Гуьйренца... даймахке дешнаш
ДАЙМАХКЕ ДЕШНАШ
Даймохк!...,
Йуха а къагий хьо
Исбаьхьчу варкъашца,
ЦIеначу шовданийн
Зевнечу мукъамашца,
Гуьйренан беркатца,
Нуьречу
Маьлхана зIаьнаршца,
Дарбане хIаваъца,
Стигларчу мархашца...
* * *
Хьан доьхьа сан вахар,
Дуьненан сагIа,
Сатийсам, лаар а
Кханенга вала...
* * *
Хьо ирсе мел беха -
Со а ву ирсе!
Хьо маьрша мел беха -
Со а ву маьрша!
Свидетельство о публикации №224011901707