***

Мерзачу кхачанах хьайн зорха йузийна,
Дег1ана там лехна и парг1атдаьккхина,
Синкхача ца кховдош и меца дитина,
Г1елдина вог1у хьо доцачу дахарехь.

Ахь дезаш кхаьбна дег1 тишлур ду хьуна,
Кхача а къахьбелла г1еллур ду хьуна,
И лаьтте доьрзу хан кхочур йу хьуна,
Хьан б1аьра, г1ийла са хьожур ду хьуна.

Бехк боккхуш цо хьайга жоп деха доьлча,
Хьо дохко вера ву и г1ийла латторна,
Кхачанца г1ело йеш и меца латторна,1еса дег1 толийна и т1аьхьатеттарна.

Аш синош кхабалаш кхача ца кхоабеш,
Дег1ал уьш толадеш совдаха хьовсалаш.
Дег1ан чалх д1атесна и парг1атдаьлча,
Синошлахь г1ийланиг иза ца хилийта.


Рецензии