Шуьшиннах къаьстина...
Шуьшиннах къаьстина Да, Нана,
Ас бахам ца лаьхна сайна.
Шуьшинна са дууш леллехь а,
Там лийринера ас шуна.
Даима сан хьоме, Да, Нана,
Шуьшиннан марзонах хьоьгуш.
Шун безам ма бара ас лаьхнарг,
Геналлехь г1улчах - г1улч тоьгуш.
Ткъа х1инца тоам беш дахарах,
Ас некъаш тир йоккхуш, говза.
Ц1а дерзий шуьшинна марзонах,
Дог 1абош, хан йаккха меза.
Маржа йа1, тешнабех хьо дахар,
Хан йоцуш, 1ожаллийн тоьхна.
Вовшиеха хьоьгуш, схьагулдинарг,
Ма байлахь дуьту ахь, иэрна.
Ца кхуьуш дог хьаста, доггаха,
Дозалла дайта а сайх.
Д1адели шуьший а Да - Нана,
Йуьтуш со аганар берах.
Шуьшиннах къаьстина, кхин йуха,
Ца 1емаш дуьненахь йаха.
Со лела, до1а деш вайн Деле,
Йалсаманехь доьхуш вайна дакъа!
******
Свидетельство о публикации №224012900700