Сема ойланаш
Гуьйренан буьйсе…
Беттаса стигал…
Iуьркъене лесташ
МIаьргонаш йолху…
Ма-хийла Къонахчо
Ларийна ишттаниг,
Ма-хийла некъахо
Нийатехь чIагIвина,
Ма-хийла кIиллочо
Лечкъина йаьккхина…
Ма-йАха, хIай зАма,
Карзахе сан ойла…
Ма-къийла, дуткъделла,
Кийрара дог…
Йерзийта дахарехь,
Зуьйш йина чевнаш!...
Гинарг а, Лайнарг а…
ХIинца а ду дIатеза,
Йух-йуха Iийжош…
Лазаме эвнаш…
Ма-хийла дОхано,
Дуьне а цхьана,
ТIех дукха дезаро,
Ваьккхина стогаллах,
Адаман сибатах...,
Йахьенца гIийланиг…
Вохийна шен дашах,
Хадийна гIиллакхах,
Шен цIийнан нахах,
Цхаъ бен воцчу вешех а…
07.10.23.
Свидетельство о публикации №224012900595