Йерзанза чов

   ЙЕРЗАНЗА ЧОВ

ДогIанца ломара чухьоду Iовр,
Совдоккхуш Органан декаран гIов…
Ткъа олхазарш декара, ца хезаш дов,
Шелвелча, дагайогIу аьхкенан тов.

Динбере, цу йукъана, воьдучу новкъа,
Жималлин ойланийн дIакъахкош шовкъ,
Iаьмнашкахь гул а луш, татолаш хьовду,
Стигал а йолало хаьштигех къовкъа.

Иштта ду даима хIоттаман товр…
Цкъа догIанаш, шело…, шен хенахь йовхо.
Дина вуо йухадоьрзу, амма дика ца дов.
Тешамах воккхушйерг лоруш йу шалхо…

Даьхница вукъаваларх, ма-баха «бIов»…
Оьздаллица дижаде кураллин зIов.
Сонталла лерина гIиллакхна дIовш…
Вахарехь беркат дерг – хьанала зовкх.

Баккхийчара олуш дара: «Хилийта ворданца говр…
Хьекъалца дерзадан, валаве ховр…
Гуьйренан билгало – гIарагIулийн ковра…
Ма долийла нохчашна йуккъехь дов!»

Йуьйцинчу кертанна хIоттадо ков,
ГIишло а хуьлуш йац ца хилча тхов…
Тарх огуш тIоговзас лелайо жIов,
Хьокхучу йалтанна барам бу цIов.

ЦIергахь даьгнарг чим хилла дов,
Маьхкдаьтта кхачийча, чиркх а ма-бов.
Вай лайнарг дагадеъча – даганна ов,
ХIинца а йерзанза лазаме чов!

2019 шеран товбецан 11-чу дийнахь.


Рецензии