Аьхкенан догIа

   АЬХКЕНАН ДОГIА


Бешарчу диттийн
Генаш а лестош,
Мох гIаттийна, бодане
Мархаш а гулйеш…
Къиекъачу стиглашкахь
Хаьштигаш йетташ,
Кхечира вайн эвла
Аьхкенан догIа.

Со лаьтта хIоьттина
Кхалорна кIелахь,
ЛадоьгIуш догIучу
ДогIанан гIовгIане…
Iаламна кхачо йу,
Хьаьгна иза делахь…
Синтемна паргIато – 
Йовхонан товхонехь.

Стиглане хьала
Керайукъ йерзийна,
Шелонан, кIедачу
Буьртигех терра,
Куьг дашош,
ДогIанан тIадамаш
Лоьцу ас,
Воккхавеш...,
Бераллехь санна.


Рецензии