Даккха са маьрша

ДАККХА СА МАЬРША


Цхьа кIеззиг бен йоцучу
МIаьргонна...,
Сацайай
Хьайн хьере ойланаш,
ЛадогIа...,
Буьйсенан тийналлехь,
ТулгIенаш йекош,
Текхаеш, керчаеш
И ламан тарханаш шеца,
ДогIучу (чехкачу)...
Цу Мартан мукъаме...
Дахаран
Хиламийн йийсарехь
Йолу хьайн
Син-дегIан паргIато...,
Йаккхахьа са-маьрша,
ПIелг тасий
Дечига пондаран мерзах!

2007-чу шарахь.


Рецензии