и аьзнаш
*****
Генахь дац и аьзнаш,
дехьа чохь санна уьш хета,
Х1ора г1улч ас йоккху,
дуьненахь т1аьххьара лоьруш.
Ялсман хьозарчий шакаршца, соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу - кх, цхьа парду,
1ожалла бен чекх ца йолуш.
Къинт1ера яьлла со даггара дериг дуьненна,
Къинт1ера далар а доьху ас 1аламга дуьнена.
Лелла яц дахарехь аьхналла лоьхуш сайн сина,
Ткъа марзо лаьхна ас дуьненахь массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу дозанан юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу, чот етташ, къа-мел а узуш.
Оьмар ас диканех юттуш ерг, соцуш ю юккъехь,
Лийринарг яра е'ха, т1аьхьенан некъ ирсах буцуш.
*****
Свидетельство о публикации №224011501271