Хьалхара хьесап

    ХЬАЛХАРА ХЬЕСАП

Къомо шен мотт дIатесчи -
Оцу къоман йуккъера ГIиллкх дIа долу...
ГIиллакх дIа даьлчи -
Адамийн вовшех болу Тешам дIа болу...
Адамашна йуккъера Тешам дIа баьлчи -
Оцу къоман йуккъехь харцоно толам боккху...
Харцо тоьлчи -
Зулам даьржа,
Нахана йуккъера эхь-бехк дIа долу,
Ша деллачу дашах
Жоп дала Да а ца вуьсу...,
Къонахийн хIу а хеда.
Цулла дехьа -
Нахера адамалла дIа долу
И нах акхаройн хьесапе а боьрзуш...

АллахI-Дала лардойла вай иштта дАкъаза довларах!


Рецензии