***

Шен да ца лийринчо
Мехкан да лорур вац
Шен кхерч ца ларбинчо
Шен мохк а ларбийр бац.

Хьайн ден сий дожийнехь
Хьо к1илло ву хьуна
Мехкан сий дожийнехь
Хьо нохчо вац хьуна.

Шен кхерч ца лийринчух
Шен кхаьрча да хир вац
Даймохк ца лийринчух
Даймехка да хир вац.


Рецензии