьрг бетта волвелира хьо дуьнене. Амма хьайна ирс лоьхуш вацара хьо х1инца. Хьуна хьайн ирс, хьайн доьзалан б1аьргаш чохь гуора. Уьш самукъане, боьлуш байча, велалуш, церан б1аьрг кхоьлича, дог доьлхуш. Хьуна хьайнна бисанера и бала. Муьлххачу а херонгахула чекхбуьйлу мох санна, халонаш эшош, заманах чекхвийла 1еминчу хьуна хала дара къар вала, цхьана денна а. Деган къайленаш ястар а дог1уш дац хьан амалца. Амма жималло ша лелавора, воккхалла лело дезаш ду-кх.
Мел деза ду-кх цхьанна текхо вокхалла. Цу т1е ма эга деригге шераш а. Д1аиханачу заманах йисинчу марзонийн а, т1едог1учу шерашца дуозалуш долчу гергарлонийн а. Наггахь жималлех а, къоналлех а дагавалар коьрте деача, и мерза а, къаьхьа а дагалецамаш бекъа, уллехь хьох кхеташ накъот хилча юха йоьрзуш а ма хета и доьналлийн зама, цхьана м1аьргонна. Со-м кхета хьох. Суна-м сайх а къа хета, иштта ойла йича. Адам даха дезаш ма ду, диег1а чуьра са д1адаллалц. Къаналлийн бахам бу-кх, д1аяханчу заманан уьйриг баста дагадеъча, уллехь тай уозош, дакъа лаца адам хилар. Бакъ дерг аьлча, со а кхоьру х1инца дахаран накъост лаца.
Со кхоьру, тохара жималло ницкъ луш, доьналлехь гайтиначу даго, юха дахарца марзонан уьйр лаьцна, къастаран зама еача, кхолламца бакъонаш къийса а х1оьттина, суо юьхь 1аьржа х1отторна. Сан дог а ма ду дахаро къийзина, зарзделла.
Т1аккха а ойла йича, х1ун юьхь 1аьржо яра иза? Дахаран чам тазбелча , иза къахьбала ца буьтуш, вовшен г1ортораш а хилла, дуьненачохь даьхна ши адам, хьалхий, т1аьхьий лаьттан кийра дижча?
Дахи вай, даллалц?!
******
Свидетельство о публикации №224011501257