***

Х1оранна а Дагах кхеташ
Массарна а хаза хеташ
Цхьа байт йазйан лаам хилла
Со тахана вахьахиъна.

Безам бийцич х1ун дар теша?
Йа жималла, йа хазалла?
Йа къаналла, къонахчалла?
Йа Даймахках дош эр теша?

Йа Нанойх йазъер теша?
Цуьн йозалла йуьйцур теша?
Йа х1ораннийн дег 1ийжамах
Т1амах лаьцна дуьйцур теша?

Йа турпалхой хьахор теша?
Махкана шеш хьанал хилла
Са цакхоош майра лаьтта
Хеназ хедаш г1азот хилла.

Билгал баьлла бийцам боцуш
Байт йазъйан а атта дац
Йа хьо билгал поэт вацахь
Лаам хиларх пайда бац.


Рецензии