Живи, чечения
Малхбалера,
Вайн Даймохк
Серла а боккхуш,
Малх
Моссаза а
Iуьркъенна сахиларца гIотту...
Шен рожехь,
Малхбузехь...,
Эльбарзан бохь
Шен зIаьнаршца хьоьстуш,
Иза чу моссаза бузу...
Лаьмнашкахь
Зевнечу мукъамашца
Шовданаш буха мел дуьйлу...
Вайн Сийлахьчу
Цу Къанойн
Iуналлин ка а мел лаьтта...
Оьздачу ЙоIа
Шен Сий а мел лардо...
Жимачу Къонахчо
Шаьлтанан и мукъ
Шен буйнахь мел къуьйлу...
Кавказан лаьмнийн
Анайист аьрзоно
Тергонехь мел латтайо...
Яхь,
ГIиллакх,
Нохчийн мотт,
Сий... кхобуш даиман дехар ду...
Нохчийн къам...
Хьан доьхьа,
Нохчийнчоь!
Свидетельство о публикации №224011901544